ТIаьхьарчу масех кIирнахь телхаш схьайогIуш йолу Туркойчоьнан, Германин юкъаметтигаш хIинца рогIерчу кIоршаман гуоне евлла.
Бахьана – немцойн хьалхарчу телеканало, АРД-со гайтина йолу IалагIоже репортаж ю.
Цу материалехь журналисташа гучудаьккхина, Германин урхалла Туркойчоьнан куьйгалхо ЭрдохIан Реджап ТIайип шена хаа а хууш, лерина террорхойн тобанашца а, цхьаьнакхетараллашца а уьйраш лелош лоруш хилар.
Журналистийн каракхаьчначу, цара оцу сохьта зорбане даьккхинчу немцойн министрийн кабинето цу махкарчу Аьрру партино бинчу парламентхойн хаттамна официалечу жоьпехь ду и скандале хIума яздина.
Иштта, Бундестаган депутаташна шайн жоьпехь охьаягарйеш ю, ЭрдохIана а, туркойн урхалло а доттагIаллин юкъаметтигаш лелош йолу, амма немцойн урхалло террорхойн тобанаш лоруш йолу цхьаьнакхетараллаш.
Царна юккъехь, масала, Гергарчу Малхбалин цхьа могIа пачхьалкхашкахь, амма коьртачу декъехь Мисрехь жигара хилла „Бусалба Вежарий“ парти а, Палестинера „Хамас“ болам а, Шемахь Исламан Фронт а, цхьа могIа кегийраха тобанаш а ю.
„Мисрерчу Бусалба Вежаршца а, Палестинерчу Хамасца а, Шемахь герз карахьчу исламхойн оппозицин тобанашца а ЭрдохIанас а, цо куьйгалла дечу Нийсонан а, кхиаран а партино а лелош йолчу солидараллин политикано гойту, уьш гергара идеологи йолуш хилар“, - аьлла ду цу кехатехь яздина.
Цул совнаха, чIагIдеш ду, „Гергарчу а, Юкъарчу а Малхбалехь исламхойн а, террорхойн а тобанашца цхьаьнаболхбар – иза кху тIаьхьарчу масех шарчохь туркойн урхалло лерина дIахьош йолчу политикан дакъа а ду, и политика ЭрдохIанс жигара къобалйеш а ю“, ткъа ша Туркойчоь и политика бахьана долуш „хуьл-хуьлаш доллучу дуьнентIерчу исламхойн коьрта арена а хилла дIахIоьттина“, аьлла.
Ала догIу, ЭрдохIан хIинца Берлино дуьххьара бехке вина вац, террорхощца уьйраш лелош хиларна. Жимма хьалха, оьрсийн кема Туркойчоьно чудаийтар бахьана долуш шен цу мехкан куьйгаллица дов даьлча, ЭрдохIан ДаIишца гергарлонаш лелош хиларна бехке вира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а.
Бакъду, масех бутт баьллачул тIаьхьа, Путина н шен санна ЭрдохIанан а Европица йолу юкъаметтигаш телхинчул тIаьхьа, цу бехкеваро новкъарло ца йира Путинна ЭрдохIанна Петарбухехь хьошалла дан а, иза шен доттагI ву аьлла дIакхайкхо а.
Цо гойту, вайн заманахьлерчу поликехь террорхо а, террорхошца уьйраш лелош верг боху цIе Iедалша а, пачхьалкхийн урхаллаша а шайна оьшучу агIор стагана я тобанна цIекхолла таро луш болу гIирс хилла дIахIоттар бохуш дийцира Маршо радионе политологин Iилманчано Асхабов Хьамзата.
Цо нохчийн масала а далош дийцира, селханлерчу партнерах террорхо муха во я селханлерчу террорхочух партнер муха хуьлу бохучух лаьцна.
Асхабов Хьамзат: „Нохчашна хала дац цу террорхо бохучу дашца доьзнарг къасто а, цунах кхета а, вай ваьш а ма дуй цкъа террорхой хуьлуш, тIаккха ца хуьлуш схьадогIуш.
Вай хилла а ца Iаш, вайн дайн оьрсашца хилла къийсам а бара иштта, - суна дага а догIуш массийтаза хийцабелира имам Шемал волчу заманчохь вайн дайша Оьрсийчоьнна дуьхьал латтийначу къийсаман оьрсийн Iедалша мах хадор.
Иштта вайн заманахь Масхадов Аслан низамца хаьржина президент хилар цкъа къобалдира оьрсаша, цул тIаьхьа иза террорхо кхайкхира. Иштта ду ЭрдохIанца дерг а аьлла хета суна. Хьалха цкъа доллучу дуьнено а демократ санна хестош вара иза, хIинца террорхошца зIенаш йолуш ву боху.
Террорхо боху дош – иза бахьана ду-кх, ницкъ болчо ницкъ боцучунна тIекхуллуш цIе ю аьлла хета суна иза“.
Цу юкъана Берлинера даржийначу керлачу костана дуьхьал вуно кIоршаме реакци йовзийтина Туркойчоьнан урхалло.
Цу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министралло шен сайт тIехь зорбане даьккхинчу дIахьедарехь аьлла ду, ЭрдохIан а, туркойн урхалла а террорхошца уьйраш лелош ю бохург цхьаннан сийдоцчу баьллачу кхетамна бен дага дан йиш йолуш хIума дац, аьлла.
„И санна долу чIагIдарш уьш цхьана телхинчу коьртано кхоьллина хIумнаш ду, тIаьхьарчу хенахь вайн президентана тоха гIертарца вайн пачхьалкхе гIелйан Iалашо йолчу.
Цу документан хьокъехьт хаттарш оха Германин урхаллин хIинцале а хьовсийна. Кхеташ ду цу тIехьа лаьтташ немцойн политикера цхьа билгал ницкъаш буйла, терроризмаца къийсам латторехь шалхонаш лелош болу, „Кхурдхойн белхан парти“ цIе йолчу террорхойн тобанца гергарлонаш лелош а болу“ - иштта яздо Чавушоглун Мевлютан хьукмато..