Дешаран шо долалуш Нохчийчуьрчу школашкарчу берашна тIехь цхьанакепара духар хила деза, аьлла дIахьедар дина дешаран департаметан векало. Божаберийн барзакъан мах хIоттийна 2,500 сом, ткъа зудаберийнчух доьху 3000. Берийн дай-наноша «Кавказан узел» агенталле бинчу хаамашца, духаран дикалла хIоттийначу мехашца цхьаьна йогIуш яц.
И тайпа эксперименташ кест-кеста дIахьо махкахь. 2009-чу шарахь Оьрсийчоьнан дешаран а, Iилманан а министралло дIакхайкхийра, массо а дешаран меттигашкахь кегийрхошна тIехь цхьатерра барамца тегна школан барзакъ хилийта, аьлла. Дешаран, Iиманан хьаькамаша бахарехь, школашкарчу берашна цхьанакепара духар юкъадаккхаран Iалашо ю, берашлахь низам лакхадаккхар ю.
Ткъа дайша-наношна хетарехь, цхьатерра барамца тегна барзакъ юкъадаккхар, цхьаьннан коммерцин интерес ю.