ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кенхи юьртана полицхоша го бина ши де а ду.


Джалалдинован дагийна цIа
Джалалдинован дагийна цIа

Коммерсант газето бечу хаамца, Кенхи юьртана шоьтан дийнахь дуьйна полицино го а бина, цу юьртара нах ара ца бовлуьйту. Полицино юртхошка барт хоьтту Путине видеокхайкхам бина Джалалдинов Рамазан волу меттиг хьанна хаьа бохуш. Рамазанан юьртхой меттигерчу полицин декъе цхьацца а кхойкхуш, цаьрга Рамазан хила тарлучу меттигах хаьттина ца Iаш, аша цунна гIо хIунда до а, гIорто хIунда а йо бохуш хаттарш до.

Нохчийчуьрчу полицхоша дарре ца до, шаьш цу юьртана го бина хилар. Шарой кIошт мехкан дозанна уллохь хиларца доьзна ду цу юьртана геррга талламан-дIехьсехьавалийтаран посташ хилар, кхетадо цара цигахь посташ хIиттор. Уьш цигахь хиларо нах дIасалеларна цхьа а тIеIаткъам ца бо, кхиндIа а дуьйцу цара. Цу кепара дIахьедарш Нохчийчуьрчу низамхоша дина бохуш хаамашка даьккхина Оьрсийчоьнан хаамийн агенталло “Новостис”.

Стигалкъекъа-беттан 14-чу дийнахь Кенхи Дагестанера делегаци еана хиллера. Юьртарчу бахархоша чIагIдарехь, царна полицхоша бакъо ца елира Рамазанан дагийнчу цIенох бIаьрг тоха. Делегацин векалша шаьш Муртазалиев СагIидан накъосташа кост дина хиларна, даьхкина элира.

Масех де хьалха Джалалдиновна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх а долийна. Иза бехкево террорхошна гIо дарна а, Iедалхой сийсазбархьама аьшпаш боттарна а. Дагадаийта догIу, ши де хьалха Джалалдинован гIишло ягийна хилар. Нохчийчуьрчу Iедалхоша Джалалдинов Рамазан бехкево цо шен цIено дагорна, ткъа цо иза харцдеш, Нохчийчоьнан Ieдалхой бехкебо. Цо схьадийцарехь, цуьнан цIено дагор, цо шен юьртанца Нохчийчуьрчу Iедало лелийнчу харцонех видео а яьккина, и интернетехула дIасаяржорна, цунна Iедалхоша бина бекхам бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG