ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Салафийн могIарш десташ хилар дийцаре дина Гуьржийчохь


Гуьржийчоь -- Тбилиси
Гуьржийчоь -- Тбилиси

Салафийн могIарш десташ хилар дийцаре дина Гуьржийчохь. Гуьржийчуьра демократин къеггина масал хилла ала мегар ду селхана сарахь, Тбилисехь хилла долу и цхьаьнакхетар. «Кавказан цIа» олучу юккъараллан хIусамехь вовшахкхеттера, салафийш а, шиIаташ а, политикан эксперташ а. Дуккха а журналисташ а бара. Хаттарш лора, шайна хаа луучух: салафизман историх а, церан дуьнене хьежамех а. Шемахь болчу тIамах, аьлча а, Гуьржийчуьра цига дIаоьхучу кегирхойх а дийцира. ПIаьнказ-ЧIожерачу салафийн маьждигара имам а, цуьнан накъосташа а, кхетош дIаэлира гулбеллачаьрга, шаьш машаре нах хилар а, оцу тIамехь долчу хIуманех шай уьйранаш ца хиларх а, цул совнах, шаьш и тIом а, цига кегий нах эхар а къобал деш хIума дац аьлла.
Азербайджанхочо-шиIата, бехке бира салафийш а, вахабисташ а, цара тIом а, кхиболу бохамаш а бахьа аьлла. Цунна дуьхьал, имама жоп делира, вахабизм боху агIо ГIажарийчуьра схьадаьлла ду, бусулба дин сийсазардаккхархьама, аьлла. Муса цIе йолчу нохчочо, иштта элира цуьнга.
Муса: «Дуьххьара хIара процессаш, дIайолаелира, Iамерка а, Европа а Асадан дуьхьал бечу кхайкхамашца. Вай Кавказера къаьмнаш яьккхий империшкара баланаш лайна ду. Тухана девзаш хьал ду иза. 250 эзар стаг вийна. Царна юкъахь 45 эзар бера ду, 60 эзар заьIап вина, 300 эзар мухIажар ваьлла. Шайн оьшуш жамIаш деш бу уьш. Европерчу пачхьалкхаша кхайкхамаш бора нахе Асад дIаваккха бохуш. Тахана и кхайкхамаш ца бо цара. Гуш ду, цигахь Iамеркан а, Туркойн а, Оьрсийчоьнан а Iалашонаш йуйла. Тхан кегий нах кхеташ бу и тIом цIена боцийла. Нехан хьашташ дуйла. И тIом зударшна а, берашна а, мискачарна а паргIато яхьаш тIом бац. ПIаьнказ-ЧIожаца цхьа а зIе яц цу тIеман, оха салафизм йийцинехь а, ца йийцинехь а. Оха ПIаьнказ-ЧIожехь, салафизм лелош ялахь а, яцахь а, Шема оьхучаьрца зIе яц тхан. Сой, сан накъостий вахара СартичIала олучу меттиге, цигахь иккхина дов дIадерзо. Хьуна ца хууш а хила мега иза. ШиIатийн имамца охьа а хиъна, къамел дира ас. Оха элира, салафизм, вахабизм бохуш кхайкхамаш беш ду шу. Иза вайн гуьржийн пачхьалкхан дуьхьал болх хуьлу. ХIара вайн пачхьалкх ю. Массара а ларъян езаш а ю. Вайна оьшуш яц ГIажарийчоьнан а, СаIудийн Iарбойн а лозунгаш. ХIара вайн пачхьалкх ю. Оьшуш дац вайна девнаш. ШиIаташца долу дов а дIадаккха деза, куьг а делла. И кIант вийча, цу юккъехь хIунда юьйцу ГIажарийчоь а, СаIудийн Iарбойчоь а».
Дукха хан йоцуш Тбилиси гIаларчу СартичIало олучу кIоштехь, суннит а, шиIат а жима ши стаг вовшахлетта, тIаьхьарниг вийнера. МогIарерачу девнах, политикан тIегIане а даьккхина, СаIудийн Iарбойчоь а хьехош, айдинера и гIуллакх шиIаташа. Цуьнах дара азербайдханхочо дуьйцург.
Салафийн кхерам ца го Гуьржийчохь Iедалшна а, политикан эксперташна а. Пачхьалкхехь муьлха а дин магийна ду, цундела, уьш маьрша, вовшех ларамца цхьана бахийта лаьа, бохуш Маршо Радиога дийцира Тбилисерачу университетан Малхбалеталларан институтан куьйгалхочо, профессора Саникидзе Сеоргийс.
Саникидзе: «И бала болуш бу. ЧIогIа а бу. Дерриге а дуьненахь лаьтташ бу иза. Бусулбачарна юккъахь къеггина гуш ду иза. Шай бухе кхача гIерта уьш. Гуьржийчохь а, Кавказехь а мел долу дин, деххачу шерашкахь маьрша даьхна. Къаьстина кхузахь. ХIинца, и хийцаделла хIума дIадаккха лаьа царна. Шай бухе а кхийдаш, цIена Ислам лело лаьа царна».
ПIаьнказ-чIожера, кистойх кегий нах Шема тIаме дIаихинчула тIаьхьа, и бала мел кIоршаме берза магар хилар тидаме а эцна, Iедалан программаш йолийна цигахь. Шемахь тIом бина цIаберзахь а, уьш набахте чубухкур хилар а дIахаийтина. ДАIИшан кхузара векал а йоккха хан тоьхна, чувоьллина дукха хан йоцуш. Цундела, салафийн бала, кху махкахь, ша шех кхоллабелла бац. Дуккха а бахьанаш ду цу юкъахь. Коьртачарех дерг-Iедало шен хенахь, ПIаьнказ-ЧIож терго а йоцуш, цигара социале хьашташ кхочуш ца дар ду аьлла хета, политикан кхечу экспертан Лебанидзе Соломонна. Цо иштта элира.
Лебанидзе: «Суна хетарехь, цаьрца болх бан беза. Пачхьалкхо дан деза иза. Социала хьашташ кхочуш дахь, и кхерам а, бала а хира бац оцу ПIаьнказ-ЧIожера. Гуьржийчуьрчу бусулба юккъараллехь, къаьстина ПIанказ-ЧIожехь и бала лаьтташ бу, иза коьртачу шахIарна гена йолун дела».
ШиIатан а, салафийн а, юкъахь хилла цакхетам а гайтаме бара, мел сиха бу и нах вовшах бехке баккха. ТIаккха а коьртаниг, цара цхьаьна а кхетта, и лазаме долу гIуллакхаш лечкъа а ца деш, дийцар ду, элира эксперта Лебанидзе Соломона.
Лебанидзе: «Къовсавеллера азербайджанхо-шиIат а, салафи а. Хьалхарчо бехк буьллура, цара Шема ДАIИШе тIом бан нах бохуьйту бохуш. Вукхо жоп делира, шаьш и хIума лелош дац, шаьш кху пачхьалхкан партиоташ ду, шаьш маьрша нах а ду, шайна Гуьржийчоь дукха а еза, аьлла. Цу шина юккъехь хилла болу и цакхетамаш дIебелира аьлла хета суна»
Гулбелла журналисташ а маьрша бара, шайна луу хаттарш дала. ЛадоьгIча, билгалдолура бусулба динах царна дукха хIума хууш доцийла. Амма и есалла хьалаюза дагахь бу уьш, цундела, цара дехар дира, шайца мелла а тIекIаре хилахьара аьлла.

XS
SM
MD
LG