идиев «шен хенна» ведда дIавахара махкара. Ткъа вукхо шена кхаъ бу бохура иштта девзина а, ша бохург, дуьйцург нахала далар, бохура, ша мохк а битина, цхьаьнхьа а ваха лерина вац, Дала делларг ша леткъамаш а боцуш тIеоьцур ду.
ХIун даьлла шина дин, вайнах схьабовлар толлучу Iилманчашкара?
Дидиевс байтийн кепехь, нохчийн маттахь шега «Делан Дош» доьссина аьлла даржийра. Оцу «къайлено» гучудаьккхина шена нохчий Далла уггаре герга а, дуьххьара дуьненчу девлла адамаш а, бусулба дин диллина а къам хилар, бохура цо.
Ткъа Ибрагимов Ризвана арахецначу тептарийн цIераша шаьш гойту яздархочун, историкан амплуа. ХIорш ю уьш: «Нохчийн халкъах лаьцна Доссийнарг», «Палестина? ХIан-хIа, Нохчийчоь», «Жуьгтийн къам дац цо ша ду бохург», «Пайхамар схьаваларан къайле».
Телевизионехь ши яздархо нажжазвинчул тIаьхьа дIаюьйлаелира цаьршиннан проблемаш. Дидиев-м ведира хан ялале, ткъа Ибрагимов шен цIахь, махкахь вуьсу Ибрагимов, волийра, дуьхьал экстремизмах долу дов а айдина, Талламан комитете дIаийзо. Цул тIаьхьа араяьккхира и талла психиатрия а.
ХIумма а дина а далале, аьлча а, я бехк теллина а, я буьззина психиатрийн таллам а гучу а балале, Ибрагимов Ризван кхетамца галбевлла нах кхобучу дарбан цIийне виллина Iедало кху деношкахь.
Иза хиллале дира Маршо Радионо Ибрагимовца къамел. Цо ша галваьлла хила а тарло, гипотезаш бен яц ша хьалхатеттинарш, шеца дош къевсинехь, бакъдерг юкъахь лехинехь нийса хир дара, боху.
...Арахь лаьттарг 21-гIа бIешо ду – демократин, адамийн маршонийн зама. Ибрагимов Ризван, я Дидиев Абубакар хила а тарло шайн тептаршца харц историкаш. Амма къиза хетало оцу кепехь адамашца юкъаметтиг лелор Iедало диттане а цдитар.
Шена тептар ца тайча, иза яздинарг таIIийна набахтичу воллар, псих и а вина, хьерабевллачу нехан цIеношкахь къайлаваккхар – иза дерриг а дайна ду Советан пачхьалкхехь. Стенна ца тору сталингIарех, ежовгIарех, бериягIарех къаьсташ, царал къинхетаме хила тахана мехкан дайшна?
И хаттар хьалха долу Ибрагимовн тептарша ечу хьунал а. Ца тоьара и санначу кхечу Iилманчаша, яздархоша, журналисташа, могIарчу нохчаша шайна харц хетарг емал и дина, тептарш дакъаза даьхча? ХIун тIедолу Ибрагимов Ризван, хьераваьлларг а вина, хьийзийча? Хьу йитина нехан оцу хеттаршна жоьпаш ца хиларо я хир а доцийло – ца гучунна гойла нахана цкъачунна мелла а маьрша йисинчу интернетехь, социалан машанашкахь оцу хьокъехь наха дуьйцург.