Пийлан даьIахкаш йохка-эцар Iедалша шайн Iуналлехь латтош ду, цундела карарчу хенахь вуно мехала йевлларш мамонтан кIомсарш ю – коьртачу декъана Китай экспорт ян. Цу гIуллакхо ден дина ширачу заманахь адамаш лелийна хилла «мамонташна талла» эхар. Генарчу къечу Оьрсийчура ярташкахь гучубевлла долларан миллионераш.
Мамонтийн кIомсарш лоьхучу наха шаьаш туп тоьхначу метте вигира Маршо Радион корреспондент Чаппл Эймос, цо ша и меттиг а, ша цига вигинчу нехан цIераш а цхьанне а юьйцур яц аьлла дош делча. Цуьнан бахьана хууш ду. Мамонтийн кIомсарш лехар къайлаха деш ду, ткъа шаьш уьш лоьхуш болу нах я полицин белхахойх лечкъаш лелаш бу, я меллачура басталуш бац.
Тундран аренашкахь ехаш хилла кхакхан мамонташ шенан периодехь, вайн зама тIекхачале 100 000 – 10 000 шо хьалха.
ДаьIахкаш лоьхучу наха хи узу, гIорийна Iохку Iовраш а яшош, шайн Iалашонна тIекхача.