Кху деношкахь интернетехь нехан тидам тIебахана лелаш ю цхьа видеокийсиг. (Шуна а гина хир ю иза). Уьш нохчий бац бохуш ю цуьнга хьажначу вайн наха йитина комментареш. Иза кхеташ а ду. Хала ду ша цу тайпа маьттаза хилар куьзганчохь ган.
Таханлера токхе зама тIекхачале хьалха машенаш дIоггара дукха ца хуьлура ярташкахь. Делахь а цу хенахь а бара нускал цIа дуьгуш бохам баккха аьлча санна арабевлла хуьлу нах.
Амма царна юкъахь а къаьсташ вара тхан юьртара цхьа жима стаг. Гарехь, цхьаммо забар еш «хьо бIаьрнекъан паччахь" (король трассы) ву аьллачух тера дара цуьнга. Цу хенахь дуьйна ша баккъалла а иза ву моьттуш араволий хIоразза а зулам дохьуш Iедал дара цуьнан. И сецор бен кхин болх цахилара зуда цIаяло арабевллачу тхан юртахойн.
Ткъа тахана, гарехь, цу тайпа "бIаьрнекъан паччахьаш" дебначух тера ду нохчашна юкъахь. Хьажа, масала, кху видеокийсиге.
Цу тайпачу нохчий видеошна къеллахь уггаре а дай аьлла дош "акхарой" а долуш комментареш юьту цуьнга хьаьжначу наха.
ХIора стеган хир ю Нохчийчохь зуда ялош машенаш чехка хаьхкина, герз тоьхна я летта бохам хиларх лаьцна йийца шен истори. Цуьнан ойла еш хIоразза а дагчу эккхарг ду цу хиламашкахь уггаре а хьалха эшам хуьлурш керла кхуллу доьзалш хилар.
Нохчийн гIиллакхашкахь дуккха а ду дIагайта хазаниг бохуш дуьйцу Австрерчу нохчийн диаспоран жигархочо Исханов Хьусайна.
Исханов Хьусайн: - Коьртаниг иштта ду. Кегийчарна цхьа хIума хезна. Вайн наха цхьаъ леладора цхьанахенахь зуда ялош аьлла. Некъ лацар, тIаьхьа хIоттар ... Иза муха лело деза ца дийцина царна.
Дуккха а хан яра ша ловзаргахь хиланза, цундела вуно боккха баланца новкъа яьллера ша кху деношкахь цу тайпачу тойне яха бохуш дуьйцу Димаева Маликас.
Димаева Малика: - Францера Германе даха дезаш дара тхо. Молла ву аьлла хьалхаваккха къастийна стаг вара тхан. Иза жима стаг вара. Цо шена нах бевзаш хиларе терра ковра вовшахтухуш цхьаболу кегийра нах юкъарбехира, уьш харцхьа лела мега аьлла. Дика дIа а дахара тхо, цхьа а хало йоцуш, хьовзам боцуш, юха а дирзира. Ловзар а хилира, массо а самукъа а даьккхина дIаса а бевлира.
Францехь массо а вац гIиллакхах воха кечвелла бохуш дуьйцу Марселехь вехачу Шарипов Рамзана.
Шарипов Рамзан: -Тхо долчу агIор ловзар хилча оха мелла а ларлуш леладо иза. Коврана воккханиг хуьлу хьалхаваьлла. Тапчанаш а ца кхуьссу. Вон лелар Марселехь дац. Ницца йолчу агIор а, Париж йолчу агIор а алсам гулбелла кегийрахой. Европехь кхиина болуш кхиор кхечу агIор хила мега церан. ГIиллакхаш Iамор ца нисделла хила а мега церан. Цара леладо и хIуманаш.
Нохчийн юкъараллан дахаран кеп хийцалуш хилар билгалдоккху философо, Iелим стага Аьрсбин Абубакр. ГIорасиз хуьлуш ду нохчийн юкъараллин дахарехь вуно мехала хилларг бохуш дуьйцу цо.
Аьрбин Абубакр: -Нохчалла а, нохчийн кхетам а хIаллак беш дIаболуш бу маттаца цхьаьна. Вайна юкъахь дукха эрчаллаш яьржина. ХIуманна дола деш баккхийнаш бац. Къанбелла - баккхий ца хилла. Хьалха эхь-бехк дара. Кегийрхой баккхийчара аьллачун тIехь бара. Баккхийчара церан дола дора. Тахана церан дола ца до баккхийчара.
Ши-кхо шо хьалха дара иза. Сан накъост волeчехь буьйса яккха соьвцна хиллера Нохчийчу хьажа-хIотта боьлхуш болу цуьнан гергара нах. Махкал арахь кхуьуш волу, шен дахарехь баш нохчий гина а воцу цуьнан 14 шо долу кIант хиллера шен гергара нах шайга богIуш вуно хазахетта уьш ларбеш.
Уьш схьа а кхаьчна ши-кхо сахьт даьлча меллаша ара а ваьлла шен чу вахана хиллера иза. ЦIеххьана шен кIант чохь ца хилар гинчу нанас иза волчу чу а яхана аьлла хиллера кIанте «вай, хьо хIун деш ву чу а воьлла, вала хаьйн гергарчу нахаца марзо эца, хьекъал а догIур хьоьга" аьлла.
ТIаккха кIанта жоп деллера «ХIаъ, догIур ду дера хьекъал: Парижехь машен дIатуьйхира ас, Брюсселехь чIург иккхира сан, Страсбургехь, мехкадаьтта боьха а хилла, насос йоьхнера сан..." аьлла.
Ма тера дац цунна гинарг вайна вайх хетачух аьлла ойла йо ас хIоразза а и жима стаг дагавеача.