Гуьржийчуьрчу ПIаьнгазахь школашкахь 5-6-чу классашкахь таро елла берашна нохчийн мотт хьеха. Берийн дай-нанойн дехар кхочушдарца юкъадаьккхина мотт хьехар. 1830-чу а, 1870-чу а шерашкахь нисделла нохчийн-кистойн ПIаьнгаза баха дIакхалхар.
Кистой боцурш а, оцу чIожехь беха шолгIа тIом бирзинчул тIаьхьа мухIажирш бевлла Нохчийчуьра бахархой а. Болчу хаамашца, дахначу шарахь дуьйнна дешаран министралле дехарш дора бахархоша нохчийн меттан сахьташ юкъадахар тIедожош.
ТIедогIучу шарахь Гуьржийчоьнан дешаран, Iилманан министраллин Iалашо ю, Паьнказарчу школашкахь гуьржийн-нохчийн меттан киншкашца кхачам бан, аьлла яздо гуьржийн «WAY» радион сайтехь.