ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн тIемалой "Приморьерчу партизанел" а кхераме хилла


Полисхошкара дуьйлучу зуламашна, герз а карахь дуьхьалбевлла, гIаттам эккхийтинчу «приморьерчу партизанех» цхьаберш кхело дIахецна

Владивостокехь дIаийирзина ерриге а Оьрсийчохь гIовгIа эккхийтинчу «приморьерчу партизанашна» тIехь кхелан процесс. Бехкъастархоша ца лерина талораш а дина, 4 стаг вер а.

Ша верриг кхелан гIента тIехь вара 5 стаг. Царах шиъ: Ковтун Вадим а, Никитин Алексей а мокъаваьккхина кхелан сацамца. Важа кхоъ-кхечу зуламашна аьлла кеггий хенаш а тоьхна набахте хьажийна.

Мокъавалиийтинчу Ковтун Вадиман, цуо ехахь компенсаци а яла там бу Iедалша, харцонца иза чохь валлийна аьлла. Иштта, иза а, Никитин а исбаьхьаллийн фильм яьккха дагахь а ву «приморьерачу партизанех». Цуьнах цушиммо дIахьедар дина кхелан сацам хилчулла тIаьхь, хаттарш деллачу журналисташка.

Нийсо тола йолаелла теша, я Оьрсийчоьнан кхелан система хийцаелла аьлла юьхьанца ойла хьаьда коьрте, оцу «приморьера партизанаш» мукъабаьхна аьлла хезча.

Лаамаза ахь дусту, нагахь санна, оцу тобанна юкъахь нохчий хиллехьара, я ша верриг нохчий хиллехьара?

Муха туьдур дара цара лелийнарг бехккъастархоша а, церан вердиктан тIехь сацам бан безачу кхело а?

Ойла ца еш а, ала мегар ду, яьккхий хенаш тоьхна а ца Iаш, церан гергарниш чохь Iен хIусамаш а ягор яра, «муьлш бу ца хуу нах» олучу герзхоша.

Бакъонашларъярхочо Мальсагова Асета оцу хьокъехь йистхуьлуш элира, шена хета ца хета, шена билгал хаьа, цу юккъахь цхьа жимма а нохчех хьакхалуш хIума хиллехьара, таIзар луьра хира дара аьлла.

Мальсагова: «Оцу юкъахь цхьа жимма а нохчий хьакхабелла хиллехьара, оцу кхелан чакхе кхечу агIор хир яра. Нохчашна Iаткъам бен аьлла, хьалха дуьйна Iедалша хIоттина Iалашо хийцина яц тахана а. Вайн махкахошна уггаре а яьккхий хенаш а етта, чу а бухку. Церан бехк хиилар а, ца хилар а тергоне а ца оьцуш».

Кхелан а, Оьрсийчурчу юккъараллийн шалхенаш, царна шайна ца гахь а, нахана, къаьсттина нохчашна дика го. Хийла стаг ву, цхьанна а агIор набахте ваха хьакъ а, бахьан а доцуш, яьккхий хенаш а етташ чубоьхкина, бохуш кхин дIа а дийцира бакъонашларъярхочо Мальсагова Асета.

Мальсагова: «Оцу «приморьерчу партизанаша» лелийнарг хууш ма ду. Амма Iедалшна ца гучух тера ду кхелан и шалхенаш. Ткъа нохчашна-м го и за дукха дика».

Нохчашна хенаш яккхий а етташ, бехк-гуьнахь доцурш чубухкуш а хилар даре до, ша а набахтехь 13 шо даьккхинчу Осмаев Ахьдана. Чохь ваьллина стаг, араваьлча кхечу агIор хуьлу. Тутмакх кагван, иза хьаша Iалашо ю Оьрсийчуьрчу бехктакхаман системан, элира цо.

Осмаев: «ОьгIазе а волуш араволу набахтера стаг. Маьрша ца хиларал сов, царна хуьлу Iаткъам, уьш шайн цIахь ца хиларх а, набахтийн администрацица а, шайца чохь бохкучаьрца а, цхьа юкъаметтиг лаха езаш хуьлу».

Дагадоуьйту «Приморьера партизанаш» олу и тоба 2009 шарахь гучуелира. Шаьш дехачу кIоштерачу полицино лелочу зуламашна, герз а карахь дуьхьал бевлачу оцу оьрсийн кегирхоша, йоккха гIовгIа эккхийтинера пачхьалкхехь.

Полицийн декъана тIелатар а дина цу чуьра герз а даьхьнера цара. Юха низамхошца хилачу тIемантасадаларехь царах шиъ вийнера.

Партизанаш царах олура, шайна тIаьхьа бевлачарах уьш хьуьнчохь лечкъина хилла дела.

Уьш чохь болчу петаран го бича, царах шиъ шаьш шайна герз тоьхна веллера, вуьйш къера а хилла, карабахнера Iедалхошна.

XS
SM
MD
LG