ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийн Iилманчас толлу ГIалгIайчоь


Кавказан къаьмнийн истори толлу мохк хилла дIахоьттина дуккха хан ю Гуьржийчоь.

Бежиташвили Марьям-къона Iилманча ю, гIалгIайн къоман культура а, истори а кIорггера толлуш йолу. Дуккха а уьйраш гIалгIашца цуьнан елахь а, иза цкъа а хилла яцара ша толлучу ГIалгIайн махкахь.

Кхо кIира хьалха дуьххьара яхара иза цига. Дуккха а хIуман тIехь, хазахетарца цецъяьлла иза. Маршо Радиога цо дийцира, шена ГIалгIайн махкахь гинчух а, тайначух а.

Бежиташвили: «Со официала визитца яхана яцара ГIалгIайн махка. ДоттагIа санна яхана яра. Со чIогIа дика тIе а ийцира сан доттагIаша а, суна сайна бевзаш боцучу наха а.

ГIалгIайн махкахь сагIадоьхурш бац. Цхьанна а меттехь бац уьш, я коьрта шахIарахь а, я кхечу гIаланашкахь а. Оцу кхаа кIирнах, со Магасехь а, Несар-ГIалахь а, Малгобекехь а ца кхочуш урам ца бисира. Цхьана меттехь суна ца гира сагIадоьхург.

Суна хетарехь иза гIалгIайн къоман амалца доьзна ду. Цигахь, гIо оьшучунна иза ца дар, эхье хIума ду».

Шен махкахь, муьлхха а дезде а, могIарера цхьанакхетар а кIезга делахь а, маларца хуьлуш хиларх дIайоьлла Бежиташвили Марьям, цецъяьлла ГIалгIайн махкахь и хIума даьржина ца хиларх. Иза шена чIогIа тайна, аьлла кхин дIа а дийцира цо.

Бежиташвили: «Молуш нах а ца гира суна. Мухха а делахь а, урамашкахь мелла нах бацара. Ресторанашкахь молуш а, узуш а нах бац. Иза суна чIогIа дика хета. Хазахета, иза кавказхойн амалехь, гуьржийн амалехь долуш.

Масала, со тIеэцначу доьзалшкахь, хIусамдас стака кара а оьций, дош олу. Ца оьшу, я чIагIар а, я коньяк а. ГIалгIачо иштта а дика дош олу хьешах лаьцна».

Муьлхачу гIалгIачунна деган дагна тIебоьду некъ безахь, цуьнан мотт хьуна хаахь, хьан Iалашо кхочуш хилла яьлла ю, аьлла хета Iилманчана Бежиташвили Марьяман. Цо ша зийна иза.

Бежиташвили: «Масала, со туькан чу яхана. Соьга хотту: муха ду хьан гIуллакхаш, олий. Жоп ло:-дерриге а дика ду. Зударий а, божарий а собаре бу, амма чIогIа нах дукха безаш бу. Хьуна цхьа хазахетар хилийта лаахь, гIалгIайчунга ахь гIалгIайн маттахь ши-кхо дош ала деза.

ТIаккха, чIогIа хазахеташ тIеоьцу иза цара:-Ваа, сан Дела, олий. Самукъадолий, бела а боьлу. Уьш чIогIа дика нах бу. Муьлха а хIуманах самукъа а долу церан. Ши дош гIалгIайн маттахь аьлча а».

ГIалгIайн къоман амалх а, шена хIинцалц хууш ца хилларг а девзина Iилманчана Бежиташвили Марьямна. ГIалгIай собаре хилар, шортта масалш а карийна цунна.

Бежиташвили: «ЧIогIа дика йина терго ю гIалгIайн философа Келигов Мурада йина. Со цуьнца ТIой-юртахь гира. Цуьнан дешнаш: «Кавказан шатайпа амал: элийн амал-гуьржи, пайдехь дерг лаха хаар-аьрмлой, маршо езаш хилар-нохчий, хьекъалалла-дагестанхой, собаре хилар-гIалгIай».

И агIонаш дуккха а ю, гIалгIай собаре хилар суна сайна гира, со машенца дIасалелочу стеган амалца. Цо со масийттаза шен хIусаме а, кафе чу кхайкхира. Даим дукха дахлора нехан соьца Iадика яр. Иза массо а хенахь соьга хьоьжуш лаьттара. суна иштта собаре стаг гина а вац».

ГIалгIайн хIусамийн хIинцалера архитектура а, цу чохь лела низамаш а тайна Бежиташвили Марьяман. Цуьнах цо иштта элира.

Бежиташвили: «Суна чIогIа тайна гIалгIайн хIусамаш а, цу чуьра къепе а. Къаьстина суна хазахийтира Несар-ГIала. Цигара кечдина цIенош. ЧIогIа тамехь ду. ГIала чIогIа цIена ю. Иза гIалгIайн амал ю. Низам а, къовлам а царна дукха деза».

ГIалгIай кхидолу къаьмнаш санна, хьаша-да тIеэцарца билгалбовлу. Цунна а тидам бо Iилманчас Бежиташвили Марьяма.

Бежиташвили: «Хьеший тIеэцарх, гIалгIай а, гуьржий а цхьанна а хIуманца къесташ бац вовшех. Гуьржаша хьешан гIуллакх деш хаьа, хьаша Делера хилар. ГIалгIаша а иштта до. Церан кица а ду: «Хьаша ца везарг, Далла а, нахана а ца веза».

Со циига яхначу дийнахь дуьйна со хьошалгIахь яра Албогачиев Зураб волчохь. Иза шен гIуллакхашна Тбилиси ваха везча, цуьнан гергарчу наха шаьш долчу хьошалгIа кхойкхура со. Цхьана денна со ца юьтура терго йоцуш».

ГIалгIайн къоман истори а, культура а толлучу Iилманчина Бежиташвили Марьяман дог теша, шен хIара визит тIаьххьара ца хиларна. Шортта бан безаш болх бу боху цо. ГIодан а дуккха а нах бу цунна.

XS
SM
MD
LG