ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуламхо верах низам юхадало дагахь ву ЭрдохIан


Туркойчоьнан Iедало 8000 эскархо лаьцна махкахь карчамбан гIортарна, хаамбина оршоьтадийнахь пачхьалкхан информацин АНАДОЛУ агенталло чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана тIе а тевжаш. Шоьтан буса иккхинчу гIаттаман декъахь хилар толлуш, ханна лаьцна иштта массех гIалин куьйгалхо а. Цул совнаха, дIахьедина туркойн лидеро, махкахь кхелехула зуламхо верах долу низам а юхадало хьожур ву ша, аьлла. Iедалан хьостанаша бахарехь, 208 стаг велла, 145 маьрша вахархо царех, 1490 лазийна бан гIоьртина карчам бахьанехь.

Лецарш дестарца доьзна, “оха кхойкху Туркойчоьнан Iедал махкахь паргIатонаш ца хьешаре а, къепе латторе а”, аьлла оршоьтадийнахь Германе веанчу Iамеркан Штатийн пачхьалкхан секретаро Керри Джона. Германино дIахьедина, стаг кхелехула вен кхачор Европан Берта юкъаяха лаам болчу махкана догIуш дац, аьлла. Белгин арахьарчу гIуллакхийн министро Рейндерс Дидьес а аьлла, карчамбан гIортар дерзош цунна дуьхьал йолу реакци а хила еза “низамал сов ца оьккхуш”.

Туркойн Iедална оппозицехь лаьттачу Халкъан-Республикан партис дIахьедина, нийсонан пачхьалкхехь санна хила деза деш долу таIзарш а, кхелехула ван веза муьлхха а бехке, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG