Германин арахьарчу гIуллакхийн министро Штайнмайер Франк-Вильгельма хаамбина, гонелаьцна латточу Шемарчу Алеппо гIаларчу бахархошна вуно сиха гIодан догIу, и гIо стихалхула кхачо а деза, нах гуманитаран гIелонехь бохку, аьлла.
Sonntag газетна шоьтадийнахь ша еллачу интервьюхь немцойн коьрта дипломато, Германи Iамеркан Штаташца а, Оьрсийчоьнца а, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацица а барт беш ю, чехкка и гIо Алеппо кхачорхьама элира, гуманитаран гIо чукхачадайтахьара, дийнахь кхаа сахьтана мукъане а ракеташ, бомбанаш еттачуьра кеманаш совцадахьара, бохуш, шега дуккхаза а мехкаша дехарш дича а ца совцийна Оьрсийчоьно, боху Штайнмайера.
Шемара кризис оьрсашца йийцаре ян Петарбуха воьду Германин арахьарчу гIуллакхийн министр оршоьтадийнахь.