Европера шира а, яккхий а партеш, шолгIа дуьненан тIом дIабаьлчхьана ширачу континентера политикан майданахь коьрта рол ловзийна йолу, адамийн хьашташна кхин тоам беш яц. Уьш и тоам беш йоцийла гойту тIаьхьарчу шерашкахь тайп-тайпанчу Малхбузерчу пачхьалкхашкахь хуьлучу харжамашкахь аьтто-популисташ толаро а, цара парламентехь а, урхаллашкахь даржаш дIалоцуш хиларо а. Иштта хилира Нидерландашкахь а, Германехь а, Швецехь а, Полшехь а, Венгрехь а, Францехь а. Иштта хьал ду Австрехь кхолладелларг а, кIирандийнахь президентан дарж къовсуш волчу шиннах цхьаъ аьтто-популистийн Маьршачу партин векал волчу. Европерчу пачхьалкхашкахь лакхарчу Iедалийн архаш аьтто хьежамаш болчийн хIинца а каракхаьчна яцахь а, амма церан тIеIаткъам алсам болуш хиларо а, цара дуьйцурш адамийн цхьана доккхачу декъана товш хиларо а боккха сингаттам кхуллу, демократин система егош хилар а гойту. Гойту цо иштта, Европехь нахана политикера керла боламаш а, керла идеяш а, бакъйолчу демократин амалш а оьшийла. ХIинцалца схьа хиллачу партеша, багахь мел демократи йийцахь а, амма бакъйолчу халкъан урхаллина и партеш генаевллийла а, цара ларйеш ерш доккхачу декъехь мискачу нехан интересаш а йоцуш, яккхийчу концернийн а, хьоладайн а интересаш юйла а. Цу хьелашкахь керла политикан болам кхоьлла безаш хиларх кхеташ бара Малхбузехь дуккха а могIарера нах а, юкъараллин жигархой а. И керла болам карара 2016-гIа шо долалуш кхайкхийра даханчу шарахь Грецин финансийн министр хиллачу Варуфакис Яниса. Берлинерчу Фолксбюне театрехь шен хиллачу цхьаьнакхетарехь гIуран беттан 9-чохь цу гIарйаьккхира ДИЕМ-25 бохучу политикан боламан концепци. ДИЕМ-25 бохург Европехь Демократин болам бохучух дацдарг ду, ткъа 25 бохург – иза 2025 шо кхачале и болам чIагIбелла, Европехь коьртачех халкъан политикан ницкъ хилла дIахIотта безаш хиларан Iалашо гойту терахь ду.
Цу боламан коьрта месседж, цо адамашна кхето гIертарг цуьнан политикан манифестан цIарца гуш ду - „Евробартана демократизаци ян еза, ца яхь и цхьаьнатохаралла юхур йолуш ю“ бохучу. Ткъа боламан коьрта программа а цу кхетамца йоьзна ю – йоллучу Малхбузехь ширчу политикахь догмовла бевла болу нах вовшах а тоьхна, царех цхьа маша бар. Иштта – маша санна, парти а йоцуш, лору шаьш ДИЕМ боламан декъашхоша. И болам кхоьллина волчу Варуфакис Яниса юх-юха а билгалдоккхуш ду, Европехь адамаш политикех кхин ца тешар цигахь политикий, финансийн элиташий вовшашца совтIех йозар ду, ткъа пачхьалкхийн урхаллаш а, Брюсселера Евробертан куьйгалла а, Варуфакисан дешнашца аьлча, „лай санна финансийн, индустриян конгломераташна муьтIахь а болуш, царна тов-товш дерг политикан тIегIанна тIехь чекхдоккхуш“ хилар ду. Цу кхачамбацарх пайда оьцу Европехь тIаьхьарчу шерашкахь корта хьалаайъинчу националистийн партеша, Евробертан оллала кIелара халкъаш а, пачхьалкхаш а паргIат даха деза бохучу кхайкхамашца шайн агIончийн терахь лакхадоккхуш йолчу. Амма Варуфакисна хетарехь, цу националистийн партеш кхин а алсамох кхерам бу, хIунда аьлча цара юкъараллехь яржош ерш цабезаман, шеконийн, ксенофобин идеяш ю.
Кху деношкахь ДИЕМ-25 боламах лаьцна лекци еша Австрин коьртачу шахьаре Вене веанчу Варуфакис Яниса иштта дийцира, карарчу хенахь Европехь политикан элиташа уггаре а чолхе проблема санна тIеоьцуш йолчу цара шех „мигрантийн“ я „мухIажарийн кризис“ олучу хиламах лаьцна.
Варуфакис Янис: „Иза мухIажарийн кризис яц Европехь ерг. МухIажарийн кризис Либехь ю. МухIажарийн кризис Туркойчохь ю. МухIажарийн кризис Иракъехь ю. МухIажарийн кризис Шемахь ю. Йорданехь ю. Либерчу бахархойх 40 процент нах мухIажарш бу – иза ю мухIажарийн кризис. Вайгахь яц мухIажарийн кризис. Вай долчехь Европерчу экономикан кризис ю, Европерчу политикан кризис ю, Европерчу демократин кризис ю. Вайн бIаьрзе хила мегар дац адамийн хьашташна, хIунда аьлча тIаккха уьш цатешаман, шеконан йийсарехь хир ду. Вайн бакъо ян адамаш цабезам а, цатешар а яржочийн каракхачийта, ксенофин а, национализман а, расизман а йийсаре адамаш кхачийта“.
Керлачу политикан агIончийн могIарш Евробертана юккъе йогIучу 28 пачхьалкхеъь вуно чехкачу боларца алсамбовлуш бу. Уггаре а дукхах бу уьш Германехь а, желтойн махкахь а, Белгехь а, Австрехь а. Ала дашна, Австрехьий, Германехьий дуккхаъ а нохчийн кегирхой а бу керлачу политикан машанахь жигара дакъалоцуш. Венерчу..
Венерчу махбаран а, технологийн а дешаран тушпхьанахь яккхий машенаш яран а, лелоран а говзалла Iамош волу Эдельмурзаев Адам а ву шен накъосташца ДИЕМ -25 боламан декъашхо. Маршо радиоца цу хьокъехь шен хиллачу къамелехь Адама дийцира, шена хетарехь, карарчу хенахь и санначу инициативин гIоьнца политиках адамийн чам балар юха а тоьхна, Iедал националистийн каракхачарх юкъараллаш лар ца лахь, Европера хьал кхечарна санна нохчашна а кхерамечу доьрзур ду. Цундела а мехала хета цунна нохчийн кегирхой керлачу политикан боламашкахь дош лелаш хилар.
Эделмурзаев Адам: „Иттех шо ду Европехь Брюсселера бохучунна тIехь пачхьалкхаш лаьтташ йоцу. ХIора пачхьалкхено шена луург до. Ткъа хьалха муха дара? Брюсселехь массо а мехкан векалш вовшех дага а бовлуш, юкъара сацам тIеоьцура. Иза юхаметтахIоттон дезаш ду. И ца дахь Евробарт бухур болуш бу. Евробарт бохахь, тIаккха кхузахь гIурт хир бу, националисташ коьрте богIур бу, тIаккха иза массарна а во хир ду. Вайн нохчи а ма буй кху Европехь бехаш, кхин дIа а бехар болуш а. Вай кхузахь Iаш хилча, вай ишттачу керлачу политикан боламехь дакъалацар вайна пайдехь хир бу аьлла хета суна. Цундела юккъе вахана со цига. Шорта нохчи а бу цу юккъехь“.
Цу юкъана ДИЕМ-25 боламан агIончаш Европехь хилла ца Iа, и маша хIинца Iапказал дехьа, Цхьаьнакхеттачу Штаташкахь а баьржаш бу. Иштта вайн заманахь уггаре а бевзачех интеллектуал волчу публицисто Хомски Ноамс а ша ДИЕМ боламан декъа хилар гIардаьккхина.