ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германи а, Оьрсийчоь а кхин партнёраш бац


МеркелMerkel Praises Turkish Ties After Armenian Genocide Vote
МеркелMerkel Praises Turkish Ties After Armenian Genocide Vote

Германин урхалло Оьрсийчоь кхин шен партнёр ца лоруш хилар гIардаьлла, цу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн доктринехь хийцамаш бинчул тIаьхьа.

Германин тIеман министралло кечйой, немцойн урхаллин а, тайп-тайпанчу институционийн а тидаме юьллу шен „КIай киншка“ олуш йолу рапорт. И киншка, - цунах Германин арахьарчу политикан доктрина а ала мегар ду- хIора шарахь арахоьцуш яц, цхьацца тидаме ца эцча ца болуш болу баккхий хийцамаш дуьненчохь а, ша Германехь а хилчий бен. Иштта, масала, хIинцалца схьа немцойн урхалло пайдаоьцуш лелош йолу доктрина 2006-чу шарахь тIеэцна яра, хIетахь дуьйна кхин хийцамаш ца бинера цу документехь. ХIинца амма дуьненчохь хийцаделла хьал а, ткъа уггаре а хьалха 2006-чу шарахь Германин, Оьрсийчоьнан, я вуьшта аьлча, Малбузенан, Оьрсийчоьнан юкъаметтигаш лар йоцуш яйча санна, цу шина агIонна юккъехь шело хIоттаяларна, керла концепци кхоьллина Германин тIеман министралло, кхечу цу махкарчу нуьцкъаллин министраллашца цхьаьнанаболхбарехь.

ХIун ду керла 80 агIонах лаьттачу рапортехь, хIинца кху деношкахь тIе а эцна, аьхкенан садоIаре урхаллин хьукматхойн дIасабахле царна йовзийта леринчу. Керланиг ду хIинцалца схьа цу „КIайчу киншки“ тIехь Оьрсийчоь стратегикаллин партнер а, Германин ца хилча йиш йоцу тешаме накъост а санна вуьйцуш хиллехь, хIинца доктринин керлачу редакцехь Оьрсийчоь немцойн урхаллин партнер яц аьлла билгалдаккхар. Цу киншкин автораша яздо, „Оьрсийчоь континентан кхерам бу“ бохуш. Кремлан а, таханлерчу Оьрсийчоьнан а кхераме леламаш хьахош цара билгадаьккхира, Путинан тобано ницкъаца шайн интересаш ГIирмехь а, Украинин Малхбалехь а чекхйаьхна хилар а, дуьненаюкъара барташ цу пачхьалкхено кхочушбеш ца хилар а, ткъа иштта шена хьашт долчу агIор цо дозанаш хуьйцуш хилар а. Иштта билгадолккхуш ду. Оьрсийчоь ша Малхбузенна пебетташ ю, Евробертан арахьарчу дозанашкахь шен тIеман ницкъаш алсамбохуш а ю, аьлла. И дерриге а тидаме а эцна, Оьрсийчоь Германин кхерамазаллехь а, арахьарчу политикехь а партнер лара ца догIу аьлла сацам бина „КIайчу киншкин“ авторша.

Ала догIу, и йозанаш еккъа цхьа рекомендацин амал йолуш хилла ца Iа, иза немцойн урхалло шен арахьарчу политикехь йохуш йолу гIулчаш цунна тIе а товжуш бен яха йиш йоцу документ ду. Ткъа хIун тIеIаткъам бан йиш ю те доктринехь бинчу хийцамаша Германин, Оьрсийчоьнан иштта а телхинчу юкъаметтигашан? И хаттар Маршо радионо Венерчу университетан Iилман белхахочуьнга, политологе Чапханов Руслане делира.

Чапханов Руслан: „Германи тIахьарчу хенахь Евробертан пачхьалкхашна юккъехь лидер хилла дIахIоьттина, кхечарна хьалха а дош олург хилла дIайоьдуш ю. Тахана Оьрсийчоьнний, Евробартаний юккъехь хIоттаелла йолу коньюнктура ю, и ши агIо партнераш ца хилар. И хIума Германино хIинца официала билгалдаьккхина. Кхин дIа экономикехь шайна пайденна долчу хIумнашна тIехь цхьаьнаболхбийр бу цара, амма стратегикаллин партнералла церан цкъачунна дац“.

Германино Оьрсийчоь кхин партнер ца лоруш, мелхо а, дуьхьалонча лоруш хилар башха самукъадалрца тIе ца эцна Москохахь. Путинан Владимиран пресс-секратара Песков Дмитрийс цу хьокъехь журналисташкахь динчу дIахьедарца, и сацам тIеэцаран бахьана „Германин куьйгалла Оьрсийчоьнан позицех кхеташ ца хилар ду“. „И информаци бакъ елахь, цо хала а хоьтуйту, сингаттам а кхуллу“, - аьллера цо ТАСС агенталле.

XS
SM
MD
LG