ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гиннесан тептарерчу университетехь


Марокко --Фес гIалахь зудчо 859-чу шарахь йиллина университет, 2016
Марокко --Фес гIалахь зудчо 859-чу шарахь йиллина университет, 2016

Дуьненчохь дуьххьарлера университет, хIинца а болх беш йолу, Мароккерчу Фес гIалахь ю.

Дуьненчохь хIинца а болх бечех уггаре а шира унирвеситет Гиннесан рекордийн тептар юккъехь хилар цецвала хIуммаъ дац. Амма тамашийнарг ду, и университет я Кембриджерниг, я Сорбоннера ерг, я дуьненчохь уггаре а алсамох политикаш я урхаллин куьйгалхой а арахецна лоруш йолу Итон а йоцуш, Марокко пачхьалкхарчу Фес гIалара ДжамиIат ал Къарауин университет хилар.

859-чу шарахь схьайиллина йолу иза бусулба дуьненан уггаре а мехалчех а, яккхийчех а дешаран кхерч ю, хийла бусулбачарна хилла ца Iаш, доллучу дуьненан а културина мехала тIеIаткъам бина болу Iилманчаш а, философш а, Iелимнах а арахецна йолу.

Фес гIалин юккъехь Iуьллучу Фес ал Бали урамехь ю и ша-башха дешаран кхерч. Бакъду, цига кхача арабевллачеран ехха леха еза иза, хIунда аьлча гуобаьккхина базаро къайлаяьккхина иза хиларна.

Базарара йохкархойн маьхьарш, церан къорза баргалш а, духарш а, тIера кIур хьала гIуьтту бес-бесара даарш а, нехийн барзаш, цкъунаш, цу цкъунаша тIундина университетан гуонахьара пенош, мерах чекхйолу боьха хьожа – хала хеташ делахь а, иштта томехь доцу сурт го Ал Къарауин джамиIатан тIекхача луучунна.

Morocco -- University in Fez, founded by Fatima al-Fihri in 859
Morocco -- University in Fez, founded by Fatima al-Fihri in 859

Ойла кхоллало, цу кепара мехала хазна – дуьненан уггаре а шира лакхарчу дешаран тушпхь муьлхачу а Европерчу пачхьалкхехь хилча, ма тера хьал хир дацара цунна гуонахьа, ма безамца а, Iуналлийца а цIанонехь латтор дара цунна тIедоьлху некъаш, ма аьхна таронаш йина хир яра Iедало, доллучу дуьнентIера туристашна цунна тIекхача, аьлла.

Ша ал Къарауин университет, шен тховкIелахь вайн заманахь джамиIат хилла ца Iаш, кхин Африкехь уггаре а доккхаха долу маьждиг а, бусулба Iилманаш Iамош йолу медресе а йолу, вуно ша-башха хатI а, архитектура а йолуш ю. Цу чуьра маьждиг 22 эзар стаг ламазна чуховхуш ду, цуьнан момсар 30 метар лекха ду.

Маьждиган уьйтIахь цIеххьана дIасоца арахьарчу базарара сел гIовгIане детта маьхьарш, цу уьйтIарчу фонтанаш чохь ловзучу хин гIовгIий, ламазна гулбеллачу бусулбачийн гIовгIа бен ца хезаш.

ХIунда аьлча, туристаш Ал Къарауинан кхерча бовлушехь къастабо, университете хьовса баьхкинарш цхьана агIор, ламазна баьхкина бусулбанарш маьждиган агIор.

Къаьстина, Истамбулера сийна маьждиг а, ГIажарийчуьрчу Исфаханера цIарна цIеяхна маьждигаш а гинчул тIаьхьа, ал Къарауин маьждигна чохь хетало, бусулбачийн Далла Iамол йон кхерчаш иштта хуьлуш хилла хир ю-кх дин кхолладеллачу заманчохь, совтIеха сонталла а йоцуш, и дIогара дIаса къорза дезна кузнаш а доцуш лаьтта дехкина, тхевнех ихкина инзаре еза люстарш а йоцуш.

КIайн горга бIогамаш, лаьттахь бамбуках бина шога палсанаш, тхевнех а, пенош а дIадиттна меттигера магIрибийн Iадатехь стогарш- Делаца къамеле вала новкъа хIумма а доцуш, дуьненан Iаламаташ суьпа ойланашна Iаткъам а ца беш.

Делахь а, ал Къарауиняхь коьртаниг – иза джамиIат ду, латинхойн маттахь аьлча алма матер я вайна Iеминчу цIарца - университет. Цу университетан башхалла ю иза 9-чу бIешарахь зудчо- бусулба зудчо, аль Фахрие ПетIамат цIе йолчу, йиллина хилар. Венерчу университетан профессоро Ел Абдауи Халида Маршо радиога дийцира цунах лаьцна.

Ел Абдауи Халид: „Ал Къарауин университет а, цу чуьра маьждигца цхьаьна, дуьненчохь уггаре а ширчух университетех ларалуш ю. ЧIогIа интересе ю иза кхоллаяларан истори. ХIунда аьлча, цкъа хьалха медресе а, маьждиг а санна иза схьайиллинарг цхьана зудчуьн Фахрие ПетIаматс кхоьллина йолу фонд ю.

Вайназаманахь Тунис ларалучу пачхьалкхера хилла иза ша. Цуьнан дас, ша леш, дуккхаъ ахча дитина хилла цу зудчуьн. Ткъа цуо цу ахчанах фонд а кхоьллина, цунах хIара университетера маьждиг а, тIаьхьо мадраса а схьайиллина“

Вуно тамашийна синхьаамаш кхуллу, дуьнентIера уггаре а шира университет бусулба зудчо цу заманчохь йилла йиш хилла бохучун ойла йича. Тамашийна южу ойла, и зуда Фахрие ПетIамат тахана бусулба дуьненна йовзанне а евзаш а яц, цхьа-цхьаццачу Iилманчашна бен, я цуьнан деш сий а дац, и цунах дагалецамаш кхобуш, цуьнан цIе яржош беш болх а бац бусулбачу пачхьалкхашкахь бохург дагадеъча.

Хетало, и зуда муьлхачу а Малхбузерчу махкахь йина а, цо цигахь ша динарг – дуьненчохь университет а, лакхарчу Iилманийн тушпхьанаш а хIун ю а ца хуучу заманчохь дуьххьарлера цу тIегIанера дешаран тушпхьа цхьаеллар – дина хиллехь, цуьнан цIе тиллина хир яра иттанаш кхечу университеташна, цунах лаьцна кишнкаш а, Iилман белхаш а язбеш хира бара Iилманчаш, цуьнан цIе а маркетологаш яржийна хир яра, хIора а туристана йовзуьйтуш, аьлла.

Ел Абдауи Халид: „ Суна хетарехь, цо гойту, хьалха заманчуьра бусулбанаш дешарца-Iилманца долчу хIуманна тIехь кхиаме хилла хилар, хIинца вайн заманахь юкъараллин кхетамехь а, дискуссешкахь а моьттучул а дуккхаъ а кхиамех. Хетарехь, хьалха цхьа а цец ца волуш хIума хиллачух тера ду, бусулба мехкашкахь зударш меценатш санна а, фондаш кхоллархой санна, дешаран кхерчаш схьабеллархой санна а жигара хилар.

Амма и дерриг а бусулба дуьнено Фахрие ПетIамат хила а ца хилча санна терго ца еш дуьтуш ю. Стенца доьзна ду-те иза, бусулбачара шайн мехалчу цIерийн сел сий ца дар? Дуьххьара университет йиллинарг зуда хиларца доьзна-м дац -те иза? Ел Абдауи Халида дуьйцу.

Вайнзаманахьлерчу бусулбчарна – зударшна а, божаршна а- дика масала хила йиш ю цунах, цаьрга цуьнан дахаран некъана тIе а тевжаш, алсамох дешарна гIортор ян а, дешарна а, Iилманашна а инвестицеш ян а“.

Ал Къарауинехь иза Iиллича дуьйна бусулба динан Iилма Iамийна ца Iаш, иштта грамматика а, математика а, риторика а, медицина а, астрономи а, хими а, мукъамаш а, доцца аьлча цигахь ца Iамош хилла Iилма карон хала ду. Ткъа цуо арахецначу Iилманчашна юккъехь бу тахана а доллучу дуьнентIехь шуьйра бевзаш болу Iилманчаш Ибн Халдун а, Маймонид а, Ибн Iараби а.

XS
SM
MD
LG