ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"...Хьо йоцуш хилча, со мича гIур вара, мича?"


Исбаьхьаллица гергарло долчара а, говзанчаша а даре а деш, нохчийн литературана цхьа шатайпа керла цIий-гIор хилла гучубевллачу дешан говзанчех цхьаъ ву тахана Германехь ваха "кхаж" баьлла Бисултанов Апти. Гуьйренан хьалхарчу дийнахь вина де билгалдаьккхина поэта

Бисултанов Апти винчу денна лерина цуьнан кхоллараллех хастаме дийца хьашто ю аьлла а ца хета. МаьIне дешнаш лоьхуш къахьега а ца оьшуш, цуьнан байталло хадабо Аптин мах, йовзуьйту вайнехан синмехаллаш а, нохчашна лераме а, деза а мел хилларг.

Ма-дарра аьлча, вайнехан шатайпаналла, гIиллакх-Iадаташ, ламасташ довзу луучунна дика къилба ду Бисултанов Аптин байталла.

Цуьнан еккъа цхьана байто, дешархо ойлане а воккхуш, мацах, мацах хилларг карладоккхуш, херца тарло къаьхьа-лазаме а, мерза-толаме а историн агIонаш, заманан тархаш.

Оцу ойла-хьажамна тIе юкъ-кара «мухIар» тухуш, ас Аптин цхьа байт бен ялор яц сайн къамелехь. Кест-кеста дош лур ду яздархошка.

Десачу гуьйна тIе меца пхьуй санна,кIецаш еш хьан кIентий гуллучу дийнахь

Сан илли дIадоьду ,гила борз санна,акхачу хьаннашкахь лазамна угIа.

Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча, со мича гIур вара, мича?!

1980-чу шерашкахь Бисултанов Апти волалуш, "кога воьдуш" теш хиллачех цхьаъ ву байтанча, хьехархо Цуцаев Iалавди.

Нохчийн исбаьхьаллин литературе хIун деъна Аптис хьуна хетарехь, хаьттича цуо элира.

Iалавди: «Цуьнан кхоллараллин и волалуш дуьйна а теш хилла ву со. Ас хIетахь дуьйна тидам бир-кх ас «хIара-м йоккха гражданан тематика йолуш поэт хила новкъаваьлла ву» аьлла. ТIаьхьо лаккхарчу басаршца цо язьечу байтех, оцу цхьана яздархочо ма-аллара, дикачу хьегарца хьега а хьегна ша цуьнан байтех элир-кх цхьамма.

Со цецвийлина Аптис нохчийн маттах говза,дош ловза а деш пайдаэцарх».

Апти синхааман турпалхочун башхаллех цхьаъ лара йогIу цо хьулам ца беш, хIара товш дарий дацарий аьлла ца Iаш бакъдолчух хьулам ца беш дийцар. Цундела а вуьсу иза эзарнийн дегнашкахь ваха а, синтеме, хьааме ойла а дебош:

Карраш зе гIевттинчу майданийн койша устазаш наьIалтах багочу дийнахь,

Сан илли дIадоьду сира сай санна,тарханийн назмане ладоьгIуш латта.

Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,со мича гIур вара, мича?!

Дахарехь а, поэзехь а Апти «кIантстаг» волчу хена а дуьйна а иза вевзаш хиллачу цуьнан накъосташа даре дарца Бисултанов нохчийн исбаьхьаллин литературан цхьа керла, беркате, чулацаме, мехала тулгIе ю. Бексултанов Муса ву вистхуьлуш..

Муса: «Бисултанов Аптис хIун дина ас эр ду-кх сайна хетарехь. Апти байталлехь хаза нехан санна лиризм ю-кх.Лирика,дукха кIорга философи а йоцуш лирика лакхаяьккхина. Цхьа къамел а доцуш, цо кхечу поэташа тидаме ца эцначу вастех, дустарех…пайдаэцна. «Нана хьан сагIа юкъаха дисина аьлла,пIераска вайн цIенна пебетта даьлла», «Муьрг-цIийх Iеначу нохчийн хьаннашкахь…» И ду, дукха ду цуьнан ишта басарш…»

Поэтан синхааман турпалхочун васт, лаьттах богIабелла го дуьне санна боккха нана-чхьаьрнах тера возавелла ву шен къомах а, махках а. Цундела цуьнан доглазар а ду шатайпа, кхечарех тера доцуш…

Курхалчаш гIазотан байракхаш ловзош, къомах кхаж тарбелла хьийзачу дийнахь

Сан илли дIадоьду, IиндагIа санна, еллачу ярташкахь хьан серло леха.

Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча, со мича гIур вара, мича?!

Бисултанов Аптис нохчийн байталла битаме, куьце ялаярал сов, иза хила хьакъдолчу, хила йогIучу кепе ялийна лоручех ву байтанча-гочдархо Хатаев Хьусайн.

Хьусайн: «Бисултанов Аптис, соьга хаьттича, дуьххьара, байталлин гIиллакх лардеш, болх муха бан беза гайтина. Кхин цхьа хIума а цунах лаьцна ца дийцича а иза бу боккха кхиам. Цул хьалха массара а и мукъам ларбеш, ца ларбеш, чаккхенаш ловзош, ца ловзош хIума лелийна.

Оцуьнца лара ца белла нохчийн бу боху байтанчаш а. Аптин дIадаккха а, тIетоха а хIума а доцуш мукъам а бу, чаккхенаш а ловзайо. Техника агIо ю ас юьйцург. Ала хIума доцуш лирахо а ву Апти. Дика некъ баьккхина стаг ву…»

Хьал ца хуучунна, ойланан кIорге ястарехь охIла воцчунна «гома» хета а тарлуш, Аптин турпалхочуо «Iорадоху сакхташ» а ду дарбанан хьу йолуш,дарбане сатесна.

Кхоаме, тишачу барзакъе санна,халкъ шайн лайн амалшка хьоьжучу дийнахь

Сан илли дIадоьду, къена мурд санна, бицбинчу бIан новкъахь гIароллехь латта.

Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча, со мича гIур вара, мича?!

Бисултанов Апти а, цуьнан кхолларалла а дика евзачех, ша дуьйцург а хууш, исбаьхьаллин дош ахкаме дилла хуучех ву махкахь дика вевзаш волу байтанча, Iилманча Яралиев Юсуп. Цо санна говза кхечуьнга ала а лур дуй те аьлла, хьахийра цо Аптин а, цуьнан байталла а.

Ма-дарра даладо ас Юсупан дешнаш: "Бисултанов Апти пхьар ву. Дешан пхьар. Поэзин пхьалгIахь дош къаго хууш. Поэзин махкахь шен цIахь ву иза. Нагахь поэзи поэтан цIа делахь, поэт оцу цIийнан да велахь, поэзин цIийнан дан ма-дезза дола дан хууш, дика да ву Апти.

Ахь хоьтту: «ХIун деъна нохчийн исбаьхьаллин литературе Аптис? Ас хьуна жоп ло: «Нохчийн исбаьхьаллин литературе Аптис говза дош деъна. Байташ язьеш волчу стагна хаьа и бохург хIун ду.

Дешан мах хадо-м уьш язьеш воцчунна а хаьа. Амма и кхин ду. Шен синхааман турпалхочун сурт-сибат кхачаме гайта хьуьнар долуш, шен белхан охIла ша хилар гайта хууш говза дешан пхьар ву Апти. Иша ишта дуй, поэтан стихаш ешча хаа а хаьа, ган а го. Цуьнга ладоьгIча муххале а. Поэтан сан кхехкаш хуьлу, амма муьлх-муьлхачу поэте, шен байташ йоьшуш, гайта ца ло шен син кхехкар. Аптига гайтало».

Ишта яздина Бисултанов Аптин кхоллараллех Яралиев Юсупа.

Сан лаам бац цул тIаьхьа кхин хIумма ала,тIетоха а. Ас сайн къамел дерзадо юьххьехь дуьйна а йолинчу байтанца:

Хьо йохка Iеминчу къуйн стешха кIезий баьччанийн ловзарех ловзучу дийнахь

Сан илли дIадоьду, аьрзуно санна, хьан некъийн хIора сиз бIаьрсица къийла.

Нохчийчоь,хьо йоцуш хилча,со мича гIур вара,мича?!.

XS
SM
MD
LG