Германе а, йоллучу Европе а бIеннаш эзарнаш мухIажирш даханчу аьхка дуьйна схьаиха буьйлабелча, меттигерчу бахархойн цхьа дакъа цу нахах доглезаш, царна шайга далучу агIор гIо-накъосталла дан Iалашо а лаьцна, дIахIоьттира, мигранташна Iуналла даран хала болх Iедалан институцешца цхьаьна шайна тIе а оьцуш.
Цхьа кхин дакъа амма, шаьш кхечу къаьмнашца а, кхин дин лелочаьрца а, кхин дегIан чкъор долчаьрца а гома хилар ца хьулдеш, къаьстина интернетехула социалан машанашкахь тIебаьхкинчарна дуьхьал пропаганда ян буьйлабелира, цара зуламаш до, туьканашкахь къоланаш лелдо, зударшца уьш эвхьазбуьйлу, цара вайн мохк а, йоллу а Европа а хIаллакйийр ю бохуш, кхерам а, гамо а яржоран эладиттанаш а дуьйцуш.
Иштта мухIажирийн тулгIенца боьзна болу хиламаш тергалбечарна дика дагадогIу, даханчу шарахь интернетехь кIиранашкахь эзарнаша наха вовшийн кар-кара а оьцуш, даржийна хилла долу эладитта.
Цара чIагIдора, бусалбачу мухIажирша Эрфурт гIаларчу зоопаркана чу а лилхина, цу чуьра Инге цIе йолу газа урс хьокхуш ен а йийна, шайна дIайиъна, бохуш.
Эрна дара журналисташа и зоопарк схьа а лехна, цу чуьрчу Инга цIе йолу газа могуш-маьрша, ирсе ежаш телевизионехула а, газеташкахь а гайтар, эрна хилира полисхоша Ингин могашаллех а, цуьнгарчу тоьллачу хьолах а официала дIахьедар дар, и эладитта бакъ ца хилар тIечIагIдеш – туьканашкахь хIумнаш лечкъош болчу, тIекхаьч-кхаьчначу гезаршна арсаш хьоькхуш, уьш юучу мухIажирийн сурт юкъараллин синкхетамчохь дисира.
ХIинца Германерчу Iилманчаша шаьш еххачу хенахь бина таллам юкъараллина бовзийтар а иштта цунах теша луург тешаш, теша ца луург кхин дIа а интернетерчу эладиттанех тешаш а диса мегаш ду. ХIетте а мехала а ду цу Мюнстерерчу университетерчу Iилманчаш бинчу талламан жамIаш.
Iилманчаша Берлинерчу Mediendienst Integration журналехь зорбане яьккхинчу анализехь гойтуш ду, цхьа стаг я адамийн тоба схьаяьллачу цуьнан къоман орамашций, иза криминале хиларца я ца хиларций зIе йоцийла. Криминалистикан профессор волчу Валбург Кристиана куьйгалла дечу тобано теллинера, Германехь деш долу зуламийн статистикий, мигрантийн статистикий.
Царна гучудаьлларг уггаре а хьалха – даханчу шарахь миллион герга мухIажирш тIеэцначу немцойн махкахь зуламаш дар алсам даьлла ца хилар, криминалан хьал телхина ца хилар, ша тIаьхьарчу шерашкахь жим-жима алсамдолуш долу хIусамашкахь къолаш дарий, урамашкахь нехан кисанашкара я тIоьрмигаш чуьра къоланаш дарий бен.
Амма и зуламаш мухIажирш деш дац, уьш я Малхбалерчу Европера лерина цу Iалашонца лелачу талорхойн тобанаша деш ду, я МагIрибера орамаш а долуш, дуккхаъчу шерашкахь Германехь бехачу наха деш ду, полисхоша юх-юха а билгалдаккхарехь.
Изза ду дуккхаъчу шерашкахь мухIажиршца а, тайп-тайпанчу мехкашкарчу мигранташца а белхаш беш йолчу „МухIажирш, марша догIийла“ цIе йолчу немцойн цхьаьнакхетараллин координаторан Баум Ингридан зеделларг а.
Зуламаш нагахь санна меттигерчу бахархоша а ца деш, кхечу къомах болчара деш дерг дийцича оцу сохьта гучудолу боху цо, талорш лелош берш хIинца а схьа а баьхкина, шайна цхьа кхерамаза тховкIелоне сатуьйсуш берш ца хуьлу, дуккхаъчу шерашкахь Германехь бехаш я цигахь бина а, кхиина болу кхечу къомах орамаш дерг хуьлу.
Баум Ингрид: „Нагахь санна хьаххане а мухIажирш цу темица доьзна вай хьахош хилахь, вайна го оцу сохьта, нагахь санна вайн цхьа зуламаш я талорш деш болу нах схьаэцна, таллахь, гучудолу вайна, уьш хиллане а хIинца дукхахан йоцуш, тIаьхьа керла схьабаьхкина болу мухIажирш ца хилар, кхузахь дIатасбала гIерташ къахьоьгуш карабо вайна уьш мелхо а.
Ткъа талорш лелош берш доккхачу декъахь иттанаш шерашкахь кхузахь бехаш болу, амма кхузахь юкъараллехь шайна дIанисбала цхьа бегIийла меттиг карон ка ца даьлла болу нах хуьлу. Ткъа уьш вуно тайп-тайпана нах ма бу“.
Цу юкъана Мюнстерерчу криминалистикан профессоро Фальбург Кристиана кхин цхьа могIа популисташна а, наци хьежамаш болчарна ца товр долу жамIаш довзийтина шен талламехь. „Кхиина болу, гIеметта хIоьттина болу мигранташ, нагахь санна царна болх бан аьтто лахь я и болх шайга бойтур бу аьлла сатийсам царна мукъане а лахь, берзане а цкъа а криминале боьрзур бац“, - бохуш чIагIдо цо.
Цундела Iилманча а, цуьнан тоба а тешна ю, тIебаьхкинчарна уггаре а хьалха къахьега таро яла еза Европерчу пачхьалкхаша, тIаккха царех бухарчу юкъараллашна вуно беркате гIоьнчаш а, накъостий а хир бу, аьлла.