Гуьржий чIогIа схьаийна нах бу. Дагахь хIума доцу бера санна, хьоьца тIекIаре а волий, къамел дийра муьлххачо а. Девнехь буьрса а хуьлу, доттагIаллехь кIед-мерза а хуьлу. Церан буьрсачу сибаташна юкъахь ду экаме са. Дукхахдолу церан доттагIашца, накъосташца хуьлуш долу цхьанакхетарш ресторанашкахь, кафеш чохь хуьлу, шортта молуш кемсийн чагIар а долуш. Европехь и пачхьалкх, кхин юха а йоьрзур йоцуш дIайирзинчул тIаьхьа, шортта керла ламасташ деъна. Хьакхалуш ду уьш леларах а, Iера-дахарах а, тамашийна хетахь а - маларах а. Къаркъа, виски, йий шуьйра юккъедаьлла. Амма дайшкахь дуьйна деза а хеташ, хи санна дIамолуш долу чагIар къар ца ло. Тахана, юха а иза айдина. Кахети олучу меттехь, Телави-ГIалана уллехь ю Напареули цIе йолу юрт. Цигахь, шалавина шина вашас схьайиллинаде меттиг. Шаьш гулъечу кемсехь доккхуш ду цара иза. Циггахь ресторан а, хьешан цIа а, чIагаран музей а ю. Шинах цхьана вашас Гамткицулашвили Гияс, дийцира Маршо радиога, Кахетера чагIаран даккхаран ламастех.
Гамткицулашвили: «ЧагIар дан ши метод ю: Европера а, Кахетера а. Кахетехь чагIар до сацкъаран кхабан чохь даххашца цхьаьна. Севсинчул тIаьхьа, кемсийн мутт а, даххаш а дIасакъаьста. Иштта латтадо иза 6-7 баттахь, зазадоккху а, оханан бутт тIекхаччалц. Тхо долчохь лаьтташ йоьллина ю 120 сацкъаран кхаба. Гуьржийн маттахь 'квевли' олу царах. Цхьацца кхабана чу 4 тонн кемсийн мутт доьду. Ткъа, ша дерриг оха чекхадоккху муттан барам бу 400 тонн ца кхоччуш. ЧIагIар хилла даьлчулла тIаьхьа, оха химийца цIан ца до иза. ЧагIар чIогIа цIена а, дика а хуьлу. Иштачу хьолахь, оха иза шишанашна чу дутту. ТIаккха духку. ЧагIар даран тхайн дайшкара схьайогIуш цхьа къайле ю тхан. Иза тхуний бен ца хаьа. Тхоьга иза тхайн дайшкара кхаьчна».
Кахатехь, къаьстина шаьш деш долу кемсийн чагIар, дарбане а лору Гамткицулашвили Гияс. Дагана а дарба до, цIе ца йоккху цамгар а дIайоккху, аьлла кхин дIа а дийцира цо.
Гамткицулашвили: «ЧагIар деза малар ду. Иза дарба а ду. Къаьстина ахь, иштта оха ма дарра кечдахь-иза дарбан хуьлу. Кемсехь мел долу дика хIума, оцу чагIаре доьду. Адамо иза мелча, цунна дарбанна хуьлу иза. Кахетерачу чагIарца шортта экстаркт ю. Цо дика дарба до дагана а, цIе ца йоккхучу цамгарна а. Къаьстина пайденна хуьлу саперави олучу кемсехь даьккхинчунах».
Тахана Гамткицулашвили шина вашас доккху кемсийн чагIар Гуьржийчохь уггаре а девзачарах ду. Иза, 7-8 пачхьалкхехь дохка арадоккхуш а ду. ХIора шарахь Гуьржийчохь дIахьочу чагIаран фестивалехь а, хьалхара меттигаш йоху церан маларо.
Гамткицулашвили: «Хьалха тхан дайша, хIинцалерачара санна дукха ца молура. Амма ттахана гуш ду, гуьржаша европейцаш санна дийнахь 3-4 кад чагIар молу. Масала, ас а молу иштта. ХIора дийнахь 3-4 кад. Бакъдерг дийцича, хьеший баьхкина хилча, 2-3 литар молу цхьана суьйранна. Иза-м наггахь бен ца хуьлу. Гуьржий хIинца дийнахь чагIар 2-3 кад бен ца мала гIерта».
ЧагIар а, кхидолу малар а чIогIа даьржина делахь а, Гуьржийчохь дукха барамехь бац и малар ца хилча ца мега нах. Хьалха, масала йий наггахь бен ца молура кхузахь. Иза чохь долу кад айба йиш яцара чагIарца санна. Йийца дош олура, стун ненах а, я ледар къонахех а. Ткъа, тахана, ког-баьккхинчохь молуш ду и йий. Бахьана - гуьржийн каталикоса Илия II-чо декъал дина и малар чагIар санна деза ду аьлла. Йий малахь а, хIинц-хIинца, шай дайша молуш а, деза а лоруш хилла долу чагIаран тIебоьрзуш бу гуьржийн кегий нах, аьлла тидам бира Напареули юьртахь чагIар дечу меттигаш долахочо Гамткицулашвили Гияс.
Гамткицулашвили: «Кегирхоша тахана йий молу.Иза даьржина долун дела. Амма тIаьхьарчу хенахь, сацкъаран кхабанаш чохь кхиийна чагIар дика хиларх кхеташ, цунна тIебоьрзуш бу уьш а».
ЧIагIар даран а, маларан а гуьржийн шира ламаст, кхоччуш ца хуьлу, стоьла тIехь массийта озаца эшар ца аьлча. Муьлхха а хIума хестош, хIокху кедо вайна юккъера гергарло чIагI а дойла, хIокху кедо и гергарло хер а ма дойла бохуш а олу, цхьаболчара.