ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ахматова Раиса. Наб кхетац ехачу буса


Наб кхетац ехачу буса

Ахматова Раиса.

Наб кхетац ехачу буса,

Седане наб йоьху аса.

Сох къа а хетта, цо суна

Безаме хичаш йо лакхахь.

Бовзачу новкъа со йоьду,

Юьртана йолу со генна.

ТIулгашна юккъехь цхьа шовда

Дистхуьлу, дош олуш хьоме.

ГIоьнна со кхайкхира хьоьга,

Йовхо а йийхира жимма,

Амма хьо схьахьаьжир соьга...

ТIехвелира юххешха шийла.

Ахматова Раиса йина 1928-чу шеран гIуран-беттан 13-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь. 1943-чу шарахь цо чекхъяьккхира Соьлж-ГIара хьехархойн юккъера доьшийла. 1958-чу шарахь иза деша яхара Москох СССР-н яздархойн Бартехула йолчу Лаккхарчу литературан курсашка. Уьш чекх я яьхна, цIа еанчул тIаьхьа Азматова Раиса Нохч-ГIалгIайн респубдикан синбахамаллин министран куьйгаметта хIоттийра. Иза Нохч-ГIалгIайн АССР-ан яздархойн Бертан гIентда а яра (1961-1983), ЧИАССР-н Лаккхарчу Кхеташонан гIентда яра (1963-1985). Цо язйина иттанаш книшкаш ю зорбанеяьхна. Цуьнан байташ дуккха а меттанашкахь арайийлина. Иза цхьаъ бен нохчийн зуда яц "Нохч-ГIалгIайн республикан къоман поэт". Цхьаболчу талламхошна хетарехь цуьнан кхоллараллин белхан ерриг архива (600 сов папка) Оьрсийчоьнна - Нохчийчоьнна (1994-1996) хьалхарчу тIамехь егира. 2012-чу шарахь Ахматова Раиса а, Жумалаева Лулала дуьненан зударийн анталоги юккъетоьхна нохчийн поэзин векалш санна. Шен дахаран тIаьхьарчу шерашкахь цо куьйгалла дира Совет Пачхьалкхан синбахамаллаин фондана. Ахматова Раисан дуьненан некъ хедира 1992 шеран 29 дечкен-беттан дийнахь.

XS
SM
MD
LG