Туркойчоьнан Шемин дозанерчу Алеппо провинцерчу Джераблус гIала шайн караезорхьама Туркойчоьно тIеман операци йолийна кхаарийдийнахь.
Шемин, туркойн дозанашкара цхьа чакхарма гергга некъ бу Джераблусе.
2012-чу шарахь Шемарчу оппозицин ницкъаша дIалаьцнера и гIала, ткъа 2013-гIа шо долалуш ДАIИШ тобано оппозици ара а яьккхина, шайн каппаш туьйхира цу гIалахь.
Кхаарийн Iуьйранна 4 сахьт даьлча туркойн эскарша йолийначу операцехь дакъалоцуш ю туркойн спецназ, танканаш ю тIеоьзна.
Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа куьйгалла дечу коалицин кеманаша гIо а лоцуш, дIахьош ю йолийна операци.
Джераблус гIалина хьалхо туркойн а, Iамеркан а кеманаша а бомбанаш йиттира.
Хаамийн гIирсаша дийцарехь, лаьттарчу эскаршца ДАIИШ-на дуьхьалатта сацам тIеэцна туркойн Iедало, Шемарчу тобанаша туркойн кIошташна герзаш диттинчул тIаьхьа.
Кхаарийдийнхь телехьожийлехь шен къоме вистхуьлуш, Шемахь шаьш тIом болоран Iалашо, шен халкъ террорхойн тIелетарх лардар ю аьлла, дIакхайкхийна Туркойн президенто ЭрдохIан Реджепа.
Шемарчу хьоло Туркойчоь цунна лаахь а, ца лаахь а тIеман аре хила декхаре йина, лулара тIелета цхьана агIор ДАIИШ, вукху агIор курдойн гIаттамхой.
Цул совнаха Шемара хьал эшна, тIеман багара бевдда туркойн гIаланашка, ярташка бисинчу мухIажирийн терахь а ду мехкан экономикна а, политикан хьелашна а боккха тIеIаткъам беш.
Шемара 3 миллион гергга мухIажир дIатарвина туркоша шайн пачхьалкхеь.
Шинарийдийнахь арахьарчу гIуллакхийн министро Чавушоглу Мевлюта а дира дIахьедар, Джераблусехь дIахьон йолчу тIеман операцехь Анкарас массо агIор гIо-накъосталла дийр ду аьлла. «Иракъехь а, Шемахь «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанан лар юьсийла ца лаьа шайна, аьлла, тIе а тухуш.
Маршо Радио зIене елира Туркойчуьрчу цхьана кIоштан Хьафиз цIе йолчу вахархочуьнца. Оха хаьттира, хIун хьал лаьтта тахана Туркойчохь, адаман дог-ойла а муха ю, тоьар буй-те туркойн ницкъ ДАIИШ эшон, аьлла.
Хьафиз: «Тоаьр бу, дера ницкъ-м! Важа Iедалш (Iамеркан ницкъаш) а ма ду цу юкъахь. Дукха хан йоццуш бераш, зударий хIаллак а беш, эккхийтар динера ДАIИШ-о цхьана гIалахь, 60 адам делла цигахь. И бахьана а хIоьттина йолийна Туркойчоьно операци. Массо а цхьанакхета тахан оцу къовсамехь».
Маршо Радио: Хьафиз, нехан дог-ойла муха ю-те? Сингаттаме буй-те тIом марсабаларца?
Хьафиз: «Цхьа а хийцам бац Туркойчохь. Со,масала сайн кхатIехь ву-кх, болх беш. Iежийн башмаш ю вай кхузахь лелош. Доьхна хьийзаш адам а дац. Генахула чекхдовлу эскарш хилар бен, кхин цхьа а хийцам бац пачхьалкхехь».
ХIинцале а Туркойчоьнан кеманаша бомбанаш йиттина Джераблусан гонашкахь, Алеппо гIала ДАIИШ-ера мукъайоккхуш. ТIемаш болийначу кIошташкара бахархойн эвакуаци йина.
Туркойчуьра схьахезачу хаамашца, туркойн Ф-16 тIеман кеманашца Джераблусан кIошташкара 12 ДАIИШ-ан куп хIаллакъйина, артилерийца 224 тохар а дина хIинцале а.
Иштта хIаваан кеманашца, артилерица, яккхий тоьпашца, танкашца террорхойн тобанаша дIалецначу позицешна тIе кхийсарш йо туркойн эскарша.
Туркойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Ала Эфкана дIахьедарехь, юхадовла лерина дац эскарш, «Исламан пачхьалкх» олучу тобано бохьу кхерам дIабаллалц.