Цхьа минот ца яьллехь, Европехь дуьххьара аьтто-популисте президент кхочуш вара Австрина – меттигерчу ФПОь, аьлча а, шен бусулба динца а, мигранташца а гамонца евзаш йолчу Маьршачу партин кандидат Хофер Норберт. Бутт хьалха дIабаьхьанчу президентан харжамийн хьалхарчу гонехь цу стаго яьккхинера хьалхара меттиг, 35 герга процент харжамхойн аьзнаш гулдарца. Амма цуьнан абсолюте алсамалле кхача ка ца далар бахьана долуш шозлагIчу метте ваьллачу Баьццарчу партин кандидатца Ван дер Беллен Александраца шозлагIчу гонехь и дарж къовса дийзира цуьнан.
Кхин вовшех къаьсташ муха хила йиш ю ца хаъалла бен-бен вара ши кандидат. Хьалхарниг – Хофер Норберт, I970-чу шарахь вина волу жимстаг, шозлагIниг – Ван дер Беллен Александр – 72 шо долу къано. Хьалхарниг ултра-аьтторчу хьежамашца, Цхьаьнакхеттачу Европина а, мухIажаршна а, бусулбачарна а дуьхьал хиларца гIарйаьллачу партин кандидат, ткъа шозлагIниг – Европин цхьаалла лоручу, иза ларйаре кхойкхучу, мухIажаршна кевнаш схьаделларе а, Европин дозанаш ка ма-доллу диллина дитаре а, бусулба динан маршо Австрин конституцехь кхечу динойн маршо санна Iалашйеш хилар диц ца даре а, национализман муьлха а кеп дера емал яре а кхойкхучу Баьццарчу партин векал. Хьалхарниг техникум яккхар бен, кхин Iилман я дешаран кIорге йоцу хабарча, шозлагIниг – университетан профессор, Iилманча.
И шиъ сел тайп-тайпана хиларо а, цу шиннах муьлха а харжахь а, Австрин политикан некъан голатохар хазнесанна хийцаяла йиш йолуш хиларо а вуно лакхаяьккхинера харжамашка герга мел гIурту а царна гонахьара интрига. Нагахь санна ша президент харжахь, - ткъа ша тулург хиларх шеко а яц, - ша Австрехь уггаре а хьалха зударша хиджабаш а, никъабаш а лелор доьхкур ду, мухIажаршца долу низамаш чIагI а дийр ду аьлла дIахьедар дира Хоферо, тIаьхьадисинчу деношкахь уггаре а радикале хьежамаш берш а шена тIегулбархьама. Амма гIо ца хилира цунах, хила герга дахнехь а. Хетарехь, цкъа а Европехь цхьанна а махкахь ца хиллачу кепара белш-белшах гIоьртина жамIаш шина кандидато гойтуш хилар кхажтассаран каппаш дIакъовла герга мел йоьлху а гуш дара, экзит-пуллийн хеттамашкахь. Цхьана мIаьргонна аьтто-популист Хофер хьалха волура, I-2 процентана, юха Ван дер Беллен тулура оццу масех процентана. Харжамийн суьйре иштта дIа а йирзира, Хоферан 5I процент, Ван дер Белленан 49 процент хила мегаш.
Кхоччуш массо а кхаьжнаш дагар дина оршотан сарахь бен хуийла доцуш, вуно боккхачу сингаттамехь бара шинна а кандидатан агIончаш. Ткъа сарахь пхиъ даьлча, вовше кхаьънаш даха буьйлабелира Баьццарчу кандидатан агIончаш – официалан жамIа схьакхайкхина, вайн президент Ван дер Беллен Александр ву бохуш. Бакъду, ах процент герга бен а, аьлча а 30 эзар алсамох бен аьзнаш ца кхаьчнера цунна Хоферна чул.
Кхеташ ма-хиллара, Австрехь беха нохчи а бара хазанесанна саготта, харжамашкахь Хофер толахь шайн кхолламаш муха хир бу ца хууш. ХIунда аьлча, бусулбачаьрга а, тIебаьхкинчаьрга а цабезам хилла ца Iаш, къаьстина нохчийн къоман вочу агIор цIейоккхуш хазахеташ цуьнан Маьршачийн парти хиларна массарна а кхеташ дара, дика болх нохчашна аьтто-популист президент харжахь хир боцийла. Австрерчу нохчийн юкъараллин жигархочунна Исханов Хьусейна дика хаьа, хIун кхерам бара меттигерчу нохчийн диаспорина тIехIоьттинарг, нагахь санна Хофер Норберт хаьржинехь.
Исханов Хьусейн: „Цу националистийн партин лозунгаш ерриш а тIебаьхкинчу нахана дуьхьал хьовсийна яра. Къаьстина нохчийн буьйцуш вара и Хофер а, цуьнан партин куьйгалхо Штрахе а. Кхузахь тIебаьхкина тайп-тайпанчу къомах болу нах белахь а, амма царе юккъера нохчи багара охьабохкуш бацара. Цундела хазнехсанна гIочу дер дара вайн къомах болчу нехан хьал Австрехь“.
Президентан дарже аьтто-популист Хофер Норберт ца ваьллехь, амма чекхбевллачу харжамаша гайтина, Австрехь мел кIезга а ах къам аьтто-популистийн хьежамаш боькъуш хилар. Цундела хIинца -м уьш Iедале ца баьхкинера аьлла паргIат бовла мегар дац нохчи аьлла хеташ ву Исханов Хьусейн, цара шайн боларш а, шайн цхьадолу леларш а хийца ца хийцахь, нохчийн цу махкахь хиндерг муьлха а Iедал коьрте дагIахь а хаттаме хир ду.