ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишан декъашхой лоьхуш бу Европехь


Германи
Германи

Еари дийнахь ткъесан кепехь немцойн чоьхьарчу гIуллакхийн министралло журналисташлахь баржийначу хаамца, ша шех Исламан Пачхьалкх олучу ДаIиш тобанера вуно кхераме террорхой лаца кадаьлла цу хьукматан. Iедалхоша чIагIдарехь, лаьцнарг верриге а виъ стаг ву, кхоъ Германехь, воьалгIаверг Францехь. Амма кхин а алсамох цу талорхойн накъостий лоьхуш ю полици, хIунда аьлча, лийцинчех цхьаммо, Францехь набахтехь воллучу ДаIишн декъашхочо динчу мукIарлонца, цу тобано алсам шайн агенташ хьовсийна Германе, цигарчу тайп-тайпанчу гIаланашкахь тIелатарш дайта. Иштта, масала, хIинца лийцинчу ДаIишхойн Iалашо хилла, Дюсселдорфан юккъехь, шех шира гIала олучу уггаре а дукха туристаш а, меттигера нах а лелачу кIоштахь талорш дан. Церан планаца, ши талорхо Iожалхо санна нахана юккъехь эккха везаш хилла, ткъа вукху шиммо цаьрца цхьаьна эккхийтарш бахьана долуш боьхна дIасауьдучу нахана тIе герзаш детта долон дезаш хилла. И сценарий даханчу шеран лахьан-баттахь Парижехь террорхоша динчу тIелатарех тера йогIуш ю. Тамаша а бац, лийцинчех цхьаъ дечкен-баттахь Брюсселехь тIелатарш динчу террорхошца уьйраш йолуш а хилла, цигахь шена Iедал тIаьхьадаьллийла кхеттачул тIаьхьа Париже дехьаваьлла хилла, ткъа Брюсселера а, Парижера а тIелатарш дина хилла зуламхой вовшашна бевзаш хилла хилар а, цхьана урхаллера омранаш кхочуш деш хилар а къайле яц.

Лийцинарш берриш а шемахой бу, немцойн Iедалхошна тIе а тевжаш, Шпигел журнало бинчу хаамца. Царех шиъ 20I4-чу шарахь ДаIишан куьйгалло Туркойчухала Европе хьажийна ву, терроран акташ ян. Германе шаьшиъ схьакхаьчначул тIаьхьа церан кадаьллера, цигахь кхин цхьаъ шайн махкахо шайн агIор ваккха. ВоьалгIаверг хьалха Шемахь тIамехь а хилла, цигахь ДжабхIатул Нусра тобанехь оьккху молханаш кечдеш говзанча хилла ву, тIаьхьарчу шина шарахь Германехь мухIажар санна вехаш а хилла иза, бохуш чIагIдо Iедалхоша.

Нагахь санна ДаIиш тобано шен талорхой Европехь терроран тIелатарш дан хьежош белахь, сецца дац Европера ДаIишах дIакхета оьхучу кегирхойн терахь, тIаьхьарчу масех баттахь цу тобан тIеман эшамаш бахьана долуш церан идеологих Iехалучийн могIарш мелла а нилха девллехь а. Иштта, хьастагIа Белгин коьртачу шахьарахь бехачу нохчийн доьзалера кIант Шемахь вийна аьлла хаам а кхаьчча, дакъ доцу тезет хIоттийнера цигахь бисинчу цуьнан гергарчу наха. Тезет аьлча, кадам бан нах эхар, хIунда аьлча Шема я Иракъе тIаме а вахана вийначунна гаррехь тезет хIоттон Iедалех ца хIутту Европехь беха нах.

Вийнарг ткъех шо долуш жима стаг вара, бохуш дийцира Маршо радионе и кIант а, цуьнан доьзал а бевзаш волчу шен цIе йийца ца лиинчу Брюсселан яхархочо. Ховха доьзал а, диканиг болх а битина, цхьанга а ша мича воьду ца хоуьйтуш вахана хиллера иза.

Брюсселан яхархо: „Кхузахь дика мел волуш волу кIант цхьаммо Iеха а веш, дIавуьгуш ву Шема. Тахана вийца хIумма а генара а воцуш кIант вахана цига дIа, дикачу балхахь а волуш, хазал ялла йоллуш жима зуда а йолуш, дикачу нехан а волуш. Цхьангга а ца хаийтина цо ша мича воьдуш, кара ца веш массийта де даьллачул тIаьхьа тIаккха хаам бина шен нахе, ша Шемахь ву аьлла. Цуьнан да тIаьхьавахнера, амма иза цуьнца цIаван ца тикнера, ша вогIур вац аьллера цо, ша Делан новкъахь ву, дин даржо араваьлла ву ша, аьлла“.

Белгера а, кхечу Европерчу пачхьалкхашкара а Шема я Иракъе а бахана, байъинарш хIинцале а бIеннашкахь бу. Еккъа цхьана жимачу Австрера ву Шемахь вийна ларалуш 44 виъ стаг, шайна юккъехь ткъех нохчо а волуш.

XS
SM
MD
LG