Кхиъ цхьа жимма оцу девнан некъаца дIавахчхьана, и гIуллакх юхадерзалур доцу зил хадо кхерам бу. ХIинцалц, Несар-кортера маьждиган имама Чумаков Хьамзата луьйш къамел деш, цIераш а ца яхча а, хууш дара вуьйцург Нохчийчура Шахидов Адам а, Межиев Салахь а вуйла.
ХIинцалц иштта лаьттара, амма, мархийн баттахь шайтIан букъ кагло бахахь а, схьагарехь цхьадерш дукха жигара хьийза. Ши де хьалха, Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа шен къамел дина эха сахьтехь сов цо меттигерачу телехьожийлехь, схьакхетарехь гIалгIайн вевзаш волу имам емал а, сийсаз а веш къамел дина.
Цул совнаха, вахабхойн ойланаш есточу цуьнца динан бакъо къастийча, боьршалла а, стагалла а, къонахалла а къасто кийча ву ша боху Нохчийчура бусулбачу нехан хьалханчо.
Межиев Салахьан и къамел эфире ма делли, иштта а нохчашна вай мохк беза, иза схьабаккха гIерта бохуш, вуочу гIенах гучу гIалгIайн юккъараллийн цхьана декъо, иза самах хилла даьлла моьттуш, боккъала а вуон тIаьхьало хила там болу питанаш даржадо.
ГIалIгайн цхьана сайтан тIехь шайн мокх схьабаккха кечйина сценарий а ю бохуш дуьйцуш ду. Нохчийчура спортхой а, полисхой а, хьажийн муридийн духар доьхна, диндайшца машаре дийцар дан боху а аьлла, махкахь мел йолу Iедалан хьукмат а, коьрта меттигаш а дIалаца мега боху.
Иза бух болуш хIума дацахь а, тахана гIалгIайн махкахь саготта бу, оцу чIагIдаларна. ГIалгIайн махкара «Мехк-кхелан» куьйгалхочо Абадиев Идрис, иштта комментарий йира Маршо Радиона кхолладеллачу хьолан.
Абадиев: «Цхьамма, шимма, кхаама, иттамо къамел дина аьлла питан даккха оьшуш дац. Итт а, каравогIур ву, цара вуон къамел динехь. БIе стаг а каравогIур ву. Ткъа хIара, мила ву а, хьан аьлла а ца хуучу стага бохучо доккха питана до. Нуьйданаш тIе а теIош комментареш ечу наха чолхе доккху хIара гIуллакх. Сайт тIехь а, муьлш бу хаа деза, комментареш еш берш».
Нохчийчурчу юккъаралхочунна Ильясов ХIаронна а тамашийна хета, безачу Мархийн баттахь питане къамелаш, Дела тешаш бу бохучу наха дар. Иза, чIогIа вуон билгало ю аьлла хета шена элира цо.
Ильясов: «Диван тIехь тIом бечу наха даржош ду хIара къамелаш. Лоьрех а, молланех а, иттанех, нийса исс стаг жоьжагIате гIур бу боху ш хIума ду. Динанда хилча, собаре, сатоха дезаш вара. ХIорш-м бац цхьанна а тайпа сатоха дагахь а, мархиийн бутт бу аьлла а».
Нохчий а, гIалгIай а, шайн цхьа бух а бицбина, тIаьххьарчу хенахь вовшашна тIекхайкха кийча хиларна терго гIалгIайн «Мехкан-кхелан» куьйгалхочо Абадиев Идриса. Нах бекъа а, царна юккъахь питан-дов даккхархьама, цхьанахьара урхалла деш ду аьлла хета шена элира цо.
Абадиев: «Бакъдерг аьлча, вайн къоман дукха бу мостагIий. Вайн къаьмнаш, 200-300 шо хьалха цхьаъ хилла ду. ХIинца нохчочунна мел бохург, гIалгIачунна ду, гIалгIачунна мел бохург-нохчочунна ду. Мархийн баттахь, хьайга девне къамел дича, со марха долуш ву ала, бохуш ма ду. ХIорш-м, цхьаъ аьлча, дуьхьала итт олуш бу. ТIаккха, хIун бусулба бу хIорш? Муьлхачу суннатца лелаш бу хIорш?».
Шена агIора, нохчийн юккъаралхочунна Ильясов ХIаронна хетарехь, Кремлера Iедална цхьа дош аьлча тоам хир бара, къийсаме бевла нохчийн а, гIалгIайн а динандай совцо. Амма иза ца до. ХIунда ца до-хууш ду, аьлла кхин дIа а дийцира цо.
Ильясов: «Тахана Путина цхьа дош аьлча, хи чу гIаж тоьхча, пхьидарш ма совццу, совцур бара. Цо ца олу. Цунна ца оьшу барт. Барт хилча, нах Iедале Iеха ца ло. Царна хьалха бала а гIур бац. Советан пачхьалкх юхучу хенахь, Карабахехь, Абхазехь, ХIирий-ГIалгIашна юккъахь, Приднестровьехь питанаш а дина, девнаш а даьхна, тахана шайна оьшучу хенахь Iаткъам бо Оьрсийчоьно».
Нохчий, шай мокх схьабаккха гIерта бохуш долу эладитта даржийначу гIалгIайн интернет-сайтан куьйгалхочо Бузуртанов Хьамзата, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире арз дина цу хьокъехь.
Нохчий совцабахьара аьлла дехар ду цу тIехь.
«Баркалла, хьан кехат тхоьга схьакхаьчна, иза оха толлур ду, цуьнах тхаьш деш дерг, низамо ма бохху цхьа йист а йоккхур ю», - аьлла автомато дуьхьал дайтинчу жоьпах кхаъ хилла цунна.