Iийд ал-Адхьа, нохчийн маттахь аьлча, гIурбан Iийда бусалбачийн коьртачех дезде ду. Цу дийнахь Макка хьажийн цIа баханчеран хьаж чекхдолу.
КъурIан чохь ас Саффат сурин аяташкахь дуьйцуш гIурба дарах а, цуьнан баххех а лаьцна. Дала массо а пайхамарашна юккъехь шен ДоттагI ву аьлла цIе тоьхна цхьаъ бен воцучу ИбрахIим пайхамаре, Делан салам хуьйла цунна, Дала сагIа даккха аьлла омра деш даийтинчу Джабраил малико хаам бина хилла, бусалба динан дийцаршкахь билгалдаьккхина ма-хиллара, шен кIант сагIийна вер тIедожош хилар хаийтинера цуьнга.
Къона къанлуш тIаьхье йоцуш, деле кIант воьхуш хьеставеллачу ИбрахIим пайхамарна Дала иза къанвелла, гIора дайна висинчу дийнахь дина долу доккха совгIат, цуьнан кIант ИсмаьIал хилла сагIина вен кхаж баьлларг.
ТIаккха ша Кхоьллинчун муьлха а дош кхочуш дан кийчачу пайхамаро Мина олучу басе а ваьлла, цигахь гIурбанна кечамаш бан иза хIоттича, цуьнан кIант ИсмаьIал а, шен дена а, Далал муьтIахь ша хилар довзийтина волу, кийча хилла ша закъалте вайта.
Ткъа ИбрахIим пайхамар зуьш хиллачу, цуьнан шена муьтIахьалла гиначу Дала тIаьхьарчу мIаьргонашкахь ИсмаIална метта бен уьстагI баийтина. Иза ду КъурIан аятехь „Оха тIаккха цуьнан закхалт кхин а гIолехьчуьнца хийцира“ аьлла дуьйцуш дерг.
ХIетахь дуьйна доллучу бусалб дуьнено Закъалтан Iийда, я гIурбан Iийда бохучу цIарца даздо и де. Даздо иза иштта Европехь бехачу бусалбачу наха а, царна юккъехь вайнаха а. Цхьаболчара, олуш ма-хиллара, классикан хьесапехь, гIурбана магийначу дийнатан урс хьакхарца, юха цунах даьлла жижиг гIийла-мискачарна дIасадекъарца билгалдоккху и де, вукхара пайда алсамох муха бер бара бохург дуста а дустий, тIемаша я къелло хьийзочу кху лаьттан регионашка ахча хьажадо, цигахь меттехь гIурба дайтархьама.
Ша-башха Iадат а хилла дIахIоьттина Европехь уггаре алсамох нохчи бехачу Австрехь хIора а гIурбанна меттигера вайнах Вена шахьарехь Дунай хина уллохь Iуьллучу аренахь гулбалар, сагIех а кхеташ, вовшех марзо а оьцуш. Коьрта Iалашо цу гулбаларийн нохчийн берашна гIурбан Iийда дезде хилар довзийтар а, нехан вовшашца йолу уьйранаш, тIекаро а чIагIйар а ю бохуш дийцира Маршо радионе кху шарахь а Iийдан кечамбарашна хьалхаваьллачу Венерчу Нохчийн, гIалгIайн кхеташонан куьйгалхочу Мусалатов Шайхис.
Мусалатов: „Вена шахьарехь оха кху тIаьхьарчу масех шарахь гIурба деш ду, тхайна юккъехь гIийлачарна дIаса а доькъу оха уьш. Цул совнаха, стохка а, лурчаха а санна, кху шарахь а кху гIалахь бехаш болу вайнах кхаари дийнахь вовшах а кхетта, сагIах а кхеташ, берашна цхьацца совгIаташ а деш, цхьаьна хаза марзонца де даккха дагахь а ду тхо“.
Зуль -хьидж беттан гIурбан Iийда тIекхачале тIаьххьара итт дийнан хьурматан мархаш кхобуш а бара Европехь бехачу вайнахалахь дуккхаъ. Къаьстина хьажийн цIа баханаргш Iарпа-лам тIебовлучу дийнахь иза кхабар деза хиларна и де лар а деш. Германера Тимербулатова Зулихан а ю царна юккъехь. Цо дуьйцу.
Тимербулатова: „Уггаре а хьалха массо а махкахойн декъал бан луур дара суна, Дала къобал дойла вайн сагIа а, вайн гIурбанаш а. Ткъа гIурба даран хьал Германехь муха ду аьлча, I50 еврох богIу кхузахь гIурбан уьстагI. Иза бийча, Iелим наха ма-хьехара, кхаа декъе бекъа а бекъна, ши дакъа гIийлачарна дIасадоькъу, кхозлагчу декъах тхайн доьзалехь пхьор до“.
Бежнан я уьстагIан урс хьакхарх долу низамаш хIора а Европерчу пачхьалкхахь вовшашна къаьсташ хиларна а, дукхахйолчу меттигашкахь Iедало вуно шогачу критерешца дийнат деран хьелаш билгалдаьхна хиларна а Австрерчу бусалбачара доккхачу декхеъь луларчу мехкашкахь, цу хIуманна тIехь низамаш мелла а либерале долчохь хьайба ден а доьй, схьадахьа бохуш дийцира Австрерчу нохчийн-гIалгIайн Кхеташонан куьйгалхочо Мусалатов Шайхис.
Дуьне мел ду дIасабаьржинчу махкахойн гIурбанаш къобал а деш, Мусалатов Шайхис кхин цкъа а билгалдаьккхира, тIедогIучу кхаарий дийнахь, Iуьйранна дуьйна маьркIаж ламазан хан кхаччалца Венерчу Дунай хи йистехь грил-плат олучу меттехь меттигера нохчи гIурбан хьурматана вовшашкхеташ хилар. Бераш а, зударий а, къена а, къона, гIурбан сагIа кхета а луург массо а цига маьрша вогIийла и гулам вовшахтухуш берш лууш хилар а довзийтира цо.