ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юсупов Iилман. Туьйсуш сан дагтIе...


Нохчийчоь - Ведан
Нохчийчоь - Ведан

****

Туьйсуш сан дагттIе шайн гIайгIанан мекха,

мохк къуьйсу олхазарш, Iаьршашкахь тийжа.

Сан иэсехь хьан лаьмнийн IиндагIаш текха,

сан массо ойланехь хьан лазам Iийжа.

Кегаеш хеддачу сан уьйрийн нехаш,

Царалахь ца юьтуш цуьрриг а йовхо.

Хьоькхуш ду хийрачу кху мехкан мехаш,

Iалашо лаьцна сан дог-ойла йохо.

Сан са хьан са хилча, хьайн ломан гIергIа,

ас йоккхуш йолчу хьайн сийлахьчу цIеран,

Йилбазан мох хилий а, гIортахьа герга,

Нохчийчоь, узамна сан хIора шеран.

Юсупов Iилман нохчийн поэт ву. Цо чекхъяьккхина Нохчийчохь юккъера школа а, А.А. Ждановн цIарах йолчу Ленинградан пачхьалкхан университетан историн факультет а. Белхаш бина школехь, газетийн а, журналийн а редакцешкахь, иштта Нохчийн Республикан Ичкерин дешаран а, Iилманан а министерствехь министран хьалхарчу гIовсан даржехь. Юсупов Iилман поэзин ворхI книгин автор ву: «Заманан мазлагIа» (1991), «Доьналлин маьждиг» (1997), «Иэсан гIу» (1999), «Нохчийн кхерч» (шведийн маттахь, 2011), «Илли а, мухIажаралла а» (гIазакхийн маттахь, 2015), «Хьан кхерчан суй» (2015), «Иэсаца къамел» (2016). Юсупов Iилманан байташ араюьйлу нохчийн, оьрсийн, украинхойн, болгархойн, шведийн, ингалсан, испанхойн меттанашкахь. 2001 шарахь дуьйна эмиграцехь ву иза. Карарчу хенахь Швецехь вехаш ву. 2015-чу шарахь Швецин пачхьалкхан яздархойн Союзо шен могIаршка дIаэцна Юсупов Iилман.

XS
SM
MD
LG