КIира хьалха Сипсо-ГIалахь «Россельхозбанкера» ахча даьхьнарг ву аьлла меттигера вахархо Далиев Мохьмад дIалаьцнера полисхоша.
Иштта оцу банкехь болх беш йолу цуьнан зуда Точиева Марьям а дIайигинера полицин декъе.
Бинчу талламашца, кассир болх бечу цо дIаделла хилла банк яхьа чувеанчу стаге ахча. Иза а, цуьнан цIийнда а, бехке деш дара, барт а бина 12 миллион сов сом цу чуьра даьхьна аьлла.
Далиев Мохьмадан, цуьнан гергарчу наха бахарехь, полицин декъа дIа ма кхаччийнехь, етта йолийна. Къизаллаш йина, меженаш кегйина, легаш Iийдина садукъо.
И Iазап ца лайна 50 шо долу и стаг велла. Иштта цуьнан зудчунна тIехь а лелийна и тайпа, маьттаза къизаллаш. Тахана велларг дIавоьллина. ДокъатItехь таллам а бина, йиттина ларраш гойтуш тоьшаллан видео а яьккхина гергарчара. Цуьнан вашас иштта элира, шайга баьхкинчу журналисташка.
Ваша: «Суна цхьа хIума хууш ду. Велла волу сайн ваша ас цIавалийна. Хьаьнгара ас хIун доьхур ду? Цхьанна стагана вуон болх бина вацара иза».
ГIалгIайн махкара Мехк-кхел олучу юккъараллан цхьанатохаралло гIо-накъосталла дан долийна бохам хиллачу ДалиевгIеран доьзална.
Дукхачу нахана чIогIа халонга даьлла, могуш-маьрша волу стаг, бехке хета аьлла дIа а вигина, йииттина вийна схьавалар. Иза бен кхин хIун ду, зулам, аьлла Маршо Радиога дийцира Мехка-кхелан декъашхочо Султыгов Сираждис.
Султыгов: «Ши граната чу а кхоьссина, дIа а вигина вийна и стаг. Иза халонга даьлла нахана. Цундела митинге арабовла дагахь бара нах. Амма, Сипсо-ГIала гобина дIакъевлинера полисхоша».
Банк яхьаран хьокъехь болийначу талламна хетарехь, схема иштта хилла. Шен зуда кассир йолчу хенахь, меллаша, юьхь-сибат а ца лачкъош, чу а веана, юха а тIаккха а цуьнгара ахча схьа а эцна дIавахана Далиев Мохьмад.
Иза хьекъалца эшначу стагана а хуур ду, дан мегар доцийла. Точиева Марьям, бакъдерг къасточу аппаратаца теллича, къаьстина, цо аьшпаш ца буьттийла. Амма иза аьттехьа а ца дитина талламо бохуш, кхин дIа дийцира гIалгIайн Мехкан-Кхелан декъашхочо Султыгов Сираждис.
Султыгов: «И зуда а теллина. Стаг йиттина вийна. Оцу зудчунна а йиттина. Цхьа а тоьшаллаш дац цаьргахь. Уьш бехке хилча а , царна тIехь и хIума дан догIуш ма дац. Видео а ма ю и банк хьош. Цхьанна а кепара тера вац боху и стаг. Делахь кхераш боцу нах, нахах а ма ца кхоьру. Таххана балхахь волчу стагана, шай кхана а балхахь хир ву моьтту. Зил хадийна цара. Доьналла а, къонахалла а йолчара дан йиш йолуш хIуманаш дац хIорш».
Интернетехь кхайкхам бинера, маьрша стаг дIа а лаьцна, йиттина вийна аьлла хаам баьржинчул а тIаьхьа, нахе митинге арадовла аьлла.
Дуьхьалонан акцех кхерабеллачу полисхойх хьалаюьзира Сипсо-гIала цхьа сахьт далале. Цхьаболчу нахана Путине кехат язъян еза аьлла хета. Цунна хууш дац вай махкахь лаьтташ дерг, цундела шена хаа ма хиънехь, цуо къепе хIоттор дара, бехке берш жоьпе а озор бара, боху цара.
Дагадоуьйту, кIира хьалха дийна делккъахь, банке а чу а веана, йоккха Iаьржа шляпа йоьхначу стага, кассирна тIе а вахана, кехатан юьхьиг гайтинера «суна ахча ца лахь, ас граната оьккхуьйтур ю кху чохь» аьлла язйина долу.
Банкера 12 миллион сов хиллал ахча даьхьнера, цхьаммо а дуьхьало а ца еш, ара а ваьлла.
Ша чу ма варра дIавахнера и стаг. Нагахь санна, велла волу Далиев Мохьмад и ахча даьхьнарг хилча а, цунна тIехь и барам боцу къизалла ян догIуш дацара Iедалан белхахоша, низаман гIароллехь болчара-м, муххале а.
Цундела, цу хIуманна а, кхечу а зуламашна аьлла дуьхьалонан митинг тIаьхьатеттина гIалгIаша.