Дукха хитIe кхехьна кIудал хи тIехь йисна баьхна-кх вайн дайша!
Изза чакхе хила тарло нохчийн меттан а, цуьнах лаьцна дукха дийцарна.
ХIинццалц гобьевллачу Iилманчийн, лингвистийн мохь-орца ихнехь а, бовш лаьтта мотт балхош, тахана кIезиг бац социалан машанех пайдаоьцучарех оцу хьолана саготтаберш.
Цара кар-кара оьцуш йийцаре йо нохчийн тема. Цуьнан хилларг, тахане, кхане. Далхадо нохчийн мотт кхерамечу зил буха нисбаларх а, цуьнан цадечу пусарх, оьрсийн матто йечу гIелонех.
Тов шен къоман патриоташ хилар, амма гIалатло хета шегара сингаттам хийрачу маттахь балхабар.
Нохчочо муха балхор бу шен къа-бала оьрсийн маттахь?
Нохчийчуьрчу цхьа могIа Iилманчаша а далхориг ду юкъараллехь ненан мотт оьрсийн маттаца иэбеш бийцар, ткъа оьрсийниг бийца а цахуурш къаьсттина беламе гойту оцу хьоло.
Нохчийн лазамех, бовш лаьттачу маттах дуьйцуш цхьаболчара бехкебо дай-наной, доьзалехь цабийцарна шайн берашца ненан мотт, ткъа дайша. наноша хьехархошна тIетуьтту бехк, уьш бу боху декхарийла шайн бераш кхетош-кхион.
Маршо Радион зIе хилира Нохчийчуьрчу вахархочуьнца Дамаев Русланца. Нохчийн мотт безачех, буьйцучех а ву иза. Шена денна воьдуш-вогIуш юкъараллехь гуш долчух ишта дийцира цо.
Дамаев: «Советан Iедал долчу хенахь вайн цIахь гIазакхийн мотт буьйцура кура нах, хьоладай бу алийтархьама. ЧIогIа лакхара хетара гIазакхийн мотт буьйцурш. Мотт бийцарал совнаха, цу хенахь, оьрсийн цIераш тахка дуьйладелира вайн берашна: Соня, Наташа, Света бохуш.
Цул совнаха,балийначу несарша а, марзхойн цIе кхобуш оьрсийн цIераш йохура: Костий, Светий бохуш. Тахана кхи зама а яра, бусулба дийне а дирзинера вай, Iадаташ а леладора вай, вайн мотт хаза а бу, и бийцича дика хир дара аьлла хета суна.
Амма, суна гуш долу сурт муха ду, хаза оьзда духаршца схьабогIуш, масала, мехкарий хуьлу вайн, хьо царна улле ма нисвелли, церан багахь оьрсийн мотт хуьлу. И ца деза суна, дагах кхета! Дайша-наноша доьзалехь марзбан беза мотт».
Нохчийчуьрчу зорбанна министерстралло а масех шо хьалха кхоьллинера махкарчу шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь нохчийн литературан мотт ларбарна тIехь таллам латторан комисси, цуьнан куьйгаллехь волчу журналистца, яздархочуьнца Дадаев Сайд-Хьасанца масийтаза къамел а хилира Маршо Радион.
Цо дукха дийцира шаьш бечу балхах, масала, нохчийн гIаланийн, кIоштийн, урамийн цIераш нохчийн матте гочйинера оцу комисси юккъерачу лингвисташа.
Ненан мотт халкъалахь чIагIбарехь кхоьллина, зорба тоьхнера нохчийн рузманна а.
Амма цхьана а кепара кхиаме ца хиллачух тера ду комиссин болам.
ХIунда аьлча, даим санна, тахана а шайн къамелехь «понедельник», «тахана масолгIа число ду», «Ермоловке воьду со», «2016 –й год» бохуш хеза гондхьа.
Ца лардо ша мотт буьйцуш низам ур-атталла, нохчийн мотт кхио а, исбаьхьаллин литературан а, ненан маттахь зорбане юьйлучу кхечу хIуманийн а мах хадо Iалашонца кхоьллинчу Экспертийн-говзанчийн Кхеташонан кьйгалхочо Кадыров Рамзана а.
Рамадан беттан тIаьххьарчу суьйранна меттигерчу телехьожийлехь махкахошка вистхуьлуш ву иаз.
Кадыров: «Вайна хIинцца цхьа хаам схьакхаьчна муфтий Салахь-хьаьжигара. Марха вай кхана Iийна досту, средехь, кхана 30 марха дузу, послезавтра в среду вай марха достур ду».
Амма цхьабакъду, махкахь Нохчийн Меттан дIакхайкхийна цхьа де ду шерачохь, цу дийнахь хIораммо а гойту шен нохчалла, духарца, аларшца, хелхаршца. Балхабо матте безам зевнечу иллешкахь, къамелашкахь.
Иштта дIайоьду зама, эшамехь буьсу мотт.
Къаьсттина шен матттах а, халкъах а доглозучех ву яздархо, прозаик Бексултанов Муса.
Маттехь латточу гIелонна цунна а бехке хета, цкъа делахь, да-нана, цул тIаьхьа школа.
Бексултанов: «Дукхах болу бехк, и мотт ишттачу хьолехь хиларна, оцу хьехархойн ма бу. Шен урок оцу берашка лара ца лоруьйту. Кхи хIун ду хьуна цигахь аьлча, ЕГЭ яц оцу нохчийн меттан цхьана а меттехь яла езаш. Гой хьуна, муха хIаллакбеш бу мотт, хIилланца! Нохчийн меттан экзамен дIаелларг бен ЕГЭ-на тIевуьтуш цахилча, бераша Iамор бара нохчийн мотт.
И вай ваьшша дан мегаш хIума а ма ду вайн чохь. Муьххачу а стаге вайн цIахь а хаттахь, тахана хIун де ду, хьуна жоп хезар дац-кх хьуна «шоьтан де», я «кIиранде» олуш. Вайга ма дийца, ларло олуш стагг а вац».
ХIара дуьне лаккхарчу технологийн дуьне ду. Коммуникацеш тIекхетта, таронаш шоръелла, хIетте а я Iедало а, я Iедалан цIарах йолчу хьукматийн белхан эвсаралла яц гуш.
Мотт бутт батте мел болу нехан багахь беркъа, ледара, иэбина хеза. Хан мел йолу лагIлуш ду вайнехан багах дуьйлу нохчийн дешнаш а.
Социалан зIенашкахь, газеташкахь, телехьожийлашкахь а ахь терго яхь, пIелгаш тIехь багарбаллал а бац хецна шайн маттахь къамел дан хуурш.
Бахьанаш дуккха а хила тарло, дIасатоьтту бехкаш санна.
Амма билгалдаккха лаьа коьртачех цхьаъ, нохчий Оьрсийчохь шен дукхаллица 4-гIа-5-гIа къам доллушехь, Нохчийчохь деккъа цхьа «Даймохк» бен нохчийн маттахь арадолуш газет цахилар.