„Ткъа Iуьйранна уьш самабевлира...“ - бохучу оьрсийн аларехь санна хьал хIоьттина масех де хьалха Евробарта юккъера арадовларан хьокъехь референдум а йина, Британи вукху Европах дIакъастарна кхаьжнаш тесначу британхошкахь.
Карарчу хенахь Цхьаьнакхеттачу Британхойн олаллехь лелачу синхьаамаша гойту, цигара адамаш, ма-дарра аьлча, шаьш а шаьш бинчу харжамах ца кхеташ а, шаьш динарг хIун ду хууш а боцуш хилар. 52 процент аьзнашца Британи Евробартах дIакъастар хаьржина болчу британхоша хIинца ойланаш йо, дийцарш а до, и харжам юханехьа берзалур барий-те, референдуман жамIаш юхалиста йиш яцахь, керланиг кхаж тассар дIадахьа йиш хир ярий-те, бохуш.
Цуьнан тоьшалла ду хIинцале а, кхаж тассаран жамIаш зорбане девллачул тIаьхьа деллачу кхаа дийнахь интернетехула керла референдум яйтахьара аьлла яржийначу петицина бухахь 3 миллион сов британхоша куьйгаш яздина хилар.
Цу петицехь яздина ду, нагахь санна референдумехь дакъалаьцначийн терахь 75 процент харжамхойл кIеззигох а делахь, ткъа царех цхьана сацамна шайн аьзнаш дIаделларш 60 процентал кIезгох а делахь, и референдум кхин цкъа йича нийса хир ду, аьлла. Уггаре а беламе дерг ду, цу петицин текст хIоттийнарг а, иза дагаенарг а, мелхо а, Брекситан агIонча, аьлча а, Британи Евробартчуьра араяьларан агIонча волу Хили Уильям хилар.
Шен дагахь, референдумехь Британи Европица йисаран агIончаш толам баккхахь, царна дуьхьал даккха дика герз хир ду цунах аьлла язйина хилла цо иза масех кIира хьалха, ткъа хIинца иза цуьнан дуьхьалончех цхьанна кара а кхаьчна, зорбане яьккхина.
Кхечунна даьккхинчу орчу ша кхеттачу Хилис шен Фейбукерчу агIонна тIехь яздинера цу хьокъехь, хетарехь, дукха сихвелла хилла ша и петици хIотточу хенахь, аьлла.
Британхошлахь мел дохкобовлар а, ткъа цигарчу урхаллехь мел цецдовлар а алсамдаьллехь а, кхин хIара аьлла баккхий бохамаш цу махкана Евробартах дIакъастарх хир бац аьлла тешна ву Лондонехь вехаш волу политолог Асхабов Хьамзат.
Цунна хетарехь, хIинца Британехь дIаяьхьанчу референдумо, цуьнан жамIаша меттигера бахархой а, мехкан куьйгалхой а цецбаьхнехь а, хIетте а гайти, кхиинчу демократехь могIарерчу нехан лаамех а, харжамех а доьзна дуккха а хIума дуйла.
Асхабов: „Iедал ша а билгал хууш дац, кхунах дика болх я во болх хир бу. Кэмерона, бакъдерг аьлча, и хаам хиллачул тIаьхьа ши сахьт а далале, ша дIаволуш ву, вайн хIурдакеманна кхин капитан оьшу, аьлла, дIахьедар дира. Суна иза чIогIа тайра, цо гайтира, кху Европехь долу политикан ламасташ а, гIиллакхаш вайна Оьрсийчуьра а, вайн цIера а девзаш долчехь хазнесанна къаьсташ дуйла а.
Ткъа Британи дIакъастарх кхин башха боккха бохам хир бу аьлла ца хеташ а бу дуккха а нах, хIунда аьлча Британица мах ца беш дуьне Iийр дац, оьшуш болу барташ а бийр бу, аьлла хета суна а“.
Цу юкъана, британхой дохкобовлар хIинца хьесапе а доцийла, ткъа царна Евробертан доьзале юхаберза меттиг Британина ца биснийла дIахаийтина Брюссело а, Цхьаьнакхеттачу
Европехь тоьллачу позицешкахь йолчу нуьцкъала пачхьалкхаша а. Иштта, Германин вице-канцлер волчу Габриэл Зигмара оршот дийнахь дIахьедар дина, референдуман жамIаш юхалистар хьехон а ца оьшу, я Евроберто Британина цхьа а керла преференцеш а лур яц, иза юхаерзорхьама, аьлла.
Немцойн Handelsblatt газетина ша еллачу интервьюхь, Габриэло элира „Британхоша шаьш дIадоьлху аьлла сацам бина. Вай хIинца уьш совцон гIерташ дагдовларш доладийр дац“, - элира немцойн вице-канцлеро, ах доьзалхочух цхьа а хила йиш ма ца хиллара, ах партнераш Евробертахий, Британехий а хилалур яц, цундела хаза бертахь дIакъастар бен дарба дац вайна, аьлла тIе а тухуш.
Цо иштта Британин премьер-министр Кэмерон Дэвид ирчу критике вира, рефендум янне а йийцаре яьккхинарг санна, и цуьнан „доккха историкаллин гIалат дара“ аьлла билгал а доккхуш.
Ала дашна, Кэмерон Дэвид. Референдуман жамIаш бахьана долуш ша шен даржера дIаволуш хилар довзийтинчу Британин премьер-министран луург ду, Европах дIакъастарца доьзна долу дагадовларш шен урхалло Брюсселца тIебожучу гIадужу баттахь бен дIа ца доладар.
Амма иза а тIе ца дитина Брюссело, дIаваха сацам бинарг ма ваххало сиха дIавахийта веза бохучу хьесапехь дагадовларш хIинцехь дIадола дан дезаш хилар билгал а доккхуш. Цу Iалашонца Евроберто хIинцале шен агIор коьрта дагавалархо хаьржина, Лондонца..