Ниццехь хиллачу хIинцалц схьа масала доцучу зуламан бахьанаш а, хьелаш а, тIаьхьалонаш а йийцаре йо Европерчу хаамийн гIирсаша а, кхерамазаллех болчу аналисташа а.
Тамаша а бац.
Кир лелочу машенахь хIинцалца цхьа цхьанна а кепара радикалечу хьежамашца я исламхошца зIенаш хиларца, я хиллане а бусулба динца а, бусулба нахаца а бала а ца хиллачу стага масех мIаьргонехь 84 стаг вен а вуьйш, бIеннашца ирча чевнаш ян кадалар керла хIума ду Малхбузехь а, доллучу дуьнентIехь а.
Цуьнан кхерамалла терроран а, талорийн а хатI а, аматаш толлучарна го уггаре а хьалха и зулам динчу стаго, Булел Мухьамад Лахвадж цIе йолчу Тунисера орамаш долчу Ниццин вахархочо доллучу дуьненна а гайтар – дукха адам дуьйш, инзаре боккха бохам бан луучу зуламхочунна и шен ямарта Iалашо кхочушйан я бомбанаш а, я масатоьпаш а, я Iожалхойн доьхканаш а ца оьшийла, шен кертахь, шен петарахь, шена тIекхочуш болчу муьлхачу а гIирсаца дан йиш ю тайпа маьттаза зулам.
Иза, и хIума, Булела дахачунчу еари дийнахь кхечарна гайтар ду цу зуламехь байъинарш, лазийнарш ца хьехийча цу талоран уггаре а боккхачех кхерам бохург билгалдаьккхинера кIирандийнахь Ниццерчу бусулба нехан цхьаьнакхетараллашца а, имамашца а дагабовла баьхкинчу Францин Iедалан а векалша, бохуш, дийцира Маршо Радионе Ниццехь бехачу нохчийн-гIалгIайн ассоциацин куьйгалхо а, Ниццерчу доккхачу маьждиган имам а волчу Магамадов Рамзана.
Магамадов: „КIирандийнахь кхузара маьждигашкара имамаш а, дешна нах а Iедалхошца вовшахкхеттачехь хиллачу къамелехь ас тидаме эцнарг ду, цу Iедалхоша шаьш а билгалдоккхуш, кху Ниццехь я Францехь, я цхьанна меттехь и санна долу хIума хила йиш ю аьлла цхьанна а дагадогIур доцуш хIума ду цу стаго динарг. 84 стаг тIе машен тоьхна, вийна охьавиллар доккха хIума ду. Вайна моьттура, бохура цо Iедалхоша, адам ден герз оьшу, тротил оьшу, ткъа кху стаго динчун цхьа аналог а яц“.
Ткъа хIун ду шех Ниццехь зулам динчу стагах хIинцале а хууш, гучудаьлла? Нийса дуй цу стагах террорхо алар, ткъа цо динчух терроран акт алар, иза саннарг кхечу, бусулба цIе а йоцуш, орамашкара дуьйна схьа европахойх болчара иштта зулам дича, царах „амокхой“ олуш а, уьш террорхошца бузуш ца хилча?
31 шо долу Булел Мухьамад Лахваедж 2005-чу шарахь Тунисера Франце ваха схьавеана хилла. Цуьнан кхо бер ду, ткъа цу берийн ненаца иза дIакъаьстина хилла.
Ша Францехь яьккхинчу хенахь иза масийтаза Iедало йоццачу ханна лаьцна хилла, цхьацца куталш а, кегий къоланаш а лелорна а совтIех чехка машен хехкарна. Талорхочуьн йишас Булел Рабеба полисхошка а, журналисташка а дийцарехь, цкъа а динца бала хилла стаг вац иза. Къаркъа молуш хилла а ву, кIомал узуш хилла а ву, цул совнаха, хьакхин жижиг дууш хилла а ву.
Цкъа а ламаз дина, я марха кхаьбна а вац, маьждиге вахар-м хьехон а ца оьшура. Ур-аттала ша нахана тIе машен етташ, уьш бойъучу хенахь цхьа а бусулбачийн парол кхайкхина я „АллахIу акбар“ аьлла багара Iа ца ялийтина цо шен. Цул совнаха, цуьнан йишас дечу тоьщаллийца, и стаг дуккхаъчу шерашкахь синойн лазаршна дарба дечу лоьрашна тIе оьхуш хилла, шена психотерапевтийн гIолоьхуш.
Я гергарчаьрца а, я белхан накъосташца а, я лулахошца а тIекаре йолуш стаг а ца хилла иза, ур-аталла Iуьйре я де дика дина а. Доцца аьлча, социопат а, синан цамгарша хьийзош стаг а хилла.
ХIетте а, цуьнан радикалан исламхошца зIенаш ю лоьхуш Iедало а, хаамийн гIирсаша а, ткъа ша цуьнан зулам терроран тIелатар санна тудуш ду, Олланд Франсуас шен къамелехь цунах терроран акт аьлча дуьйна схьа.
Ниццерчу коьртачу маьждиган имам а, нохчийн -гIалгIайн ассоциацин куьйгалхо а волчу Магамадов Рамзана дуьйцу.
Магамадов: „Кхузахь болчу журналисташна а, Iедална а билгал гучудаьлла хIума ду, и стаг дин исламца а, бусулба нахаца зIенаш йолуш ца хилар. ХIуьттаренний, гамонний бен и стаг бусулба динца воза йиш а йоцийла кхеташ ду массарна а. И стаг шен цхьа кхин проблемаш йолуш хилла. Тхан кху Ниццерчу журналисташца а, Iедалхошца а цхьаьнакхетарш а хилла, цара массара иштта олуш а ду иза“.
Булел Мухьамада динчун бахьанаш лоьхучу Iедалхоша цу юкъана тайп-тайпана дIахьедарш до, цо динчуьнах исламхойн лар карон гIерташ. Иштта Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Казнев Бернара пресс-конференцехь мукIарло дира, полисхошна цхьа а тоьшалла ца карийна, Булел радикалан исламхойх дIакхетта хиллера бохучунна.
Бакъду, цо вуно шатайпа туьдира и тоьшаллаш шайна ца карор: хила там бу элира цо, цу стагана дукха цIеххьана, дукха сиха радикализаци хилла хила, цундела Iедалхоша тидам ца беш дисина хила мега и хIума, аьлла.
Цу юкъана ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобано шена тIеэцна Ниццехь дина зулам. „Амакъ“ цIе йолчу шайн интернетерчу сайтехула цара хилларг хиллачул тIаьхьа масех де даьлча дIахьедар дина, Булел шайн омра кхочушдеш шайн салти вара, аьлла.
Хаттар кхоллало цу хьокъехь, шайн „салти“ Булел хьакхин жижиг дууш, узуш-молуш хилар хууш хиллий-те ДаIишна?
Кхин цхьа хаттар: Булел Мухьамад Раккъехь, ДаIишан коьртачу гIалахь вехаш хиллехь, мел деха муьйлур дара-те цо къаьркъа, ДаIишан чаьлтачаша муртад ву аьлла шен корта баккхале?