Цхьаьна бохаман йилбаз-мохь дIатийна балале вукху бохамах долу коста даьржаш даьхкина Германехь тIаьхьара иттех де. КIира долалуш Вюрцбургехь 17 шо долчу овхIанхочо урс, диг детташ 14 стаг лазийнера. Кху деношкахь Мюнхенехь цхьана 18 шо долчу жимчу стаго тапча етташ 9 стаг а, ткъа цул тIаьхьа ша а вийна.
Цу хIуманаша Iадорах хIинца а меттабахканза болу Бавари лаьттан бахархой кIирандийнахь бехк боцуш белларш даглаца, уьш баъйинчу метте зезагаш а, чIурамаш а дохьуш гулбеллера. Амма цу беллачийн тезет дIаерзале, керла ирча хаам баьржира, оццу Баварехь Ансбах олучу жимчу гIалахь кIиран сарахь эккхийтар хилла аьлла.
ХIора шарахь аьхка цу гIалахь дIахьочу Ansbach Open цIе йолчу мукъамийн фестивалехь хилла иза. Сарахь 10 долучу хенахь Ансбахерчу ипподромехь дIахьочу фестивалана чу вуьту кевнашна хьалха гаррехь цхьана хIуманна сингаттаме а волуш, гехь рюкзак а йолуш, дIай-схьай лелаш волчу цхьаьна жимчу стеган тидам хилла тIаьхьарчу хенахь Германехь хиллачу бохамаша семалла лакхаяьккхинчу хехойн.
Концертан кевнашна цкъа тIевоьдуш, тIаккха юхаволуш волу и стаг шеконе хетта, иза ларвеш хиллачу секьюритишна гина, жимма дехьа а ваьлла, уллорчу ресторанан учахь иза соцуш. Оцу мIаьргонашкахь хилла эккхийтар, 12 стагана чевнаш а еш, ша талор динарг вала а леш.
Нагахь санна цу стеган фестивал дIахьочу керта кхача кадаьллехь, талоран закъалташ кхин а дуккхаъ алсамох хир дара, хIунда аьлча, цу концерте гулвелла 2500 стаг хилла, элира Баварин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Херрман Йоахима оршот Iуьйранна ша журналисташна еллачу пресс-конференцехь.
Зулам динарг мила ву вуно сиха къастийра полисхоша. Иза 27 шо долу Шемара мухIажар хилла, нийса шо хьалха, Германехь тховкIело ехна волу. Болгарехула немцойн махка кхаьчна волчу цуьнан тховкIелонах долчу дехарна дацаре жоп делла хелла мигрантех йолчу хьукмато.
Шена Болгаре депортаци яллалца Ансбахехь мухIажарийн юкъараIойлехь вехаш хилла иза. Тайп-тайпана къепедацарш лелор бахьана долу массийтаза полицино йоцачу ханна лаьцна, юха а дIахецна а хилла иза. Цул совнаха, шозза ша шена тоьхна вала иза гIортар а, цу стеган психика галйаьлла хилар а хууш хилла иза вехачу мухIажарийн кхерчан белхахошна.
ХIинца Ансбахехь хилларг тIаьхьарчу деношкарчу ирчачу хиламийн гIайгIане могIаршлахь рогIера бохам хилла дIахIоьттина. Меттигерчу бахархоша а, йоллучу юкъаралло а хаттарш до – хIара дан хIун ду? ХIара иштта кхин дIа а лаьттар долуш дуй, хIара тамашийна хьал?
Мичара яьлла Германин бахархоша даханчу шарахь цIерпоштийн вокзалашка а оьхуш, дуург-молург а луш, тIараш а детташ, йовхонца тIеэцначу нахалахь сел къиза агресси а, шайна хьошалла динчу нахаца гамо а? Iедалан хIун ницкъ а, хIун таронаш а ю и санна долу талорш кхин ца хилийта, царна дуьхьало ян?
Мюнхенехь ехаш йолу яздархо Штайнер Хайди дуккхаъ шерашкахь мухIажаршца болх бина ю. Нохчийчохь тIом болчу хенахь Германехь тIамна дуьхьал митингаш а еш, тIеман бала ловчу нахехь гIо доккхуш, цу тIамах бевда баьхкинчарна белшашгIортош хилла ю иза. Амма тахана Германехь яьржаш лаьттачу маьршачу нахана ницкъ баран тулгIено ала дош доцуш йитина ша а, шен хьеший а боху цо.
Штайнер: „Хаттар иштта ду - урхалла хIун деш ю кху хьолехь? Кхузахь дIасалелаш цхьа тамашийна адамаш а ма ду, меттигера нах шайна арсаш хьекха схьаделла бежнаш долуш санна хеташ? Шаьш царна шайна ма-тов герзаш детта а, къоланаш дан а, уьш хьийзон а мега аьлла хеташ долу? И хаттар тIейогIучу хенахь наха алсам хIиттор долуш ду, Мюнхенехь хIиттийна а ца Iаш“.
Цу юкъана полисхоша хIинца а билгал жоп ца ло, Ансбахехь эккхийтар динарг радикалан исламхошца я ДаIишца зIенаш йолуш хилла я иза коьртана телхина амокхо ву, Мюнхенехь жимма хьалха нах байъинарг санна бохучу хаттарна.