Freedom House цхьанатохаралло хIора шарахь гIарабоккху адамийн а, юккъараллийн а, журналистийн а маршонех лаьцна болу шаьш бина талламаш. Кху тIаьхьарчу масийтта шарахь, Кавказерчу регионашна юкъахь оцу тIегIанехь хьалхарчу меттигехь ю Гуьржийчоь. Кху шарахь а хилира иштта.
Дуьненаюккъахь лелачу прессийн маршо юсту 100 баллах хIотточу индексаца. И лаккхара барам болчу пачхьалкхехь уггаре а во хьал лору журналистийн балхаца. Гуьржийчохь йолу дешан маршо лаьрра 49 баллаца.
Пачхьалкхехь тахана, шаьш журналисташ а цец ца бовлу, махкахь паргIато ю аьлла дIакхайкхича. Иза иштта дан а ду, боху цара. Махкахь вевзачу журналиста, юккъаралхочо Гочечиладзе Давида, Маршо радиога дарре дира Freedom House шен артиклехь дIакхайкхинарг.
Гочечиладзе: «Суна хетарехь, муьлхачу стеган аьтто бу Гуьржийчохь политикех а, социалан тIегIанах а шена хетарг хаамийн гIирсашкахь ала. Бен а дац иза милла а валахь а. Дуста а мегар ду кхечу меттигашкахь и хьал муха ду. Масала, ГIалгIайчоь а, Нохчийчоь а, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан юкъахь йолу. Суна цхьа беламе хIума дагадеънера цу хьокъехь. Москохара цхьаъий, Iамеркхой а къовсавелла хилла, дешан маршо дукха мичахь ю, аьлла. Iамеркхочо:- тхан йиша ю, муьлххачу а майдане а девла, Iамеркан Iедална лен. Оьрсийчо дуьхьала аьлла:- Тхан а йиша ю, ЦIечу майдане а девла, Iамеркан Iедална лен. И ю ша мел йолу башхалла. Гуьржийчохь йиш ю, хьайн луучунна ара а ваьлла лен. Халахеташ далахь а, и аьтто бац Оьрсийчохь».
Гуьржийчохь дешан маршо лекха ю аьлла Freedom House мах хадабахь а, цхаьцца чолхаллаш йоцуш ца хуьлу журналистийн болх. Цхьа бутт хьалха, «Маэстро» телеканалан гонахь цхьацца гIовгIанаш йолаеллера. Iедалша шаьш цхьанна а кепара цу юккъехь ца хилар дIахаийтнехь а, цуьнан куьйгална иштта ца хетара. Иштта, дукха хан йоцуш Рустави-2 телеканал а яра йийцаре яьккхина. Цигахь а хетара, шайна беш болу тIеIаткъамаш политикца боьзна бу аьлла. Хиллачу президентан Саакашвили Михаилан агIончаш шаьш хилар лакъош дацара оцу телеканала. Журналистийн дешан маршо тIаккха а хила ма-еззара а яц Гуьржийчохь. Цхьацца чолхаллаш ю оцу тIегIанехь, демократи кхоччуш кхиаза йоцучу меттигехь санна, аьлла кхин дIа а дийцира журналиста, юкъаралхочо Гочечиладзе Давида.
Гочечиладзе: «Хезна суна цхьаболчу журналисташа комментарийш ца йо цхьацца политикан хиламашна. Царна кхерамаш ца туьйсу. Царна хоуьйту, цхьацца чолхаллаш хирг хиларна, масала кредитан истори талхор ю. Iедалшна лер, муьлххачу а меттигехь лер цхаьцца тIаьхьалонаш йоцуш ца хуьлу. Меттигаш ю, цхьаъ лийча, цунна баланаш хуьлуш. Хаамийн гIирсашкахь а хуьлу наггахь оцу хьокъехь чолхаллаш. И хIуманаш хуьлуш ду, демократи кхиина йоцучу меттигехь. Дехкарш хуьлу. ХIинца экономика а кхуьуш ю. Кхиамаш болчу мехкашкахь и хIуманаш ца хуьлу. Теша лаьа, кхиамаш мел хуьлу а, юкъараллин кхетам лакха мел болу а, и гIуллакх цхьана леман тIедогIург хиларна».
Freedom House дешан маршо юьстуш кечйинчу артикалца Гуьржийчоьнан луларчу пачхьалкхашкахь цу хьокъехь долу хьал а билгалдаьккхина. Иштта Азербайджанна-89 балл елла. Иза уггаре а во хьал долу меттиг ю. Цул тIаьхьа йогIу Оьрсийчоь-83 баллаца. ТIаккха Туркойн мохк бу-71 балл а йолуш. Эрмлойн махкахь-63 баллаца лаьрра прессийн паргIато йоцучарах.