“Грозный Авиа” компанина дихкина кхечу махка нах дIасалелор
Нохчийчохь хиллачу шина луьрачу тIамо нохчий къам дуьйне мел ду дIасадаржийна. Дукха бу Европехь, Туркойн махкахь, кхечу махкашкахь нохчий доьзалш. Коьртачу декъана, цIера тIемца я тIемца йоьзначу халонийн бахьанехь арабевлла нохчий керла дахар кхечу махкахь доло. Арабевллехь а, царех дуккхахберш хIинца а хьега шайн махках, аьтто баьлча цхьацца некъашца цIа а хьовду хьомечу Даймахках бIаьрг тоха а, гергарчу, безачу-бевзачу нахах марзо эца а. Къаьстинна, кешнашка веллачу ден я ненан, я кхечу гергарчуьнан каш тIехIотта лаьа царна. Кхечу махкахь доьзалхой нохчийн гIиллакхаш, нохчийн мотт ца хууш хьалакхиар хета дукхачу нохчашна къаьстанна Iовжаме. Аьхка дайша а, наной а кхечу махкахь бина, я жималлехь дIабигна доьзалхой хьовсабо аьхкенна цIа нохчийн мотт Iамо а, карлабаккха а, гергара нах бовзийта а, нохчийн ламастех, гIиллакхех уьш буллийта а.
Нохчийчохь тIом дIабаьлча кхолладеллачу хьоло кхечу махкахь беха нохчий тешийра кеста церан цIа боьду некъ дукха а аттах а, маьрша а хирг хиларх. Хьалайинчу, хазйинчу гIалахь, цIанйинчу ярташка сихонца кхача луу нохчий дукха бара, хIинца а болуш бу. Москох я оьрсийн кхечу гIала а боьлхий, цигахь я де-буьйса доккхий, я масийтта сохьтехь аэропортехула кхерстий, Соьлж-гIала доьдучу кеманца кIадбелла кхочур уьш цIа. Дукхахберш тахана а буьззанчу барамехь некъан хало а Iовший кхочу цIа.
Нохчийчуьрчу меттигерчу Iедало кест-кеста дIахьедарш дора кеста Соьлж-ГIалара Европе кеманаш дIасалелар ду бохуш. Цу дIахьедарша дог тешадора Даймахкана арахь бехачу нохчийн цIа баха некъ кеста аттах хиларх. ТIаьхьарчу хенахь “Грозный Авия” компанин кеманаша Соьлж-ГIалара Эрмалойн махка а, Китае а лелабора пассажираш, ткъа оьрсийн тIеман кема туркойн эскаро чудаийтале хьалха хIора кIирнахь Истанбуле а лелара Соьлж-ГIалара кема. Вайна ма-хаарра, Эрмлойчоьнна чу а, Китае а лела кхин гIуллакх долуш дукха нохчийн бац. Дукхах болу нохчий Соьлж-ГIалара Малхбузерчу Европан цхьана гIала кема дахаре сатесна бара. Цунах кхета атта ду - Оьрсийчоьна арахь беха нохчий уггаре дукха бу цигахь бехаш.
ДIадаханчу шеран гIуран-баттахь Росавиацино дIахьедира “Грозный Авиа” компанин кеманашна бакъо лур ю кхечу махкарчу кхин а дукха гIалашка дIасалела, аьлла. Ткъа охан-беттан 19-чу дийнахь Росавиацияно кхечу махка лела бакъо лун сертификат дIаяьккхина “Грозный Авиа” хIаваан компанера. Дина омар цу дийнахь Росавиацин агIонна тIехь дара. Росавиацин дешнашца и сацам бина “Грозный Авиа” компанин лаамца. “Грозный Авиас” и лаам дIахоийтуш кехат чуделла хиллера охан-беттан 14-чу дийнахь, хуийту Росавиацино шен агIонна тIехь. “Грозный Авиан” агIоно ма-хаийтарра цуьнан долахь 4 кема ду, царах хIоранан бакъо ю Оьрсийчохь а, кхечу махка а нах дIасалело. Цкъачунна, “Грозный Авиас” комментари ца йина компанина кхечу махка нах дIасалелор доьхкучу омран хьокъехь.
Нохчийчуьрчу зорбано а, кхиболчу хаамийн гIирсаша а терго ца еш битина и хаам. Даймахкахь бехачу нохчийша, Даймахкана арахь бехачу нохчийша а, дийцаре ца даьккхина и Россавиацин омра, амма Нохчийчу кеманехь кеста баха аьтто хиларна сатесна Iаш болу Европера а, кхечхьара а нохчийн кхиндIа а собардан дезар ду шайн сатийсам кхочушхиларна, ткъа мел дехха собардан дезар ду – цунна жоп дала хууш, схьахетарехь, цхьаъ а вац.