ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Психиатр - Iедална цатовриг къарвархо


ГIирмахойн Меджлисан лидеран гIовс Умеров Ильми, «сепаратизм» олу бехктакхам тIе а хьарчийна, ницкъаша психиатриян экспертизе хьажийна кхобу меттигерчу Iедало. Иштта тутмакх веш лаьтта яздархочух-историках Ибрагимов Изванах Нохчийчохь а.

Шекаран диабет, Паркинсонан лазар а ду дагна дукха хан йоццуш операци йина а волчу Умеров Ильмин. Украино а, Европан Берто а кхойкху Кремл йийсархо мукъаваккхаре. Амма дац дIахезаш дехарш.

«Зорбанах а, электронан а, информацин-телекоммуникацин хьостанех пайда а оьцуш, Оьрсийчоьнан цхьаалла йохоре нах кхайкхар» аьлла йолу бекхтакхаман кодексан 280 артикл ю Умеровна дуьхьалтоьхна.

Ткъа ГIирмерчу гIезалочо вац ша боху цхьана а пачхьалкхан цхьаалла йохо гIерташ, мелхо а шина пачхьалкхан - Оьрсийчоьнан а, Украинан а – цхьаалла ша денъяре сатуьйсу. Амма Умеровс харцйо ши шо хьалха шайн мохк, дуьненан низам а дохош, Оьрсийчоьнах дIатоха хIоттийна хилла референдум.

Амма межлисхочо арабаьккхина некъ зуламе лоручу Iедало кхелевелла иза, ткъа кхело дов листар саца а дина, ханна дарбан цIийне хьажийра. Ши кIира хьалха кхачийна, кхетамна экспертиза йо аьлла, психиатриян стационаре.

...Тергоне эца догIу кху муьрехь гIезало Умеров цхьалха воцийла – и санна псиатриян экспертизашка а хьийсош, хьерабевллачийн могIаршка язбаболийнарш кхин а бу.

Ахархо я жаIу вац Iедало я хьалха а, я хIинца а, кхетамца лартIера ваьлларг а вой, псиатриян хIусамашкахь дIалачкъориг. Иза даима а санна, Iедалца я политика, я кхин мехаллаш къевсинарг нислуш ву.

Умеровл хьалха вара нохчо Ибрагимов Ризван, историк, яздархо.

Пхи жайна арахецна а, кхин пхиъ зорбане кхачаре сатуьйсуш а Iара Ибрагимов кху бIаьста ша а, кхин массех а Нохчийчуьра интеллигент вадавалле. Пхеа-ялх дийнахь тIе ондда Iаткъам а бина, дIахийцира уьш.

Ибрагимовца цхьаьна вигина хилла яздархо-историк Дедиев Абубакар, шаьшшийъ Кадыровна тIе а кхачийна, къурд олучу процедурах чекхваккхарцана ведира махкара. Ткъа ца вада чIагIвеллачу Ибрагимовна психиатрия яьккхина дуьхьал.

Бутт баьккхина цо Соьлж-ГIалахь кхетамах тиллачу нехан хIусамехь. Ткъа цул хьалха вигира ХIинжа-ГIалапсихиатршна тIе зен, цара хIара могуш-маьрша ву аьлла жоп даийтина хIинца. Хаттар хIоттало, хIун даьллачунна баттахь кхаьбна Талламан комитето хьекъалх тиллачийн хIусамехь. Ибрагимов: Амма жоп дац. Цахиларал совнаха, ала дац Ибрагимов Ризван маьрша вуьтур ву – дов ду цунна дуьхьал, экстремизмаллехь, национализмаллехь толлуш айдина.

Хина ши тIадам санна цхьаъ ду ГIирмехь Умеровна а, Нохчийчохь Ибрагимов Ризванна а дуьхьалдеттар. Ибрагимовс иштта двозуьйту шена духьалдаьккхина бехктакхаман дов.

Ибрагимов: «Суна духьалъеттарг бехктакхаман кодексан 282 артикл ю. Иза леррина, лелориг а кхетош, къаьмнашна юкъа питана тасарца йоьзна ю. Юьхьанца дацара бахьана со жоьпалле ваккха. Цундела Гуьмсера цхьана йоIе кехат яздайтина со бехкевеш. Цул тIаьхьа ХIинжа-ГIала экспертизе вигира. Амма со цхьанненна а лийна вац. Соьгара даккха вониг а дац. Ас теллинарг вайн къоман истори ю".

Советан Iедал доьхна заманаш евлла. Хеталора цуьнан сибаташ хьашт дац Оьрсийчоьнна, уьш юхадогIур дац – цигахь бара бIеннашкахь псиатршкахула хьерабевлличийн декъа а бигина чохь бахкхош тутмакхаш. Изза сурт ду тахана юхахIуттург.

Бакъду, цхьабосса, бIаьргаш а хьаббина, муьтIахь ца хьийза цкъачунна психиатраш. ХIинжа-гIаларчу лоьрийн доьналла тоьана Ибрагимов Ризван могуш ву аьлла экспертиза ерзо. Ткъа Умеровх жоп муха хир ду Симферополехь хууш дац цкъачунна. Тоьаррий-те цигарчу лоьрийн майралла гIезалойн лидер хьекъалх тилла вац аьлла, Талламан комитетна новкъарло ян? Церан жоьпе ладоьгIу тахана гIирмахочух доглозучара. Оццу жоьпах дозу хIинца оьрсийн лоьраш Гиппократна хьовха, нийсонна а муьтIахь хила биина дуй. Ткъа кхин а деза ду Оьрсийчоьнан хьелашкахь коьртачу хаттаро доьху жоп: луррий-те психиатрша Iедалан кара цо мостагIий кегбеш яхначу заманахь говза шен карахь лелийна мукъ?

XS
SM
MD
LG