ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мэй Тереза - Британин керла премьер-министр


Iедалан лакхара куьйгалхо хийцар, хетарехь, хIинца Британехь санна сиха а, атта а кху тIаьхьарчу иттанаш шерашкахь цхьанна а Малхбузерчу пачхьалкхахь хилла хир дацара.

Шина-кхаа кIирчохь дагахь а доцуш премьер-министро Кэмерон Девидс, ша шен куьйга юкъараллина цкъа хьалха марзйина хилла йолу Евробертана юккъера Британи араяларх йолу референдум юха чакхенгахь шена ца моьттучу агIор йирзича, ша шен даржера дIаволу аьлла дIахьедина чул тIаьхьа кхо кIира бен ца дели, Лондонерчу Даунинг-стрит урамерчу урхаллин резиденцино цу хIусаман керла да тIеэца.

Аьлча а, керла нана. Мэй Тереза ю Британин керлачу премьер-министран цIе. 59 шо долу и зуда кху денналца схьа Британин шен бахархошний, дуьненаюкъарчу политикаца бала кхочучу нехан готтачу гонний бен евзаш ца хиллехь, кхаарий дийнахь дуьйна дуьненан уггаре а нуьцкъалчу адамех а, зударех а цхьаъ хилла дIахIоьттина.

ХIун ду ткъа цкъачунна Британин урхаллин куьйгалхочух хууш, цунах „керла Маргарет Тэтчер“ олуш хиларий, иза Брекситан дуьхьалонча хиларий бен? Уггаре а хьалха хьахон лаьа, и зуда вуно башха кечйаларан стил йолуш хилар, къаьстина иза ша-башха а, сонта а мачаш езаш хилар.

\Массо а цецваьккхинера цо цкъа мацах Британин эла Елизавета ШозлагIчуьнца цхьаьнакхетаре голлел лакхайовлуш йолу къегачу лаках йина ботфорташ олу эткаш а йоьхна яхарца.

Цул совнаха, зудчуьнгахь товш кхин цхьа амал а ю цуьнан - Мэй Терезас элира БиБиСи агенталлина ша еллачу интервьюхь, шен уггаре а самукъадолуш долу хIума кхача кечбар ю, шен хIусамехь I00 сов рецептийн киншка а ю аьлла.

Иза ингалс махкарчу хаамийн гIирсаша тешаме а, цIий шийла а долуш йолу политик санна юьйцу, собаре а йолуш, риторикан говзалла а хууш. БиБиСи агенталло дахкадо цуьнца университетехь доьшуш хиллачу нехан дешнаш, Мэй Тереза хIетахь, ша Окфордехь географин Iилма Iамош йолчу хенахь дуьйна а сатуьйсам кхобуш яра, Британин исторехь дуьххьарлера зуда-премьер хIотта бохуш.

Амма дуьхьарлераниг цу даржехь хила иза мелла а тIаьхьайиснехь а, - Тэтчер Маргарете и дарж цуьнгачул а дуккхаъ а хьалхехь кхаьчна хиларна, - хIетте а, Мэйн масало гойту, сатийсамаш, уьш мел майра а, тамашийна баккхий а хиларх, кхочушхуьлуш буйла, нагахь санна уьш кхобучо царна тIехь хаддаза къахьегахь.

Ткъа къахьегар, къахьега хаар Мэй Терезин амалех цхьаъ хилар массара а билгалдоккхуш ду. Билгалдоккху иза Британехь вехачу политолого Асхабов Хьамзата а, Европерчу стратегикаллин талламийн институтан Iилман белхахо волчу.

Асхабов: „ТIаьхьарчу хенахь чоьхьарчу гIуллакхийн министр яра иза, цу даржехь йолчу хенахь шена хетарг нийса дIаолуш а яра иза, амма бакъду шега иштта цхьаммо ша кхетош, ша нийса ца хилар гойтуш, хIума аьлча, шега бохург хезаш а, шен ойла хийца эхь ца хеташ, мелхо а, бакъдерг тIеэца хууш стаг яра иза, иза вуно дика амал а ю цуьнан.

Бераш дац цуьнан, цундела хила а мега иза вуно чIогIа къахьега Iемина а, муьлхачу а халчу балхана мало ца еш а хилар. Брекситан дуьхьал яра иза, амма шен тIаьхьарчу къамелехь цо билгалдаьккхира, хилларг хилла даьлла, керла референдумаш вай йийр яц, хиллачух пайда эца а, ваьшна цунах тоьлла жамIаш дан а гIуртур ду вай хIинца, аьлла“.

Асхабов Хьамзата ма-аллара, тIаьхьарчу шерашкахь Британин чоьхьарчу гIуллакхийн министр болх беш яра Мэй Тереза. Цхьана пачхьалкхан урхаллехь и дарж мел лакхара делахь а, хIетте а иштта сиха премьер-министр хIотта шен аьтто бер бу бохург, хетарехь, цунна шена а дагахь хир дацара, нагахь санна Брекситах йолчу референдумо Британин доллу урхаллин дахар а кега ца динехь.

Хьахийна ма-хиллара, ша даржера дIавалар Кэмеронс довзийтинчул тIаьхьа масех кандидатура яра ясаяла кийчачу Даунинг-стритерчу резиденцера меттиг схьалаца тарлучу нахалахь вийцаре веш. Царна юккъехь, Мэй Терезал совнаха, кхин цхьаъ зуда а яра. Консервативечу Тори партера цу векалша цхьаъ вукхунна тIехь амма шайн кандидатураш юха ехира, цу кепара Мэй шен премьер-министр хIотта болчу сатийсамна улле а ялош.

Ткъа цу юкъана тIаьхьарчу шерашкахь Британин коьртехь хилла волу Кэмерон Девид кхаари дийнахь тIаьхьара аравелира Даунинг-стритерчу резиденци чуьра. „Со дIаволуш ас сатуьйсу, хIара мохк кхин а нуьцкъалох хиларе. Суна доккха сий дара сайн сел безачу мехкан куьйгаллехь къахьегар“, - элира цо Daily Telegraph газетина ша еллачу тIаьхьарчу интервьюхь.

XS
SM
MD
LG