"Кху заманчохь бусулба дин «къаьхьа къемат ду», «дуьхьало» ю иза кхиаме доьдучу дуьненчохь".
«IslamNews» порталан журналисто Сальникова Юлияс телефонехула къайлах дIаяздина, нахала даьккхина Митрохин Сергейн и къамел.
Кавказерчу «Яблоко» партин филиалан декъашхоша чIагIдарехь, пачхьалкхан Думан а, регионашкарчу парламентийн а харжамаш герга кхоччучу хенахь зорбанехь и тайпа кхайкхамаш хазор, Къилбаседа-Кавказерчу партех тешам байа а, цуьнан сий дайархьама а дина зулам ду.
ГIалгIайчуьрчу «Яблокон» куьйгалхочуьнга Муцольгов Руслане партин болх сацабе бохуш, цхьа могIа сайташтIехь ца дича ца воллучу кепара тIедожораш хезадо.
ХIунда аьлча, «Яблоко-н» декъашхоша Iедал аьшнашдар, критике диллар меттигерчу Iедалшна цатов дукха хан ю.
ГIалгIайчуьрчу къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан хаамийн министраллин куьйгалхочо Евлоев Улана а тергамза ца дитина Митрохин Сергейс дин сийсаздеш дина дIаааларш.
Къасттина ца тайна Евлоевна «исламан дин кху заманан къематде ду» боху дешнаш.
Йоллу «Яблоко» партина дуьхьал кехат яздина министро.
«Пачхьалкхан юкъаралла, къасьттина вайн махкара бусулбанаш карзахбаьхна оцу дешнаша. Шен дукхаллийца пачхьалкхехь шолгIа меттиг дIалоцучу Исламан динах лаьцна фашизман кхайкхамаш бина Митрохин Сергейс, «Яблоко партин векало.
5 минотехь гергга цо динчу къамелехь ксенофоби хилла а ца Iаш, къаьмнашна а, динашна юкъахь гамо, цабезам баржор ду.
И тайпа къамел цхьана зуламечу нацистийн тобанерчу цхьаммо аьлча а дара ша, амма демократин болам шаьш лоручу партин декъашхочуьнгара иштаниг даларо Iадаво» аьлла яздо Евлоев Улана.
«Лаккхара Iилма а долуш, кхетамехь волчу стага муха аьшнашдийр ду дин. Массарна а хууш м аду, Европан Iилманал бIешерашна хьалха а бовлуш, вуно дукха дуьненан къайленаш яьстина бусалба Iилманчаша дуккха а агIонашкахь», бохуш, юх-юха дижа ца дуьтуш, карзавуьйлу министр.
Цул совнаха, къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан хаамийн министраллин
куьйгалхочо дика хир дара боху, ксеонофобин, нацистийн къамелаш даржочу пачхьалкхан куьйгаллехь болчу нахана дуьхьал бехктакхаме гIуллакх айдеш, царна таIзар деш хилча.
Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуре дехардо Евлоевс Митрохин Сергейс динчу дIахьедарийн боггIу мах хадор.
Иза тешна ву харжамийн комитето харжамашкахь Митрохине дакъалоцуьйтур ца хиларх а.
ГIалгIайчуьрчу «Яблоко» партин куьйгалхо Муцольгов Руслан талламашкахь ву, шен коллегас динчу къамелийн бух охкуш.
Цо чIагIдарехь, интервью хилла а яц, я «IslamNews» порталан сайтехь а ца карийна цунна аудио-компромат.
Маршо Радион аьтто ца хилира шеца, Муцольгов Русланца йийцареян социалан машанехь иккхина конфликт, амма тхоьца з1ене велира цуьнан ваша, «Машр» цIе йолчу бакъонашларъяран цхьанатохараллан куьйгалхо Муцольгов Мохьмад.
Социалан машанехь дин сийсаздеш материал гучуяьллачул тIаьхьа, Муцольгов Руслана жоьпе озийра Митрохин Сергей.
«Ас бакъцаво, - боху цо, - сайн белхан накъост, амма цхьабакъду, цуьнгахь къонахалла тоьъна, шегара даьллачунна къера а хилла, бусулбанашка шена гечдар деха», бохуш яздо Муцольгов Руслана Интернетехь.
Цул совнаха, бехказавуьйлуш, «Яблоко» партин векало Митрохин Сергейс шега даийтина кехат зорбане даьккхина цо.
ХIара ду и жоп.
«15 шо сов шерашкахь суна дикка евзачу журналистца Сальникова Юлица ас дина, нахала даьлла къамел тхойшинна юкъахь хилла дара. Суна хетарехь, я Делах тешаш, я Исламца гIуллакх догIуш а яц иза.
Ша-тайпа, ироница дина къамел ду иза, багахь цхьаъ, буха диллина кхин а долуш.
Даим хилла со къаьмнашна а, динашна а юкъахь машар латторехьа.
Масала, оьрсийн политикашлахь со цхьаъ вара масех шо хьалха Жириновскийс Кавказ кIохцал-сераца Оьрсийчоьнах дIахадон еза, бераш дуьненчу ца довлийта доза тоха деза бохуш, бинчу кхайкхамашна дуьхьалваьлларг.
«Тоьар ду Кавказ юзо» бохуш Оьрсийчохь боламаш буьйлабелча, ас диллина емалбора оцу акцийн вовшахтохарш.
Дуккха а шерашкахь схьавогIуш ву со Сталин бехкевеш, цо кавказхошна йина геноцид емалъеш.
Суна аьттехьа а ца хаьара, ас ден къамел цо дIаяздеш дуйла а, кхана-лама и зорбане дуьллур ду а.
Хилларг хилла даьлла, амма ас сайна бехк ца биллар доьху массо а бусулбанашка.
Ларамца Митрохин Сергей».