ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дакъазаллин некъ: Нохчийчоь - Брест - Полша


Масех кIира а ду Беларусерчу Брестаний, Полшиний юккъерчу дозанехь бIеннашкахь нохчийн мухIажарш гулбелла. Европе кхача новкъабевлла болу уьш полшхойн дозалардарзоша сехьа ца бовлуьйту. Цу хьокъехь Венерчу Полшин векалтана хьалха митинг хIоттийра Австрехь бехачу вайнаха.

КIиранашкахь Полшин дозалардархоша шайн пачхьалкхе дехьа ца бовлуьйтуш Беларусерчу Бресте юхахьежор бахьана долуш бIеннаш а, цхьаццадолчу деношкахь эзарнаш а нохчийн мухIажарш баланаш хьоьгу масех бутт а бу.

Амма кIира хьалха цу гIад дайначу наха дозанна уллохь туш а тоьхна, митинг хIоттийча бен цаьргарчу хьолан терго ца йира я хаамийн гIирмаша а, я шина пачхьалкхан – Беларусин, Полшин – хьукматхоша а. Шина дийнахь митингехь шайгара баланаш кхайкхабеш лаьттинчу мухIажарша резадацаран акци саца а йина, уьш дIасабевллехь а, амма дIа ца яьлла церан проблема.

Дийнахь, мел дукха а, 4-5 доьзал бен полшхойн дозанхоша дехьа бовлуьйтуш ца хиларна, ткъа Нохчийчуьра дела денна Бресте доза хадон дагахь схьаоьхуш керла-керла доьзалш хиларна, алсам далар бен лахлуш дац цу гIаларчу цIерпоштан вокзалехь гулбеллачу нохчийн мухIажарийн терахь.

Зударий а, бераш а, лазархой а, къаной а – цхьаммо а еш терго а йоцуш, шаьш цIера арадовлуш шайн карахь хилла шайнаш кхачаяллалца юх-юха а Полшерчу Тиресполе йоьдучу цIерпоштана билеташ а ийдеш, сатийсамца хан йоккхуш бу и нах цигахь. Маршо радионо массийтаза а дийцина ма-хиллара. Ткъа и сатийсам кхаба цкъачунна гуш бахьана дац.

Цу хьелашкахь Австрерчу нохчийн диаспорин векалш арабевллера шинари дийнахь меттигерчу Полшин векалтана хьалха митинг ян. ЦIера бевдда Европе бахка арабевллачехь ах новкъахь бисинчу махкахошна белшаш гIорторхьама, Полшин векалийн тидам цу хьолана тIебахийтархьама а гулделла шаьш цу митинге бохуш дийцира Венехь вехачу нохчийн юкъараллин жигархочо Никархо ИбрахIима.

Никархо: „Оцу Беларусин, Полшин дозанехь гулбеллачу нахана тIе хIоьттина долу хьал хиина, ткъа уьш вайн нохчийн адамаш хилар а, царна вайга далуш долу гIо дан вай декхарийлахь хилар а тидаме а эцна, митинге дахнера тхо.

Вайн Полшица цхьа а дов а дацара, Полша вайн махкахошна даима а орцах яьлла а яра, вуно дукха мухIажарш вайн махкара тIеэцна а, шайн дозанехула тIехвбойлитина а мохк а бара, цу хьоле хьовсахьара шу аьлла кхайкхам бар тхан. Тхаьш даьхьана долу гIуллакх яздина официале кехат а делира оха Полшин Австрерчу векале. Цо иза ша Варшаве дIа а кхачор ду, цунах долу жоп тхуна довзуьйтур а ду элира“.

Кхин дIа йолчу Европерчу пачхьалкхашкахь бехачу нохчийн мухIажарша а иштта Полшин , Беларусин дозанехь совцийна, некъ боьхначу махкахошца солидаралла гайтинехь дика хир дара аьлла хета ИбрахIимна. Ткъа цу Брестехь кхолладелла кIоршаме хьал цхьана агIор дайдаллалца Нохчийчуьра карарчу хенахь дIабаха новкъабуьйлучара сатоьхча церан кIезгоха баланаш хьега а, кIезгоха зенаш дан а дезар дара аьлла тешна ву иза.

Никархо: „Нах шайна цхьа маршо лоьхуш, цхьана хIумнах бевдда схьабогIуш ма буй. Делахь а, царна юккъехь Iедалера кхерам а боцуш, жимма собар дан йиш йолуш берш, уьш цкъачунна цига схьа ца гIерташ сацахьара аьлла дехар дийр дара ас, цигара хьал жимма цхьалхадаллалца.

Ткъа кху Европехь бехачу нохчаша кхечу мехкашкахь а шаьш дол-долчехь Iедалшна дIагайтича дика хир дара, шаьш цу гIуллакхана саготта хилар. Цигахь кхин дан дезаш доккха хIума а дац, ара а бевлла, оцу векалташна хьалха цхьацца митинг а, демонстраци а йичахьана“

Цу юкъана нохчийн мухIажарш Брестехь дехьа ца бовлуьйтуш цара цигахь йоккхучу ханна масех бер дуьненчу даьлла цу гIалин цIерпошта вокзал чохь. Цу гакешна берийн цамгарш цаьрца хиларна кхоьруш а, ткъа царех эпидеми а яьлла, кхиндолчу берех дIакхетарна кхоьруш а, къона наной а, церан бераш а ша къастийначу лоьрийн цIеношка буьгу бохуш яздо Беларусерчу хаамийн гIирсаша.

XS
SM
MD
LG