ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзане барт хаттар доьху Немцов Борис веран хьокъехь цуьнан йоIа


Кадыров Рамзанан а, Немцов Борисан а суьрташ
Кадыров Рамзанан а, Немцов Борисан а суьрташ

Немцов Борисан йоI дехар чуделла Оьрсийчоьнан талламан комитете Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан декхарш ханна кхочушдечу Кадыров Рамзане а, сенатор Геремеев Сулеймане а, Пачхьалкхан Думан депутате Делимханов Адаме а, кхин а ворхI стаге а барт хатта аьлла.

Цуьнан адвоката Прохоров Владимира цу дехаран хьокъехь иштта элира: "цу дехарехь яздина ду, талламхоша Геремеев Руслан а, Геремеев Артур а, Тазабаев Шамхан а, Хатаев Асланбек а, Геремеев Ваха а, Геремеев Сулейман а, Делимханов Алибек а, Делимханов Адам а, Делимханов Ш. а, Кадыров Рамзан а волу меттиг билгал а яьккхина, цаьрга барт хатта беза." Прохорова Владимира кхиндIа а элира Немцов вийнчу нахана Iедалхоша накъосталла дина ца хиллехьара, кхечу тайпа гIо дина ца хиллехьара, зуламхошка сел къизза а, массарна ган а гуш, и зулам данлур дацара, аьлла. Цундела, адвоката боху цу зуламах бохам хиллачарна, и зулам де аьлла омра дийнарш Нохчийчуьрчу лаккхарчу даржехь болу Iедалхой хета.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG