Ах шо сов хьалха йолийна йолу кхел, Оьрсийн кица «Низам гIуркх санна ду. Ахь дерзийначу агIора хир ду иза», бохург бакъ деш хилар дIаяхьна. Дуккха а тоьшаллаш, Карпюк а, Клых а, хьалхарчу тIамехь хилла ца хиларх тидаме а ца эцна кхело. И тоьшаллаш онда бух болуш хиларна а тоьшаллаш, дукхачу наха далийча а, тергал ца дина. Ткъа и шиъ Нохчийчохь тIом беш хиларал сов, оьрсийн эскархой иттанашкахь байина а, царна тIехь къизаллаш лелийна бохуш цхьана стага, Молофеев Александра дийцинарг юккъадалийна оцу гIуллакхан.
И процесс йолаелчу дуьйна, цигахь болх беш ву Маршо Радион оьрсийн сервисера корреспондент Наумлюк Антон. Цо дийцира, оцу кхелан йохаллехь далийначу тоьшаллех.
Наумлюк: «Бехкбуьллучу агIорара цхьа Молофеев Александр бен вацара цу процессехь. Цо бохура шена Карпюк Нохчийчурчу тIамехь гина. Иштта шена тIом беш гина бохура цо, Украинан хилла волу премьер-министр Яценюк Арсений а. ГIодоккхучу агIорара массийта журналист вара, оцу хенахь Соьлж-ГIалахь болх беш хилла. Уьш бахкийнера адвокаташа. Кхин а, кхеле кхайкхинера «Мемориалан» куьйгалхо а. Цо кхоччуш дийцира 1994-1995 шерашкахь шаьш кхузахь гулдинчу тоьшаллех. Иштта, цо дийцира 2000-чу шарахь хиллачух а. Карпюкан а, Клыхан бехке дуьллуш дара оцу шарахь а, Радуев Салманан тобанехь Ведан кIоштерачу тIеман Iаморан базехь хилла аьлла. И ша долу хIума бакъ ца хилар дIахаийтира бакъонашларъярхочо. Иштта оцу кхелехь дакъалоцуш яра украинера журналист Томак Мария. Цо дукхачу хьолехь дийцира Карпюк а, Клых а дIалацаран хьолех. И хьелаш чIогIа тамашийна ду. Карпюк Оьрсийчу веънера, националистийн тобанаша векал а вина, ГIирмехь референдум ма е аьлла дийцарш дан. Дозанехь иза дIалаьцнера эскархоша. КхоолгIачу дийнахь, иза дIавигнера ФСБ-н белхахоша. Клыхца дерг а тамашийна ду. Иза Орел-гIала вахана хилла, шена цул хьалха ГIирмехь евзинчу йоIаца цхаьнакхета. Хьешан цIийнехь иза а дIалаьцнера ФСБ-н белхахоша. Я иза а, я вожа а дIалацале Молофееван тоьшаллашкахь цхьанхьа а хьахош а вацара».
Карпюкан а, Клыхан а тIехь йоьдучу процессан масал тидаме эцча, дукхачу тергамхойн шеко ца кхоллало, тIаьхьара сацам бан безачу кхелхочуьнан вердикт муха хира ю. Ши а украинхо я 1994 а, я 2000-чу шерашкахь а Нохчийчохь хилла ца хилар тоьшаллаш далошшехь, царна бIаьргаш хьаббина ю кхел. Шайна оьшучу хенахь уьш схьа а боьллуш,бохуш кхин дIа а дийцира журналиста Наумлюк Антона.
Наумлюк: «Кхело тидаме ца эцна шина украинхойн агIоно далош долу тоьшаллаш. Клых оцу хенахь доьшуш хилла университетехь. Цигара зачетка а яра еана. Цу тIехь гуш дара 29-чохь иза экзаменаш луш хиллийла. 2-чохь а елла цо экзамен. Иза хIора дийнахь доьшуш хилла, цундела цхьанна а кепара иза хуьлийла дацара Нохчийчохь. Амма кхело оцу гIуллакхан юккъе ца йиллира цуьнан и зачетка. Карпюк националистийн боламехь вевзаш стаг ву. Иза кхузахь ца хиларан тоьшаллех далийна дара цIахь даьхна цуьнан суьрташ а, хаамийн гIирсашкара цуьнан интервьюш а, зорбанан-конференцешкахь цо дакъалоцуш хилар а. Кхело и тоьшаллаш а чоьте ца ийцира».
ХIинцалц дукха нах тешна бара Карпюк а, Клых а, Украинехь дIалаьцначу оьрсийн шина эскархочуьнца хуьйцур ву аьлла. Амма цIаьххьана и шиъ хийцира украинан эскархочуьнца Савченко Надеждица. ХIетте а, Карпюк а, Клых а цIаверзаран некъаш ду. Царах кхин дIа а дийцира Маршо Радиона корреспондента Наумлюк Антона.
Наумлюк: «Ши некъ бу Карпюк а Клых а цIаверза. Суна хетарехь адвокаташ ши а юьхьарлоцур бу. Аппеляци йоцург ду иза. Карпюка хIинцале Европерачу адамийн бакъонашкахула кхеле арз дина, шена таллам боьдучу хенахь къизаллаш йина аьлла. Цхьа некъ бу, Iедалша къинхетам а бина, селхана Савченко санна цхьаьнца хийцар. Нагахь санна и къинхетам цара бехча, иза бахь а, гергарчу хенахь и шиъ цIа юхаверза мега. Цу шимма, и дехар дича, шина пачхьалкхан юкъахь политикан барт хила беза, и шиъ цхьаьнца хуьйцур ву аьлла. Кхин некъ бу, и шиъ Украине дIа а вигна, цигахь цаьрга набахтехь хан такхийтар. Иштта деш делахь, Украино, чIагIо ян еза, иза иштта хир ду аьлла. Цул совнах, шайн низамашкахь, царна и таIзар дан бух, аьлча а артикал каро еза. Иштта, кхоччуш тоьшалла а хила деза, и шиъ боккъал а набахтехь хан токхур йолуш ву аьлла».
Карпюк Николайн а, Клях Станиславан кхел дукхачу тергамхошна хета политикан бахьанехь юйла. Савченко Надежда а, лачкъа а йина, Оьрсийчу ялийна йолу, дукха кIоршаме бехк тIе а оьллина, йоккха хан тоха мегаш яра. Схьагарехь, цуьнан кхоллам шина пачхьалкхан куьйгалхоша барт а бина, къастийна. Аьтто бер буй иштта Карпюкан а, Клыхан а цIаверза, къаста мега гергарчу деношкахь. Цу шинца хийца а, схьагарехь нах бу Украинехь а.