Бахначу беттан 16-чохь карчамхой гIовттийнарг а, оцу боламан коьрта автор а, цуьнга хьажжина, туркошка цIий Iанадайтинарг а Iеламча ша лоруш волу Гюлен хилар шеко яц Хонкарахь. 1999-чу шарахь дуьйна Пенсилвани-штатехь вехачу цунна экстрадици яр а доьхуш, цунах йолу масситта досье хьажийна Штатийн Iедале Туркойчоьно.
Оршоьтандийнахь Хонкара вахначу Цхьанатоьхначу Штатийн тIеман ницкъийн буьйранчийн комитетан лидеро Дэнфред Джозефа аьлла, Гюлен туркойн караваларх дерг «Iамеркан юстицин гурашкахь зуьйр ду».
Цул де хьалха хьалха ша Гюлена Corriere della Sera газетна ша еллачу интевьюхь, иза шеггара делахь а, аьлла, «Цкъачунна Iамеркан Iедало ца хаийтина шега официалехь туркойн Iедалера экстрадицин хьокъехь дехар кхаьчнийла. Цхьанатоьхначу Штаташа кхетташ хаийтина, ша низам а, нийсо а лелош пачхьалкх юйла. Со ца кхоьру, ас сайх дериг дерриг а Iамеркан Iедалан караделла».
Ша вац карчам кечбинарг, боху цо ша газетна еллачу интервьюхь. «Нагахь санна сан жайнеш доьшурш, сан къамелашка ладоьгIурш пачхьалкхехь карчам бечу новкъа бевллехь, ас хьоьхург цара сийсаздина, тешнабехк бина,» - боху Гюлен ФетхIуллахIа.
Цул совнаха, политика а хьехайо Гюлена Corriere della Sera-ца къамелдеш. Европано гIодан деза демократин реформийн новкъахь Туркойчоьнна. «Со даима а ву Евроберта юкъа Туркойчоь эцарехьа, иза беккъа цхьа некъ бу демократи шоръяхьа а, адамийн маршонашкахьа,» - дуьйцу Гюлена, ша чуьра I7 шо хьалха веддачу даймахкана хьоьхуш.
Ткъа Туркойчоьнна ца оьшу оппозиционеран хьехамаш, цунна иза ша оьшу, политикан тIегIанара ваккхархьама а, бехк а теллина, набахте верзорхьама а.
Iамеркан официале туркойн Iедалера тIаьххьара къамелдинчух ву парламентан арахьарчу гIуллакхийн комиссин куьйгалхо ОьзхIан ТахIа. Цо оршоьтадийнахь Вашингтонехь дина къамел довзуьйту Маршо Радионо.
ОьзIхIан ТахIа: «Вашингтоно Гюлен схьа ца велча, шина пачхьалкхан юкъаметтигаш IиндагIе йоьрзу, регионерчу кхерамзаллин дуьхьа кхачо веза и стаг кхела хьалха. Махкахь Iедал къовсар цIий Iеначе даьккхинарг, пачхьалкхехь хьал карчаме далийнарг гергарло лелачу махкахь висар, Штаташа лацаза витар нийса дац»
Туркойчохь стеган а шеко яц Гюлен ФетхIуллахI Iаьнначу цIийна бехке хилар. Берриг а санна, мохк хууш бу, тешна а бу иза мила ву, карчамбан гIоьртинчийн иза дожал вуйла, бохура ОьзхIан ТахIас.
ОьзIхIан ТахIа: «ХIинца тхуна хаьа тоьшаллаш динчу актерашкара, хьехархошкара, полицерчу буьйранчашкара иза инзаре доккха зулам дарна бехке вуйла. Шу Туркойчухула чекхдовлахь, гур ду шуна 90 процент, бIе гергга нах карчам Гюлена байтина бохучух тешийла – бух бу цуьнан. Цо ша бен боху нехан синош шен доладоху хьехамаш кхераме хьехамаш бу, иза дуьззина кхето атта дацахь а.
Амма тхуна дика хаьа цIий а Iанош карчамбан гIоьртинчийн иза хьалханча вуйла, карчамна кечдеш адам цо дийцинарш а, лелийнарг а».
Оцу кепехь ду Туркойн Iедалхоша Цхьанатоьхначу Штаташка ден дехарш, уьш Вашингтонан лере а, коьрте а кхачийна, Гюлен ФетхIуллахI цIехьавига гIертар.
Амма ша «ХIизмет» («ГIуллакхдар») боламан хьалханчас ма-аллара, официалехь дац хезаш Цхьаьнатоьхначу Штаташа Туркойчоьне Гюлен дIалур ву, я вала тарло бохург.
Дуьненаюкъарчу тергамчийн а дац цкъачунна ала, хIун некъ хоржур бу Вашингтоно. Амма ладегIамехь-м Iа Гюлен ца везарш а, цунах хIинца а устаз вийраш а.