ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Афанасьев: "Сан догъоьцуш бара набахтехь нохчий..."


Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан белхахоша 2014-чу шарахь лаьцна, ГIирмехь терроран тоба кхоьллина аьлла, бехкевина, 7 шо кхайкхийна украинхо, политикан тутмакх ши шо набахтехь даьккхинчул т1аьхьа маьршаваьккхина.

«ГIирмин террорхой» цIе йолчу тептартIерачу, бехктакхаме гIуллакх дуьхьалдаьккхинчу Сенцов Олеган, Кольченко Александран, Чирний Алексейн могIаршка язвинера политикан тутмакх Афанасьев Геннадий.

Афанасьев кху муьрехь шен могашаллин лоьрашка таллам а бойтуш, дарбанаш лелош ву медицинан клиникехь.

Маршо Радион Украинан сервисан журналисташа къамел дира цуьнца иза наркозах ваьллачул тIаьхьа.

Цо баркалла кхайкхийра массо а журналисташна, политикан тутмакхийн кхелаш Iораяхарна дуьненна, уьш ца хиллехь, ша тахана маьрша хир вацара, бохуш.

Тахана оьрсийн набахтешкахь лецна латточарна боккъал а оьшург хIун гIо ду, аьллачу хаттарца долийра Маршо Радионо Афанасьев Геннадийца къамел.

Афанасьев: «Кхи дIа хIун Iалашо ю хьан, муха ваха, мила хир ву хьоьх, бохуш сайга хеттарш дича, ас ойла йича, со кхетта, набахтехь хан текхначу суна дуккха а хIума Iемина, цхьаболчу юристашна цахуург а тIаьхьа. Ас сайца чохь бохкучарна гIо дора аьрзнаш яздеш, сайга гIо дехначу массо а тутмакхан бакъонаш ларъеш.

Тахана набахтехь валлон 29 политикан тутмакх маьрша ваккхарехь къийсам боло лаам бу сан. Со араваьллачул тIаьхьа, ас дикка тидам бира Донбассехь лаьттачу хьолан.

Суна дуккхаъчу кегийчу нехан баларш гина, лоьрийн дийцарш хезна, Iазапашкахь, лазаршкахь дарбан цIеношкахь кхелхинчарех. Цара лайначуьнга ладоьгIча, суна айса хало лайна аьлла а ца хета.

Суна цхьа хIума-м хаьа, хIуъа а дан деза, йийсарехь латториш мукъабахарехь, уьш юхакогаметтахIотторехь, Iедало дан дезза церан сий а деш.

Гергарчу хенахь бакъоларяъран юкъараллашца, волонтерашца-жигархошца цхьанакхетарш дIадахьа лууш ву со. Сан дегайовхо ю, вайн пачхьалкхан структураша оцу тIехь суна гIо лоцур ду аьлла.

Мотт хаар, адам вовшахтохарехь сан долу хаарш, ГIирмехь Оьрсийчоьнна дуьхьал къийсам латторехь ас пайдаэцна долу, оцу дерриге а зеделлачо гIо дийр ду суна кхи дIа а».

2014-чу шарахь хьо лацар муха туьду ахь, аьлла шега деллачу хаттарна жоп ишта ло Афанасьевс.

Афанасьев: «Тхо лечкъаш дацара цхьаннех. Украинан журналисташ а, Iедална векалш ГIирмичу буьтуш ца хиларе терра, ас дуккха а дуьйцукра цигахь лаьттачу къепедацарех.

Сайн ГIирмера вада аьтто боллушехь, со чохь висира. Со ца Iийнехь, кхи мила вара саца везаш? Украинхошка хьан бийр бара хаамаш, ГIирма мостагIчехьа ца йирзинийла хоуьйтуш.

Шен дагахь дерг майрра дIаалийта адамашка, мостагIчунна дуьхьало ярца гIо-накъосталла деш, со воцург, кхи мила виса везара цигахь?

Эскархошна дуьхьалоян тхан ницкъаш ца тоьанехь а, дара тхоьгахь доьналла, ала дош, са, тхайн махке безам.

Сайн халкъаца хила везара со, хIетахь сайх тешначу нахаца. Суна схьахетарехь, цундела лаца а лецира со, соьх цхьа зуламхо а веш дуьненна хьалха.

Со тIаьхьа ца кхуьу, хIунда во стаг бехке, шен цIахь Iашшехь Оьрсийчоьнан Iедална дуьхьал къийсам латторна, шен пачхьалкх ларъеш.

Цара со террорист лерира, Оьрсийчоь йохон Iалашо лаьцна. Со цуьнах кхеташ вац, я цкъа а кхетар а вац».

Маршо Радио: Оьрсийчоьнан набахтешкахь кхинболу политикан тутмакхаш гар нислорий хьан? Вовшашца уьйраш хиларий шун, аьлла хаьттира Маршо Радионо.

Афанасьев: «Чергазаша а, нохчаша а, гуьржаша а, цхьаболчу нийса кхетам болчу оьрсаша а Iаламат чIогIа гIо лоцура суна. Оцу Iазапех чехкдевлла шаьш а, украинхошкахьа дог лозуш ду, алара цара.

Цхьана гуьржийчо элира: «Украина, вайн харти ю, шу тхан вежарий ду. Тхо тIаьххьалц хир а ду шуьца». Соьца цхьана хиллачу шина гуьржийчо дагахь Iамийнера тхан пачхьалкхан гимн, оха даим лоькхура цхьаьна».

Маршо Радиоца дехха динчу къамелан цхьа дакъа ду хIара.

Шен къамел дерзош баркаллица иштта дешнаш элира Оьрсийчоьнан набахтера маьршаваьккхинчу политикан 26 шо долчу тутмакха:

«Баркалла шуна, журналисташна, гIо-накъосталла дарна. ХIора журналистна шен-шен цIарх баркалла. Шу ца хиллехь со тахана хир вацара маьрша. 74 шаре ваьлла политикан тутмакх Солошенко Юрий. Журналисташ цахиллехь, иза а шен цIа веана хир вацара.

Шу ца хиллехь маьрша хир яцара тахана Украинан турпалхо Савченко Надежда. ХIора лаьцначунна турплахо ю иза».

Афанасьев Геннадийс гIо доьху хIора журналисте политикан тутмакхийн кхолламаш бовзийта, дIагайта юкъараллашна. Цара лов Iазап, къизачу, луьрачу хьелашкахь уш бахкор а.

Шеца Лефортовехь а бара уьш дуккха а, уьш тешна бу, Украино шаьш тесна дуьтург цахиларх» боху Афанасьевс.

Къамел дерзош, ца хьахийча ца долу, Нохчийчохь лаьттинчу шина тIамехь масийтта эзар нохчийн тоьлла къонахаша дакъалацна хиларх. Царех дукхахберш набахтешкахь бохку тахана а.

Кхайкхош я амнисти а, я шайна тоьхна хан текхна бевлча, ц1абахана олий а ца хеза царех.

Я бац уьш хьахош ур-атталла Iедалан тIегIехь а.

Амма денна бохург санна яздо махкарчу зорбано, цкъа мацца а тIемалошна баа межарг баларна, масех шо хан а тоьхна, набахте хьажийна цхьаъ, вукхунна дуьхьал бехктакхаме гIуллакх даьккхина, гIаттамхошца уьйраш латтийна хиларна, я буьйса яккха шен хIусаме витарна, олий.

Тахана а чIир эцна а ца яьлла Оьрсийчоь нохчийн къоман кIентех.

«…Же, арадовла тIаме, дIахеца зударийн кучамаш», бохуш, мохь биттинарш-м бу тахана Кремло шена герга а озийна, даржаш а декъна, турпалхойн могIара баьхна бехаш.

XS
SM
MD
LG