Кхо синхаам
Сайн иллийн хIусамехь баьрчче мотт биллина,
ДIабижо кечби ас кхо синхаам.
Царна хIуо кхетийта, деган кор диллина
Хьийза сан уггаре оьзда лаам.
Хьалхара синхаам езачун бIаьргаша,
Геннара схьакъежий, гIенашла хьо.
Шовданан коьрте дIабигийтар цаьрга ша
Набарха даима далхадо цо.
ШозлагIа синхаам, ненан дог хьаьстина
Баьлча бен, цхьанна а тхьаьвсаш ца го.
Тем боцу наб хуьлу йийриг цо къаьсттина —
Минотехь эзарза бIаьрг боьллу цо.
КхозлагIчо, хийлазза вонна некъ бихкина,
Нисди сан кхолламан гара сизаш.
Набаран суй банза, ондда юкъ йихкина,
Даймехкан ойла еш, Iаш бу иза…
Ойланийн сирла мотт царна кIел биллина,
Сан кхуьй а синхаам хьоьстуш со Iа.
Хьалхарчу шиннан наб ларйо ас виллина,
КхозлагIчо гонаха хIоттадой ха…