ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъайистошца напха лоьху нохчийн базархоша

Нохчийчохь дуккха а ю некъан йистошкахула хIиттийна базарш. Мехаш "Беркат" базарахьчул а лахара хуьлу, хIунда аьлча, дукха хьолахь шайн бошмашкахь кхиийна стоьмаш, хастоьмаш бухку бахархоша доьзале напха кхачорхьама.

Дукхахберш юхкурш я пачхьалкхан балхахь а боцуш, я кхин тIедогIуш сом а доцуш, миска нах бу. Кху деношкахь Маршо Радион фотокорреспонденто тидаме ийцира Аьрга-Хишкара (Серноводск) Соьлж-ГIала боьдучу "Кавказ" трассин йистехь хIиттийна кегийн базарш а, церан ассортимент а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG