ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчохь мискачу нахана гIодан кхераме ду


Гочичиладзе Давид а, цуьнан зуда а
Гочичиладзе Давид а, цуьнан зуда а

Гочичиладзе Давид, ша а цхьана хенахь журналист хилла волу, нахана сагIа дала волавеллера масех бутт хьалха. Дуьххьара урамашка ара а ваьлла, лелара иза бутербродаш дIасайоькъуш. Цул тIаьхьа, цхьа жимма а таро йолчу наха кхуьнга лора сурсаташ а, бедарш а, оьшучарна дIаекъа олий. Тахана, цхьана Тбилиси-гIалахь яккхий туьканашна уллохь арахь лаьтташ ю, гIорайийригаш, чохь яахIума а йолуш. ГIийла нахах дог лозуш, Давида йолийна йолу и акци, Гуьржийчоьнан кхечу регионашка а яржа мегаш яра, амма, иза цхьана ца дезначух тера ду. Цуьнан петаран герз тоьхна хIара шен доьзалца чохь волчу хенахь. Гочичиладзе Давида, дийцира Маршо Радиога хиллачух.

Гочичиладзе: «Сарахь цIахь дара тхо: сан нана а, зуда а, бер а. ЦIаьххьана цхьа тата хезира суна. ДIахьажча, пена тIера кир охьабелира, чан а йоккхуш. Со хIалагIаьттича, кхин цкъа а тата делира. Корах кхозу бой меттахъяьлча, со кхийтира иза дIаьндарг юйла. Иза леррина суна хьажийна тоьхна яра. Мохо бой меттахъяьккхина дела, сох ца кхеташ дика йисира иза. Патрул а кхайкхина, сайн доьзал кхечу метте дIабига дийзира сан. ХIара дуьххьара хилла хIума дац. Тхуна кехаташ а кхуьссура кхерамаш тIехь а болуш. Офисан неIаршна тIе басарш а дуттура. Дуьххьара инцидент хилира, оха арахь хIоттийна, яа хIума тIехь йолу стол харца а йина, ша ерриг дIасакхоьссинчу хенахь».

Дуьххьара гIийлачарна гIо-накъосталлан фонд кхуллуш, моьттина а дацара Гочичиладзе Давидан, оцу некъа тIехь иштта дуьхьалонаш хир ю аьлла. Шена хууш ду боху цо, иза мичара догIуш ду.

Гочичиладзе: «Тхоьга бохург ду: Iедалшна дуьхьал нах гIитта ма бе. Iедалшна дуьхьал ма хила. Iедалшна юккъе бахана радикалан ницкъаш. И хIуманаш лелош берш уьш бу. Муьлхха а радикалаш, я политикехь, я динехь хилар дика дац. Ницкъана тIетеIа уьш. Иза дика дац. Тхуна наха яхьа хIума. Оха иза мискачарна дIасайоькъу. Тахана Тбилисехь 20 сов меттиг йина оха. Ткъа, гIийла бохкачу нахана олий, Iедалан ахчанех кхачанан чоьнаш йиллинчара, дукха ахча лачкъош ду. Цу чу хIума кхалла баьхкинчарна, луш ерг ю, еккъа хих йина чорпа. Уьш криминалан олигархаш бу. Со къарлур вац. Тхан болам соцур бац. Суй латийна оха. Тхо нйиса ду, цундела къарлур дац тхо».

Социалан хьашташ ледар кхочудеш хиларо, муьлххачу а пачхьалкхехь баланаш алсамбоху, цул тIаьхьа, цунах бала хуьлу, аьлла хета Гочичиладзе Давидана. Ала догIу, иза дагахь ву оцу шен проектан юккъе ПIаьнгаз-чIожера кистой а бахко.

Гочичиладзе: « Ас Ленинан къамел даржа ца до цкъа а. Со реза вац цунна. Амма цо аьлла цхьа хIума далор дар ас. «Къаьмнийн баланаш кхоллало, социалан хьашташ кхочуш ца дечу меттигехь». Цу тIехь иза бакъ вара. ПIаьнгаз-чIожера а, Тбилисина генахь йолчу кхечу меттигашкара а нах Шема дIаоьхуш хилар тидаме эцча, церан социалан хьашташ кхочушдан дезаш ду. Тхан Iалашо яра, гIо-накъосталлан фондан балхана юккъеозо кистой а. Иза схьагарехь Москохара урхалла дечу кхузарчу Iедалшна ца тайна хила а мега. Иза олигархийн мафи ю, Гуьржийчохь хан мел йолу алсам Iаткъам беш йолу».

Шен доьзал кхерамазалла йолчу метте дехьа а баьккхина, нахана деш долу гIо сацо дагахь вац Гочичиладзе Давид. Иза тешна ву, нехан баланашна юьхь дуьхьал Iедалша дирзича, пачхьалкхехь массо а тIегIанехь токхо хIуттург хиларна.

XS
SM
MD
LG