ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулаев Мохьмад. ЙоIIий, зезаггий


Сулаев Мохьмад

ЙоIIий, зезаггий

ХIун ницкъ бу, алахь,
Органан йисттехь
ХьалагIертачу
Цу зезаган, ахь?
Хаьа суна, гIаттахь
Мох жимма а чехка, -
БIаьрг тоххал цуьрг а
Дуьсур дац цунах.

ХIетте а дIора,
КIудал белшах тесна,
Мел ас дехарх
Соь ца сацалуш,
Яьлла яхна йоI
Цо, шен нур тIехецна,
Шега хьежа саций,
Суна гуш.

ХIун дуьйцу-те
Оцу шиммо хIинца?
Сох доьлу-те
КIайн чоьш а сан гина?
Я, сан бала боцуш,
Дагардийца дисна,
Вовшех хьаьгна,
Вовшийн девзина?

ХIун гергарло ду-те
Къайлах церан?
Маца дуьйна и
Схьадог Iуш ду?..
Хууш дац и,
Амма массо хенахь
Хазалла хазалле
ГIерташ ю.

Гоьваьлла нохчийн яздархо а, байтанча а Сулаев Мохьмад (1920 - 1992) вина 1920-чу шеран гезгмашин-беттан 20-чу дийнахь ГIойтIахь. 1941-чу шарахь Мохьмада чекхйоккху Бакура лоьрийн институт. Лоьралла а, яздархочун болх а цхьаьна дIакхийхьира цо. М.Сулаевс дуьххьарлера шен байташ язйира 1935-чу шарахь. Кхоллараллин хьалхара мур чекхболу 1943-чу шарахь «Малх тоьлур бу» поэма язъярца. 1958-чу шарахь «Безаман эшарш» цIе йолу стихийн гулар араяларца дIаболало поэтан кхоллараллин керла мур. ХIетахь дуьйна цо арахоьцу поэзин, прозин дуккха а книгаш: «Велларг денвар», «Даймехкан зIаьнарш», «Товсолта ломара дIавоьду», «Дагчуьра суйнаш», «Бакъдерг», «Адамалла», «Сирла суьйре»… Поэтан кхалхар хилла 1992-чу шарахь.

XS
SM
MD
LG