ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бексултанов Муса. Iаки. (1 дакъа)


Нохчийчоь, Тевзана, 2016
Нохчийчоь, Тевзана, 2016

IАКИ (1 дакъа)

Хьалха, тхо кегий долуш, ярташ цхьа тамашийна хаза хуьлура, массеран а цхьатера бахамаш а болуш, хIинцлера сонталлаш а, цабашарш а доцуш вовшех, хIора а юьртахь бохург санна, шен-шен Iовдал а, хьераваьлларг а, шен пуьташ буьттург а волуш.
Тхан юьртахь кхо Iовдал вара: Дурдий, БIончIий, Iакий. Наха олур-кх царна иштта, тхуна-м – берашна – царел дика нах дуьненчохь а бацара кхин, тхан хеннара болуш санна бара-кх уьш, тхуна санна бен, кхин хIума а ца хууш, амма хIора а шай-шай разведчик хилла вуй, полковник вуй, бохуш, хабарш а дуьйцуш, лелаш. Мухха делахь а, массо а полковник хуьлуш вара-кх уьш я разведчик, инарла а, маршал а воцуш, Сталинна тIара тоьхнарш мел дукха бара. Нохчий цIера баьхна аьлла…
Амма тхан доттагIчуьнга – Iакига – кхочуш цхьа а вацара.
Iаки ша кура са дара, бIаьргашна тIетаIийна хурашкин лаба а хуьлуш – аьтту агIор раз йоккхий, – тIелетта (резинкин йолуш санна ) Iаьржа хеча а лелош, даим логах хьарчийна гуш шипонан йовлакх а долуш, маттаца багахь папироса а ловзош, гуттар эвлаюккъе хуьлуш, жа юккъехь бож санна, массарах къаьсташ а волуш.
Суна корах арахьаьжча гуора иза, ишколан корах. Цунна гонаха нах хуьлура: гIовгIа, беларш, детта тIараш, туьппалг санна, лоха, горга, гуона юккъехь лаьтта Iаки а.
Суна воккхахила лаьара тIаккха, катоьхна воккха а хилла, Iаки санна, кура хила, цуьнан санна хурашка а, ира бохь болу Iаьржа мачаш а йолуш.

ВорхIалгIачу я борхIалгIачу классехь вара моьтту-кх суна суо, Iакин хабарех дуьххьара цхьа хабар сайна хезначу дийнахь. Со хIетталц цкъа а Iакина юххехь хилла вацара: тхо, бераш, баккхийчара ца дуьтура цунна уллохь я Iаки ша а вацара берашца кхин уьйр йолуш, мелла а баккхийчаьрца бен, шен хеннара хьала а боцуш, итт, пхийтта а шел жимачаьрца.
Iакин шераш хууш цхьа а вацара, нах Казахстане дIабуьгуш, цIера дIавигна ву бахар бен. Бакъду, воккха-м ца гора иза. Даим ша хилларг вар-кх, дуьххьара ша хьуна ма-гарра, цхьа кIайн чо а балаза, тоьпара баьлла хIоъ санна, кхоьссина долчу боларца. ХIаъ, цу дийнахь, нанас суо эвлаюккъе туьканара шекар эца вахийтинчу дийнахь, сайн шичица гира сунна Iаки.
Малхбузаран хан яра, де суьйренга лестина хан. И шиъ, теIа-теIаш, туькан чуьра ара а ваьлла, нахана юьстахуо – шиша долчух тера дара цу шингахь, – кертийн яххашкахула – новкъахула а ца воьдуш – лестачу тIел дехьа а ваьлла, шайтIан Iинчу дIавирзича – кегий нах, къаьркъа а муьйлуш, кехатах ловзу дела олура цунах шайтIан Iин, – ведда-ведда, охьа а теIаш, цаьршинна тIаьхьа вахара со, церан хабар хеззаче кхаьчча, дIа а лечкъаш, юха а вола а луш. Суна кхор гира, боккха акха кхор, шуьйрра дIасадахана даккхий деха генаш а долуш. Кхура кIелахь пхи-ялх жима стаг вара, кехатах ловзуш Iаш, гуобаьккхина хIоз беш, генна-геннахь охьахIиттийна шишша-кхоккха кибирчиг а, цхьа ши гуьйриг а йолуш.
Уьш церан гIенташ хиллера, и кибирчигаш, тIехь газеташ а, киншкийн мужалташ а Iохкуш. Уьш массо а хьалагIаьттира, Iаких бIаьрг кхетташехь.
– Кхуза хьалавала, Iаки, хьан меттиг хIара ю хьуна! Марша вогIийла, Iаки! Хьо гуш ма вацара, Iаки! – Iаки лакха хьалаваьккхира, кхурах букътухийла йолчу, кибирчиг тIе охьа а хаош. Iакис дайн куьг тесира шега динчу хаттаршна, балда сатторца, корта а ластийна: со мичахь ву, мичахь вац со! – бохуш санна, уьшар а йина.


Кхурах дIа букъ а тоьхна, хурашка юххе охьа а йиллина, голашкара озаелла хеча паргIатъяккха Iакис хьалаоззошехь, сох цхьаннан бIаьрг кхийтира, ворта а яхйина, гIундалгIешна юккъехула шайга хьоьжуш воллучу.
– А ну, стой, паршивец! – кино чохь, йийсар винчу салтичунна санна, цхьа дера тIе мохь хьокхуш, хьалахьаьддачу цхьамма, виълара а хIоьттина, дIаоьккхуш волу со, юткъа ност йолчуьра схьалецира, басех охьа чу а такхош.
Со Денина дIагира, сан шичина.
– Хьо муха кхаьчна кхуза, мераIуьрг! – тIечевхира суна Дени, кучан кач а лаьцна, тIо биъна цициг санна, цхьа маьттаза текхош волчу.
– Дени, хьуна мичара… хьан мила ву? – хаьттира со лаьцначо.
– Вайн девешин кIант ву, сан шича, – Денис аьлча:
– Брат что ли! – кхоьссира Iакис, сан шичин бIаьрахьожуш, аьтту пхьарс генна схьа а кховдийна.
– ХIаъ, шича ву, – со Денис дIатеттира, – вало хIинца, Iакина юххе охьахаа, – олуш.
Дерриг а цхьа боккъал а дара я боккъал а лелош, кино чохь ма-хиллара, цхьаъ баьчча а, вуьйш къуй а болуш.
Со Iакина улло охьахиира, еса лаьттачу гуьйриг тIе.
– Маса шо? – сан белш тIехула аьтту пхьарс а боккхуш аьрручу куьйга сан чIениг дIасатуьйхира Iакис, – по глазам узнаю – волчонок! – аьлла.
– Пхийтта, – элира ас, – цхьа шо тIе а тоьхна.
– Какой отчаянный возраст, клянусь, сан да-нана хьакхийца далла, дац, цу хенахь санна, дац… ас дуьххьара Карагандахь касса яьхьна хан ю-кх иза… меца хан яра… 47 год… пятнадцать мне было… нет, вру – шестнадцать…
– Ахь и дийца а ма ца дийцинера, ва Iаки, лачкъийна Iаш хилла-кх хьо, нехорошо! – элира цхьамма, цецволуш санна, юххе схьа тIе а хилла.
– Да сколько-ж их было, всего не припомнишь, – куьг а тесна, – заводан касса яра иза… там матери недодали зарплату, поэтому я… четверо нас было: сой, казах, цхьа немцой и русский… русак нас и сдал… и, конечно, поплатился – я ксиву отправил по почте тюремной… опустили его там ниже плинтуса, бедолагу…
– Маса шо туьйхира шуна, Iаки? Ара маца велира хьо? – хаьттира шина-кхаама цхьабосса.
– Хьахь-хьахь-хIа! – велавелира Iаки, – маса шо, тов! – да сбежал я через пару месяцев! – кхин цхьанна а бIаьра ца хьожуш, кIайн къегачу партсигара чуьра папироса схьа а яьккхина, муштакхах пондар беш и бага а лаьцна, сирник тоьхна, боккха кIур а боккхуш, – подкоп мы сделали… сан накъостий бацара, цхьа газа сучиться а дина, чохь а юьсуш, важа висина шиъ… хIаъ, тхо кхоъ вара-кх… пять лет нас искали и фиг, нашли… закрыли дело.
ХIетахь хийцина ю-кх сан цIе, то есть кликуха – Сашка Казахстанский… я ж по паспорту Александр…
– Хьо Сибрех кхаьчна хан юй иза, Iаки? – хезира суна.
– Яц, что ты! Это же другое, когда я золото взял в Магадане… хIара-м мелочь ма юй – касса заводская… мы-то деньги до ходки спрятали, юха и подкоп а йина, арадевлча, кхаанна а гихь, тIанк, аьлла, юьзна – шишша туьман пхиппа соьмаш дара уьш, как сейчас помню – кхо рюкзак а йолуш, бат йиллина тIаьхьа-тIаьхьа догIучу жIаьлийн гIовгIа а хезаш – ночью было, – тIехула вертушкаш а хьийзаш, вездеходаша раз-пурх прожектораш а кхерстош, по пояс в снегу, лес, тайга… дIа мича вахало хьуна… через каждые десять метров менялись мы, цхьацца хьалха а волуш… вуьрхIитталгIачу дийнахь ду-кх, то есть ночью, цхьа слабый огонек ги-кх суна где-то там… мираж ли, думаю, оцу сохьтта лайн юкъе бертал а вужуш – не знаешь ведь, где падла смерть подсела… тиэкхаш, тиэкхаш
дIа улло гIоьртинчу суна, цхьа избушка ю-кх на курьих ножках и старушка, гаррехь эга а еш, поднара тIехь, сауьйзуш Iуьллуш
– Мать, что с тобой? – тIекхийти со цунна, – обидел кто? Скажи, я его зарублю! – олуш.
– Умираю, сынок, священника мне, – боху-кх, – замерзла я, огня нет.
– Тут не только священника, мать, и дохлую крысу не сыщешь! – аьлла, сайна тIера кетар а, куй а, свитер а, валенкаш а цхьаьна, старушкина дIа тIе а тоьхна, гондIа хьаьжначу суна, колотун ю-кх чохь, цхьа дечиган чIеш а боцуш.
– Дрова! – мохь бели соьга, – дрова мне! – олуш. Летий цIе! Со валарх суй ца болу-кх. Дрова сырые, сийса а сийсаш лаьтта-кх пеш…
– Рюкзак сюда! – ас аьлча:
– Что ты надумал?! Опомнись, мы же чуть жизни не положили! – дуьхьлонаш йо-кх суна. Тельняжка яц – я в тельняжке был, – шина а куьйга кач лоцуш, схьатоьхначу ас, ятIийна дIа ма яьккхи: жить не ради госзнаков, фраера, а ради матери, вскормившей нас своим молоком! – аьлла. – Подчинились они. И кхуьйа рюкзак, харцахьа йоккхуш, ахча таIIийна пеша чу а теттина, сирник ас хьалатухучу барамехь, йоккха стаг яц – старушка, ян а еана, тIехьара тIекхийти-кх суна:
– Ради Христа, сынок, не надо! – аьлла, къевллина со тIехьара мара а вуллуш.
– Не трогай Христа, мать, он в теплом месте! Бог взял бумажки, бог и даст, не расстраивайся ты так сильно, где наше не пропадало! – эли ас, йоккха стаг хьостуш.
Кхо де даьккхира оха цу чохь. ДеалгIачу дийнахь, дац, цхьа мела мох хьаькхи-кх схьа, Iаьна юккъехь мела мох. Харт, аьлла, дог тохадели сан, не к добру это – дага а оьккхуш. Синтем бац-кх, вот-вот цхьаъ хила дезаш санна. И старушка говорит: плохой сон я видела, ребятки, плохой сон. И точно, чукчи боху и партизанаш бац – ох, скольких беглецов они продали! – уьш бу-кх салазашца, жIаьлеш а доьжна, и гаттий бIаьргаш а дина, салтишца тхуна тIаьхьабевлла. Еле-еле, сан да-нана хьакхийца далла, еле-еле мы ноги унесли: мать учуяла, материнское сердце!
И давай опятьэтот марафон: хьалха тхой, тIаьхьа жIаьлеш, де а, буьйса а вовшах а ийна, дIаоьхуш, оьхуш, дог диллинчу хенахь, къиг ги-кх суна, Iаьржа къиг яц, къаркъ-къаркъ, аьлла, шозза Iаха а Iаьхна, соьга схьа а хьаьжна, дIаайлуш.
– Это весточка, – мохь бели соьга тIаккха, – сан да-нана хьакхийца далла, ребята, это весточка свыше, мы спасены! – олуш. ВорхI дийнахь-бусий, нийсса ворхI суткехь – люблю я это число с тех пор! – тхо сецча – соцуш, тхо дуьйладелча – айлуш, цхьана къаххаш юккъехула цу къийго дIадуьгуш долу тхо, ворхIалгIачу Iуьйрана, делкъал тIаьхьа, малх буззучу хенахь, цхьа «простор» хIоьтти-кх суна хьалхахь, хьун чекх а яьлла, и Нана-йоккха простор, понимаете… и тут моя нога впервые вступила на магаданскую землю, – Iаки сецира, ойланашка воьдуш санна, юха, оцу сохьтта, шен хабар дIадоло, аьтту куьйган хьажо пIелг ирх а ойуш.
– ДIакховдае цунна! – элира цхьамма, шен киснара хьаладаьккхинчу чучча оьхучу наштаран стакан чу цIен къаьркъа а доьттина. Iакис цунах цхьа къурд бира, хIухI, аьлла, корта аркъал а тосуш.
– Кино дIайолалуш ю, гIовттал, тIаьхьа дуьсу вай, – уьш хьалагIевтича:
– А ты иди, пацан, погрейся возле матери… не твое это время ночное, успеешь еще хлебнуть мужскую свободу! – Iакис сан белш тIе куьг туьйхира.
Сан ког лаьттах ца кхетара – суна Iаки гинера, цо дуьйцу боху хабарш а хезаш.

Бексултанов, Муса Эльмурзаевич (1954 шеран 1 июль) — нохчийн яздархо а, прозаик а вина 1954-чу шарахь, товбеца-беттан 1-чу дийнахь Казахийн СССР-н Мендырискан кIоштахь. 1979-чу шарахь цо чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологийн факултет. Иза ву Нохчийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а (1992-чу шарахь дуьйна) ) яздархойн бертан декъашхо, 2005 шарахь «Литература» совгIат къовсарехь «Дашо бухӀа» совгӀатан лауреат, Нохчийн Республикан Халкъан яздархо (2005 шо).Тахана болхбеш ву "СтелаIад" берийн журналехь коьрта редактор.

КХИН А
XS
SM
MD
LG