Путин Владимира кхоьллина йолу Къоман гварди – иза цуьнан шен долара, цуьнан цхьаннан буьйранна кIелахь долу эскар кхоллар лору дуккхаъчу Малхбузерчу аналисташа.
Цу хиламах лаьцна дуьйцучу артиклехь The Financial Times газетано Оьрсийчоьнан президент Ширачу Римерчу императорца вусту, шена кхераме хьал хIоьттинчу муьрехь халкъана а, шен гуонна а тIехь йолу терго шен карара ца ялийта шена цхьанна муьтIахь долу эскар кхоьллина волчу.
„Путин Владимира Оьрсичоьнна тIехь шен ницкъ чIагIбархьама гIулчаш йоху. Масех эзар стагах лаьтташ йолу керла Къоман гварди кхоьллина цуо, „стероидашна тIехь лаьтта гварди“ шех ала йиш йолу“, - иштта язло артиклан авторша.
Уьш тешна бу, Кремлан коьртачу гIентан да кесталгIа шен махкахь бахархоша гIаттам барх кхоьруш ву, аьлла.
Амма могIарерчу бахархойн резадацарел а чIогIа Путин Владимир ларлуш хета Файненшнл Таймсан журналисташна шена гуонахьарчу финансийн элитийн гIаттамах.
ХIунда аьлча Путинан политикана дуьхьал Малхбузено яьхна санкцеш бахьана долуш цу элиташна даккхий зенаш хилла, хIинца а хуьлуш а ду. Керла кхоьллинчу Къоман гвардин коьрта Iалашо – иза Оьрсийчуьра адамаш буржалшкахь латтор хилла ца Iаш, элиташ а буржалшкахь латтор ю бохуш яздо хаамийн гIирсо.
Цхьаьнатоьхначу Штаташкара Стартфор цIе йолчу талламийн-аналитикан центран белхахоша а яздина шайн рапортехь, Путин Владимир керла нуьцкъаллин структура кхолларца а, цуьнан куьйгалхо дукха хенахь дуьйна шена муьтIахь волу инарла Золотов Виктор хIотторца а „шен администраци пачхьалкхан карчаман кхерамах ларйан дагахь ву“, аьлла.
„Цу хIумано ойла кхоллайолуьйту, Кремлан да шена кхин дIа йолу нуьцкъаллин структурш, масала, къайлаха сервисаш, я чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин эскарш, ур-атталла тIеман министралла а муьтIахь дуьсурий -те, нагахь санна карчам хуьлуш хилахь бохучух шек ву, аьлла. Хетарехь, Путин шел хьалха Оьрсийчоьнан президент хилла волу Елцин Борис санна кхераме хьолехь цхье ца виса гIертачух тера ду“, - иштта ду аналистийн жамI.
Германерчу тIеIаткъамечу Франкфуртер Аллгемайне Цайтунго а яздо, Путин Владимир хIинца керла структура кхолларца шен карахь кхин а алсамох Iедалан архаш сацон дагахь ву бохуш. Цуо цу гвардин куьйгаллехь шена муьтIахь болу нах хIитторна цу наха кесталгIа Оьрсийчохь хила тарлуш йолу социалан протесташ а, къепедацарш а юхатухур ю аьлла тешна ву цу газетин аналист Фезер Райнхард.
Оьрсийчохь нуьцкъаллин структурин къелла янне а йоцушехь, ткъа юкъараллин милитаризаци яккхийчу гIулчашца йоьдуш йолшехь цу пачхьалкхан президенто кхин цхьаъ Гварди кхоллар иза шен кхерамазаллех шек хиларца доьзна хиларх шеко яц элира Маршо Радиоца къамелехь Европерчу стратегикаллин талламийн центран белхахочуо политолого Асхабов Хьамзата.
Цунна хетарехь, цу гIулчано гойту, Оьрсийчохь кхераме хьал кхоладелла хилар.
Асхабов: „Нуьцкъаллин структураш Оьрсийчохь шортта ю, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь а хилла ца Iаш я полисхойн ницкъаш хилла ца Iаш. Ткъа уьш оццул дукха йолшехь Путинс хIинца керла Гварди кхолларо гойту, Оьрсийчуьра хьал карчам хила герга доьдуш дуйла.
Цу гвардина цуо елла йолу бакъонаш вуно шуьйра ю, амма цуьнан коьрта Iалашо, хетарехь, Iедална резабоцуш арабевлла болу нах юхатохар хир ю“.
Хьахон догIу, Охан - беттан 5-чу дийнахь Оьрсийчоьнан президенто шен омрица кхоьллина йолу керла Къоман гварди терроризмаца а, корта бахон молхнаш лелорца а къийсам латторан Iалашонан кхочуш еш хир ю.
Цуьнан куьйгалхо хIоттийна волу инарла Золотов Виктор хьалха Путин Владимиран кхерамазалла ларйеш вара, иза Оьрсийчоьнан президентан уггаре а муьтIахьчу гергарчу гуонера стаг ларалуш ву.