ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн мукъамаш дека Гуьржийчохь


Нохчийчохь а ца хила там бу, оццул халкъан эшаршка а, мукъамашка а безам. ХIора стаг аьлча санна, дечиг-пондар лакха хууш ву. Хууш воцург а, иза Iамо чIогIа сатесна хуьлу.

Цунддела, нохчийн културан, къаьстина мукъамийн а, эшарийн а гайтамехь дакъалаца тоба вовшахтоха хала ца хилла. Пачхьалкх мел ю, гастролешца схьайогIуш ю иза. Наха дика тIе а оьцу.

Концерташ юьйлаялале церан коьрта репетице кхаьчнера тхо а. Иза а ларамаза хилла хIума дара. Телави-ГIалара културан цIийна чуьра схьахезара нохчиийн мукъамаш а, эшарш а. Цо тIевоьхура массо а.

Оцу эшарийн тобанан хьалханчаца Ачишвили Лайлаъца къамел хилира сан. Цо иштта дийцира шайн Iалашонех а, шаьш цуьнах сатуьйсучу пайдех а.

Ачишвили: «ХIара фестивал, тхайн мукъам а, култура а а, ламасташ а дIагайта Iалашо йолуш еш ю. Тхох лаьцна дуккха а негатив йолу дела, тхо машаре къам хилар дIагойтуш ду тхо. Кхузарчу Iедалша а къобал а йина, цара бакъо а елла дIахьош ю оха иза».

Кутаиси, Батуми, Узургети, Местия, Ахелцихе гIаланашкахь а дуккха а нах а гулбеш дIахьош ю и фестивал.

Нохчий кху пачхьалкхехь беха дуккха а хан йоллушехь, церан култура а, шуьйра кхолларалла а дика ца евза гуьржашна. Цундела, иза дикка гIулч ю боккъала а бертахь дуккха а къаьмнаш дехачу оцу пачхьалкхехь.

Репертуарехь шортта эшарш ю нохчийн а, шоллагIа ненан мотт санна лоручу гуьржийн маттахь а. Кхузахь шаьш дика тIеоьцуш ду хьовсархоша, цундела, луларчу пачхьалкхашка а кхача, бохуш ойла йо шаьш бохуш, кхин дIа а дуьйцу Ачишвили Лайлаъа.

Ачишвили: «Гуьржийчоьнан дозанал арахь а, нохчийн култура дIагайта дагахь ду тхо. Тахана репетици ю. Президентан адимнистрацера а бу кхуза баьхкина. Нохчийн а, гуьржийн а эшарш а, хелхарш а ду тхан репертуарехь. Тхуна тхайн мокх а беза, хIара мохк а беза. Ас дIаолу илли а ду Дакиева Мадинас суна лерина язйина. Иза цхьанхьа хезна а дац. Кхузахь дуьххьара дIаолуш ду ас».

Гуьржийчурчу ПIаьнказ-чIож кху тIаьхьарчу шерашкахь дуьненна а гIараяьллера, цигара кистой Шема тIаме бахаран бахьанехь. ДАIИШ олу террорхойн ю аьлла дукхачу пачхьалкхашкахь къобал йинчу оцу тобанехь бу царах дукха а.

Шайна пIаьнказхошшна ца деза, оцу тIамца шаьш дузар. Шаьш, кхиболу нохчий а, муьлхха а къам санна, машаре а, паргIатоне а, синтеме а сатийсам болуш ду боху цара.

XS
SM
MD
LG