ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Джалалдинов: Цхьанне а хIуьттаренна цабинера ас Путине кхайкхам


Ramzan Djalaldinov
Ramzan Djalaldinov

Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире кхайкхам беш Нохчийчохь Кенхи-эвлахь яьккхина видео «YouTube» дIахIоттийнера кху деношкахь цу юьртара вахархочо Джалалдинов Рамазана. Шен латкъамехь цу стага дуьйцу шайн эвлахь бехачу суьйлишна эшам беш бу Нохчийчуьра Iедалша бохуш. Амма Джалалдиновс дуьйцург харц ду аьлла иза емал вина цуьнан гергарчу наха а, юьртахоша а. ХIинца и стаг лечкъина ву Дагестанехь.

Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире кхайкхам беш Нохчийчохь Кенхи-эвлахь яьккхина видео «YouTube» дIахIоттийнера кху деношкахь цу юртара вахархочо Джалалдинов Рамазана. Шен латкъамехь цу стага дуьйцу шайн эвлахь бехачу суьйлишна эшам беш бу Нохчийчура Iедалша бохуш. Амма Джалалдиновс дуьйцург харц ду аьлла иза емал вина цуьнан гергарчу наха а, юьртахоша а. ХIинца и стаг лечкъина ву Дагестанехь.

Джалалдиновс шен Путин Владимирга хьажийна видеокхайкхам дIахIоттийра Youtube Оьрсийчоьнан президент телевизионехула бахархойн хаттаршна жоьпаш дала кечлуш а волуш. Нохчийчура Кенхи-эвлахь ша яьккхинчу роликан тIехь цо дуьйцу Нохчийчура шолагIа тIом чекхбаьллачул тIаьхьа федералан центро даийтина ахча шайна эвла кхаьчна дац бохуш.

Джалалдиновс дуьйцу Москохара даийтинчу субсидех дакъа шаьш дIадала дезаш ду Iедалан белхахошна. Гуш йохийна гIишлош а йолуш цу стага буьйцу берриг а шайн баланаш: хьажа стаг воцуш бисинчу къанойх, говза хьехархой боцучу школех, херцаршлахь Iохкучу хIуамех иштта дIа кхин а.

Путинан Джалалдинов видео гина я цагина хууш дац, амма иза дIакхаьчна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане. Цо хьем цабеш ломарчу Шаройн-кIошта хтьжийна хилла шен аджминистрацин куьйгалхо Кадыров Ислам.

Цо схьагулбина цу кIоштара хьакамаш а, Кенхи эвлара юртахой а. Цунах лаьцна репорташж гучуелира "Грозный-ТВ" телеканалехь.

Ислам: - Коррупцица связанный долу цхьа напревлени подтвердит дахь вайн паччахь ша схьаог1ур волуш ву. Оцу Рамазанас юьцург харцо елахь, х1ора хьехархочо а д1аала деза, х1ора директоро а д1аала деза, х1ора 1едалан белхахочо а д1аала деза.

ТIаккха цара дийцира.

Шериев Магомед, Джалалдиновн шича:

-Ас дукха дийцира цуьнга. ХIокху администрацин куьйгалхочунна хаьа, со мел кхето гIиртина иза. Ма гIерта цига, бIозза аьллера ас цуьнга. Кхузахь тешаш бу. Суна цахаьа цунна хIун дийр ду. ЧIогIа халахета суна. Цо бехбо гергара нах. ЮьхьIаьржа ду тхо.

Зубайраев Ислам, Джалалдиновн шича:

-Тхуна а мел хилла а зе хиллера, тхуна ахча делира. «Откат» оха луш ю бохург Iовдал хIума ду. Цуьнан вежарий а, йижарий а бу. Царца юкъаметтигаш лелош волучух тера дац иза. Цхьаьнге а ладугIуш вац иза.

Омаров Умаржаьжа, Кенхи эвлара вахархо:

-Цкъа а ца гина суна тхайга во хаьжна, я харцонца хьаьжна меттиг. Массерна а дерриг а луш ду. Массерна оьшург деш ду. Низамашца дала догIург схьалуш ду. И стаг тесна витина. ХIинца иза сацалуш вац.

Хужутулаев Омарасхьаб, ненан меттан хьехархо:

-Нагахь цо хьехархочуьнан цIе бехйинехь, ас кхойкху низамаш лардочу органашка цо дуьйцучьнна а, цо лелочунна а богIуш болу мах хадоре. ХIунда аьлча, суна хааделла дац цхьана стеган (алап) чусацийна бохург, сайниг чусацийна дац. Кхузахь болх беш сан хIусамнана а ю, иза юьхьарчу классийн хьехархо ю, йоI а ю сан кхузахь болх беш, географин хьехархо ю иза. Тхоьгара (алап) чусацощ дац.

Филина Татьяна, Кенхи-эвлара номер цхьаъ йолчу школан директоран хилла когаметта:

-Со хьокъехь латкъам бинера. Цу латкъаман тIехь цо яздора, оьрсий хIунда ю (болх беш школехь) вайниш а болуш бохуш. ХIунда оьшуш ю иза, бохуш? Цундела цо яздеш дерг бух болуш дац аьлла хета суна.

Гаджиев Магомед, Кенхи администрацин куьйгалхо:

-Цо яздийриг хIун ду а цахуург ду. Иза бакъдац и дерриг а. Компенсацеш схьалора. Кхин долу гIо а дора. Ерриг а хенахь иза лелош ву иза. Цхьанха а цкъа а юкъараллин гIуллакхашкахь дакъалоцуш вацара иза. Даиман а Iедална дуьхьал ву иза. Болх цабойту цо тхоьга.

Абубакаров Магомед, Шаройн-кIоштан къеда:

- Джалалдинов Рамахан боху стаг тхуна вевзаш волу дуккха а хан ю. Иза тхан юртахо а ву. Тхан дамаIатца а, моллица а, маьждигца а цхьа абала болуш стаг вац иза.

Карарчу хенахь Джалалдинов лечкъина ву луларчу Дагестанехь. Иза Нохчийчохь Кенхихь Iаш а вац, цо лелориг хьашт доцург а ду бохуш, юртахоша шех лаьцна дуьйцург иштта тIеэцна цо.

Джалалдинов: -Со даиман а цигахь ваьхна ву. Со эвлара араваьлла цхьа шо ах шо хан а бен хир яц. Кхаа шарахь ведда лелла со. Чувоьллина сизохь а Iийна со. Нохчашна а вевза со. Кенхихь Iаш 100-200 стаг ву сан тоьшалла дан.

Ша яьккхинчу видео тIехь гуш йолчу хIусмаийн дай эвлара дIабахана лелаш бу боху Джалалдиновс.

Джалалдинов: -100-ннах иттолг1а дакха а дац ас гайтинарг. Цигахь дохийна дуккха а ц1енош ду. 400-500 х1усам яра цигахь т1ом балале. Х1инца ГIизларе а, Астрахане шайн рицкъ лохуш д1абахана 1аш бу уьш.

Цхьаболчара чIагIдо ахь дуьйцург хоьга леррина цхьана наха дуьйцуьйтуш ду бохуш. Мила ву хьуна тIехIоьттинарг?

Джалалдинов: - Дера суна тIехIоьттина цхьа а вац. Ши бутт хьлха араволуш ас хIусамнене аьлла, со чуверза а мега, цаверза а мега, со чу цаверзахь «давай» аьлла.

Москохара цхьа а жоп кхаьчна дац шега боху Путина бинчу кхайкхакман авторо.

Джалалдинов: -Тахана «Дождь» каналера а, кхин ши журналист воцург кхин соьх кхетна стаг вац. Дуккха а бакъонашларъярхойн организацеш ма ю вай. Амма цхьаммо а телефон цатоьхна соьга.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо олуш ду цу республикехь бехачу нехан бакъонаш ларйеш верг а, уьш ларъян кийча верг а ша ву олий. Кадыров Рамзана схьаволу хьайн латкъамаш схьабийца ша йист йоккхур ю аьлча, цуьнца цхьанакхета ойла йолуш вуй хьо?

Джалалдинов: -Журналисташ а, бакъонашларъярхой а юххей а болуш муьлххачу а меттигехь цуьнца къамел дан кийча ву со.

Хьан юртахошка ладоьгIча ахьа дийнарг цхьаана нахана хIуьттаренна дича санна сурт кхоллало. ХIун эр-дара ахьа цу хьокъехь, аьлла шега хаьттича Джалалдиновс иштта жоп ло.

Джалалдинов: -Дела КIураннора дац хIуьттаренна дина. ХIуъа а дина а оцу юьрта комисси кхочур яц-те аьлла, хьал гучудера дацара-те аьлла бахьийтина бу-кх ас иза (кхайкхам).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG