ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кибер-гIирс баьржина Узбекистанехь а, Казахстанехь а


Узбекистанан а, Казахстанан а Iедалша махкарчу диссиденташца къийса шайн полицешна, къайлахчу сервисашна Малхбалера кибер-гIирс эцна хилла, аьлла, хаамаш баьржина прессехь. Теллинчара бахарехь, пхийттех шо хьалха Малхбалерчу Веринт, Ниццей компанеша бухкуш хилла нахана тIехь къайлах тергоен гIирс, боху Associated Press медиа-компанино. Оцу гIирсо Казахстанерчу а, Узбекистанерчу а низамхошна аьтто луш хилла телефонехула я интернетехула Iедална ца товриг дуьйцу стаг сихха кара а вина, дIалаца.

Швецехь тховкъело карийначу узбекийн диссиденто Караев Тулкуна дуьйцу Associated Press-ехь шен децIерачу Iедалан коьрта герз ду нах кхерамехь кхабар, Узбекистанехь мегаш дац хеттарг ала, яц дешан маршо, боху. Дуьненаюкъарчу адамийн бакъонийн терго ечу Human Rights Watch юкъаралло бечу хаамца, тIаьххьарчу 20 шерачохь мотт бахьанехь набахте кхачийна Узбекистанехь эзарнаш нах.

Associated Press-о дийцарехь, буьйцучу шина махкахь низамхошна оьцуш лаьттина кху шерашкахь лецначу нахана тIехь гIелоен гIирс а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG