ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Голливуд а, Нохчочун васт а


Цхьаьнатоьхначу Iамеркан Штаташ, Голливуд, дечкан-беттан 14, 2016
Цхьаьнатоьхначу Iамеркан Штаташ, Голливуд, дечкан-беттан 14, 2016

Оьрсийчоьнан телегойтиллаша нохчочун цхьана хенахь кхоьллина харц васт тахана юхьаралаьцна Голливудо а. Стенца доьзна ду генарчу Iамеркан кинош чохь нохчий зуламхойн а, террорхойн а могIаршка бахкар. Оцу хаттаршна жоьпаш лоху ‘Вайнехан васташ’ цIе йолчу сан леринчу программо.

Нохчийн бевзаш, цаьрца бал болуш кIеззиг нах бара Советан Iедал долчу заманчохь. Коьртачу декъана, эскарехь гIуллакх дечу хенахь нохчех Iиттабелчарна бевзара нохчий, церан амалш а. Ткъа, дерриг хийцаделира Горбачёв куьйгалле веача. Ша аьлча, цо перестройка дIакхайкхича. Нохчийн мафино Москох яьккхина, Питербух яьккхина, Сибир яьккхина боху къамелаш дара зорбанехь а, телегойтиллашкахь а хьовсархошна хазош дерш. Совет пачхьалкх йоьхча, Елцин ваьккхира Оьрсийчоьнан президент. Оьрсийчоь демократи хилла яьлла хетча хенахь, Дудаев Джовхара Нохчийчоь йозушйоцу пачхьалкх ю аьлла дIакхайкхира.

Йозуш йоцу пачхьалкх дIакхайрца доьзна хета, цу хенахь оьрсийн хаамийн гIирсаша нохчийн телегойтиллашкахь а , зорбанехь а нохчий воц цIерш яхар. Къаьстана, цхьаъ дара масех шарахь хадазза хазош дерг: нохчаша Оьрсийчоьнан банкаш, харц кехатех пайдуоьйцуш, ахчанех ясъйина богIуш.

Нохчийчоьнах Лас-Вегас хилла яьлла бохуш хезаш дара телевизиони массо а каналехь. Цара дуьйцучуьнга бага а гIаттийна, ладугIура оьрсийша, кхин долчу Оьрсийчохь дехаш долчу къаьмнаша. Нохчех инзарбуьйлуш, цхьаболчара цаьрца гергарло лоьхура шайн гIуллакхаш тодаларе сатуьйсуш; ткъа, вуьйш, киснахь буйнаш къуьйлуш, царна цIергаш хьоькхура телевиденис денна юьйцучу нохчийн ахчанца йолчу таронех хьегаш.

Нохчийчуьра хьалхара тIом чекхбаьллачул тIаьхьа, оьрсийн киношкахь нохчийн шина тайпа бен бацара: террористаш а, бандиташ а. Ткъа 1999-чу шарахь шолгIа тIом болабелча, оьрсийн киноша, Нохчийчохь тIом беш болу оьрсий салтий майралла хьесто буьйлабелира, ткъа нохчийн тIемлой а, ур-аттал нах тIехь а къийза а, ямарта болуш санна гойтура. Царах цхьаъ ‘Честь Имею’ кино яра, амма цунах тера дукха а кинош яра Оьрсийчохь арайовлуш.

Нохчий иштта вон гайтча, тIом чекхбер бац, шина къоман юкъаметтигаш толур яц бохуш дуьйцура Нохчийчуьрчу Оьрсийчоьнна муьтахь болчу керлачу Iедалхоша а.

Цара иза Оьрсийчоьнан телегойтиллашкахь масийттазза дIа а хьедира. Цу дIахьедарийн жамI хила тарло кху тIаьхьарчу масех шарахь оьрсийн киношкахь нохчийн вон нах санна гойтуш ца хилар.

Ткъа кху ткъе масех шарахь Оьрсийчоьно нохчех яржийна пропаганда тIаьхьара а Голливуде а дIакхаьчча. ХIинца дуьйненна евзаш йолу цо а яьхна нохчийн чохь болуш кинош. Ткъа Iамеркан киношкахь нохчийн муха васт кхолладелла бохучух кхета хала дац. Оьрсийн телегойтиллашкахь вай цхьана хенахь яьхна вон цIерш ю, тахана Голливудехь а ю йохуш: террористаш а, бандиташ а. Ишттачарех лара мегар ду масала тIаьхьарчу хенахь Голливудо арахецна кинош: “Spy” (Шпион), “The Last Ship” (ТIаьхьара ХIордан Кема), “The drop” (Шайкай), “Madam Secretary” (Мадам Секретар) дуккха а кхин ерш а. Iамериканхошна нохчийн амал а, я гIиллакхаш девзаш ца хилар бIаьрла гуш ду церан киношка хьаьжча. “ТIаьхьара ХIорданан Кема” цIе йолчу киночохь цхьана нохчочун цIе а ю беламе: Юрий Медвед. И гIаскхи цIе йолу нохчо Лос-Анжелесехь доьвше газ а яржийна, нах байа лууш ву, амма ФБР-о йохайо цуьнан планаш.

Кхечу киношкахь ю ишта славянийн цIераш нохчашна тохкуш. Ткъа 'Spy' киночохь волчу нохчо ву бохучу террористан цIена нохчочуьнан цIе ю -Солса Дудаев. Иза Аль-Къайдан декъашхо а, нохчийн цхьана гIаттамхойн тобан куьйгалхо а ву. Цу кинон сюжетца, цуьнан Iалашо – Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Кхеташо эккхийтар ю.

Иштта ирча нохчийн васт го тахана Iамеркехь а, кхечу малхбузерчу кинохьовсархошна. Цхьа нагахь нохчийн тIемлойх олу дешнаш - гIаттамхой я сепаратисташ - хетало уггаре а кIеда. Масала, ишта йовзуьйту 'Strike Back’ цIе йолчу кинон сюжет и араялале хьалха яьккхинчу цхьа минот еха йолчу клипо:

“Уьш стенга бахана. Дитташка хьажал хьо. Дитташна бухахь бункер ю. Шун Iалашо 25 метр Гуьржичоьнан дозана къилбаседехь йолу бункер ю.Тхуна Латтиф цигахь ву моьтту. Вай цига гуьржийн леринчу ницкъашца цхьаьна доьлхуш ду. Тидам белаш – шу чудоьлху меттиг мостагIийн меттиг ю, нохчийн гIаттамхой бу цунна Iуналла дийриш. Цу меттигана вай терго ян дуьйладелчхьана – 8 стаг цу чувахана, ткъа цхьаъ а ара ца ваьлла.Цу чохь хIуъ а, милла а шайна каравахь, я схьалаца, я хIаллакве. Кхийти.

Лос-Анджелесь ткъа шо сов хан ю вайн махкахо Заурбеков Султан вехаш. Иза ша ву киношна сценареш язйина, Голливудера режисёраш а, кхин болу говзанчаш бевзаш. Ткъа хIинца Нохчийчу веана ву иза. Цо масех бахьана хьахийра Голливудо нохчий васт вон гайтаран: коьртаниш, Нохчийчохь тIом хилла хилар а, Бостонехь хилла теракт а; цул совнах, нохчашна вон дош аьлча, царна дуьйненна тIехь тIехIуттуш стаг а вац, элира Султан. Ткъа кино чохь гуттар цхьа вон нах хила а беза, аьлла тIетуьхира цо.

Хьалхара тIом Нохчийчохь болчу хенахь, вайх чIогIа дог лозура Iамериканхойн вайн тIеман къаьхьа бал а, къийзаллаш а лан дезарна, элира Султана, амма оьрсийн хаамийн гIирсаша вай вон дийцар а, къаьсттана Бостонехь хиллачу теракто хийцира вайга Iамериканхойн болу дика хьежам, элира Султана. Делахь а, шеца гергарло лелийнчу Iамериканхой хIинца а бу шеца гергало лелош. Цхьана стаг вон хIума дича, дерриг къома вон мах ца хадабо Iамериканхоша, кхиндIа дийцира Султана.

Iамерикехь керла нохчех лаьцна, я нохчий хьехош киной юй аьлла хаьттича, цо тхуна хаьийтира а таханна а цхьацца Iамерикан студешкара нах шеца зIене бовлар а, царна Нохчийчу бахка лаар а, вайн къам алсам довза лаар а.

Ткъа Голливудо кхуллу васт дуьйне мел ду даьржаш долу дела, вай цуьнга нохчий дика бийцийта хIун дан деза аьлла хаьттича, Султана жоп делира вай шаьш дика бийца беза масаьрга нохчий а, Нохчийчоь а, вовшах даша а деза, аьлла.

Муьлххачу а нохчочунна халахета вай къоман васт сел ирча а, осал а гайтча. Вай гуттар дозалладина вайн гIиллакхийн а, ламастийн а, оьздангаллин хазалех. Гоьбаьллачу яздархоша Пушкина а, Лермонтова а, Толстой а, Казбегис, Пшавеллис, Дюмас а, нохчоллах цецбуьйлуш, яздора вайн къомах лаьцна.

Цара вай къомах кхуллу бакъдолу васт таханалерчух къаьсташ гора церан заманхошна а. ТIемаша вайн къоманна бинчу Iаткъамо а, вайна тIехь лелийнчу къийзаллаша вайна юкъахь террорхой а, радикалш а баржийна хилла тарло а, вай бакъйолчу нохчочуьнан вастах дIакъастийна хила а мега. Делахь а, теша лаьа Толстойс, нохчийн хьаьшана баI санна гуттар денлой дIахIутту бохург, тахана а бакъ хирг хиларх а; вайн къам тIамо бинчу Iаткъамех, то а делла, шен къаьмнашна юкъахь лелла васт меттохIотторг хиларх а. Вай дIахаийта деза Даймахкахь а, Даймахкаал арахь а вайн леларца а, масалца а, тахана интернето вайна лучу аьттонашца а, нохчашна техкина цIерш харц хилар. ТIаккха хийцалур ду нохчийн васт киношкахь а, дуьйненахь а.

XS
SM
MD
LG